Мусхаф., агӏо 115
-
سَمَّاعُونَ لِلْكَذِبِ أَكَّالُونَ لِلسُّحْتِ ۚ فَإِنْ جَاءُوكَ فَاحْكُمْ بَيْنَهُمْ أَوْ أَعْرِضْ عَنْهُمْ ۖ وَإِنْ تُعْرِضْ عَنْهُمْ فَلَنْ يَضُرُّوكَ شَيْئًا ۖ وَإِنْ حَكَمْتَ فَاحْكُمْ بَيْنَهُمْ بِالْقِسْطِ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُقْسِطِينَ
ЛадоьгIурш бу уьш харцдолчуьнга‚ юурш бу уьш хьарам мел ерг. Уьш хьо волчу багIахь‚ хьукам де царна юккъехь‚ я дIаверза царах. Хьо царах дIавирзича‚ хIумма зен дийр дац цара хьуна. Айхьа хьукам деш‚ нийсонца хьукам де царна юккъехь. Баккъалла а, Далла беза нийсо лелораш
5:42 -
وَكَيْفَ يُحَكِّمُونَكَ وَعِنْدَهُمُ التَّوْرَاةُ فِيهَا حُكْمُ اللَّهِ ثُمَّ يَتَوَلَّوْنَ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ ۚ وَمَا أُولَٰئِكَ بِالْمُؤْمِنِينَ
Хьоьга хьукам муха дойту цара? Цаьргахь Таврат ма дуй‚ шена чохь Делан хьукам долуш! ТIаккха цул тIаьхьа а дIабоьрзу уьш /Делан некъах/ – бац уьш муъмин нах
5:43 -
إِنَّا أَنْزَلْنَا التَّوْرَاةَ فِيهَا هُدًى وَنُورٌ ۚ يَحْكُمُ بِهَا النَّبِيُّونَ الَّذِينَ أَسْلَمُوا لِلَّذِينَ هَادُوا وَالرَّبَّانِيُّونَ وَالْأَحْبَارُ بِمَا اسْتُحْفِظُوا مِنْ كِتَابِ اللَّهِ وَكَانُوا عَلَيْهِ شُهَدَاءَ ۚ فَلَا تَخْشَوُا النَّاسَ وَاخْشَوْنِ وَلَا تَشْتَرُوا بِآيَاتِي ثَمَنًا قَلِيلًا ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْكَافِرُونَ
Баккъалла а, Оха охьадоссийна Таврат /Мусага/‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш. Цуьнца хьукам до жуьгташна /Делан гIуллакхна/ муьтIахь хилла болчу пайхамараша а‚ /цуьнца хьукам до/ раббанаша а‚ ахьбараша а Делан жайнах шайна Iалашдина хиллачуьнца‚ уьш хилира цу тIехь тешаш. Шу нахах ма кхера‚ шу кхера Сох‚ ма дохка Сан аяташ кIеззигчу мехах. Дала доссийначуьнца хьукам ца деш берш –уьш керстанаш бу (и Делан хьукам ца дезаш я нийса ца лоруш белахь)
5:44 -
وَكَتَبْنَا عَلَيْهِمْ فِيهَا أَنَّ النَّفْسَ بِالنَّفْسِ وَالْعَيْنَ بِالْعَيْنِ وَالْأَنْفَ بِالْأَنْفِ وَالْأُذُنَ بِالْأُذُنِ وَالسِّنَّ بِالسِّنِّ وَالْجُرُوحَ قِصَاصٌ ۚ فَمَنْ تَصَدَّقَ بِهِ فَهُوَ كَفَّارَةٌ لَهُ ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
Оха тIедиллина царна цу (Таврата) чохь: са – сица‚ бIаьрг – бIаьргаца‚ мара – мерца‚ лерг – лергаца‚ церг – цергаца‚ чевнаш йоькхур ю (чIир оьцур ю), аьлла. Цхьаммо гечдахь‚ и цунна кафарат (къинойх цIанвалар) ду. Дала доссийначуьнца (нийса) хьукам ца деш берш – уьш зуламхой бу
5:45
Гочдар: Магомед Магомедов