Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун)
-
يَا قَوْمِ ادْخُلُوا الْأَرْضَ الْمُقَدَّسَةَ الَّتِي كَتَبَ اللَّهُ لَكُمْ وَلَا تَرْتَدُّوا عَلَىٰ أَدْبَارِكُمْ فَتَنْقَلِبُوا خَاسِرِينَ
ХIай сан къам! Чу гIо Дала шайна /хила/ яздина долчу дезачу лаьтта (махка)‚ юха ма довла - тIаккха шу эшначаьрга ддоьрзур ду'
5:21 -
قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِنَّ فِيهَا قَوْمًا جَبَّارِينَ وَإِنَّا لَنْ نَدْخُلَهَا حَتَّىٰ يَخْرُجُوا مِنْهَا فَإِنْ يَخْرُجُوا مِنْهَا فَإِنَّا دَاخِلُونَ
Цара элира: 'ХIай Муса‚ цу чохь цхьа нуьцкъала къам ду‚ тхо даханне а цу чу гIур ма дац уьш арабовлалц цу чуьра. Уьш арабевлча цу чуьра – тхо чу гIур ду'
5:22 -
قَالَ رَجُلَانِ مِنَ الَّذِينَ يَخَافُونَ أَنْعَمَ اللَّهُ عَلَيْهِمَا ادْخُلُوا عَلَيْهِمُ الْبَابَ فَإِذَا دَخَلْتُمُوهُ فَإِنَّكُمْ غَالِبُونَ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَتَوَكَّلُوا إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Кхоьруш болчарах Дала шайна ниIмат (бакъ дин) делла волчу шина стага элира: 'Чу гIо царна неIарехула‚ шу цу чу дахча – шу тоьлла ду. Далла тIетовжа‚ шаьш тешаш делахь'
5:23 -
قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِنَّا لَنْ نَدْخُلَهَا أَبَدًا مَا دَامُوا فِيهَا ۖ فَاذْهَبْ أَنْتَ وَرَبُّكَ فَقَاتِلَا إِنَّا هَاهُنَا قَاعِدُونَ
Цара элира: 'ХIай Муса‚ тхо цкъа а цу чу гIур ма дац‚ уьш цу чохь мел бу‚ хьада хьо а, хьан Кхиош-кхобург а гIо‚ лата шу шиъ‚ тхо кхузахь хевшина Iийр ду'
5:24 -
قَالَ رَبِّ إِنِّي لَا أَمْلِكُ إِلَّا نَفْسِي وَأَخِي ۖ فَافْرُقْ بَيْنَنَا وَبَيْنَ الْقَوْمِ الْفَاسِقِينَ
Цо (Мусас) элира /Деле до деш/: 'Сан Кхиош-кхобуш волу (Дела)‚ со доладеш ма вац сан син а‚ сан вешин а бен‚ дIакъастаде тхо хIокху фасикъ къомах /Хьан нийсачу хьукамца/'
5:25 -
قَالَ فَإِنَّهَا مُحَرَّمَةٌ عَلَيْهِمْ ۛ أَرْبَعِينَ سَنَةً ۛ يَتِيهُونَ فِي الْأَرْضِ ۚ فَلَا تَأْسَ عَلَى الْقَوْمِ الْفَاسِقِينَ
Элира /Дала/: 'Царна хьарам ю иза. Шовзткъа шарахь бевлла лелар бу уьш лаьттахула. Ахь гIайгIа ма е фасикъ къомах'
5:26 -
وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ ابْنَيْ آدَمَ بِالْحَقِّ إِذْ قَرَّبَا قُرْبَانًا فَتُقُبِّلَ مِنْ أَحَدِهِمَا وَلَمْ يُتَقَبَّلْ مِنَ الْآخَرِ قَالَ لَأَقْتُلَنَّكَ ۖ قَالَ إِنَّمَا يَتَقَبَّلُ اللَّهُ مِنَ الْمُتَّقِينَ
Дийца царна Āдаман шина кIантах (Къабилах а, ХIабилах а) лаьцна бакъдерг. Хьахаде: цара шиммо а гIурба дийнера‚ цхьаннан (ХIабилан) и къобал хилира‚ вукхуьнан (Къабилан) и къобал ца хилира. Цо (Къабила) элира: 'Ас вуьйр ву хьо'. Цо (ХIабила) элира: 'Дала къобалдо /Делах/ кхоьруш болчеран
5:27 -
لَئِنْ بَسَطْتَ إِلَيَّ يَدَكَ لِتَقْتُلَنِي مَا أَنَا بِبَاسِطٍ يَدِيَ إِلَيْكَ لِأَقْتُلَكَ ۖ إِنِّي أَخَافُ اللَّهَ رَبَّ الْعَالَمِينَ
Ахь суна хьан куьг айдахь со вен‚ ас айдийр ма дац сан куьг хьо вен. Баккъалла а, со кхоьру Делах‚ Iаламийн Дех
5:28 -
إِنِّي أُرِيدُ أَنْ تَبُوءَ بِإِثْمِي وَإِثْمِكَ فَتَكُونَ مِنْ أَصْحَابِ النَّارِ ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الظَّالِمِينَ
Суна лаьа хьо верза /Далла тIе/ сан къица а‚ хьан къица а – тIаккха хьо хир ву (жоьжахатин) цIеран дайх (цхьаъ). И бу бекхам зуламхошна'
5:29 -
فَطَوَّعَتْ لَهُ نَفْسُهُ قَتْلَ أَخِيهِ فَقَتَلَهُ فَأَصْبَحَ مِنَ الْخَاسِرِينَ
Хаздира цунна шен сино шен ваша вен‚ цо (Къабила) и (ХIабил) вийра‚ – и хилира эшначарех
5:30 -
فَبَعَثَ اللَّهُ غُرَابًا يَبْحَثُ فِي الْأَرْضِ لِيُرِيَهُ كَيْفَ يُوَارِي سَوْءَةَ أَخِيهِ ۚ قَالَ يَا وَيْلَتَا أَعَجَزْتُ أَنْ أَكُونَ مِثْلَ هَٰذَا الْغُرَابِ فَأُوَارِيَ سَوْءَةَ أَخِي ۖ فَأَصْبَحَ مِنَ النَّادِمِينَ
Дала къиг яхийтира латта охкуш цунна гайта‚ муха хьулдо шен вешин дакъа. Цо элира: 'ОхI‚ ма дакъазваьлла со‚ цу къийгах тарваллал‚ хьулдан /ца хууш/ сайн вешин дакъа'. И хилира дохкобевллачарех
5:31 -
مِنْ أَجْلِ ذَٰلِكَ كَتَبْنَا عَلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ أَنَّهُ مَنْ قَتَلَ نَفْسًا بِغَيْرِ نَفْسٍ أَوْ فَسَادٍ فِي الْأَرْضِ فَكَأَنَّمَا قَتَلَ النَّاسَ جَمِيعًا وَمَنْ أَحْيَاهَا فَكَأَنَّمَا أَحْيَا النَّاسَ جَمِيعًا ۚ وَلَقَدْ جَاءَتْهُمْ رُسُلُنَا بِالْبَيِّنَاتِ ثُمَّ إِنَّ كَثِيرًا مِنْهُمْ بَعْدَ ذَٰلِكَ فِي الْأَرْضِ لَمُسْرِفُونَ
Цуьнан дуьхьа яздира Оха Исраилан кIенташка: са дийнарг‚ сина дуьхьал а я лаьттахь лелочу вочу хIуманна дуьхьал а доцуш‚ массо а нах байинарг санна ву. И дендинарг – массо а нах денбинарг санна ву. Цаьрга баьхкина Тхан элчанаш билгалонашца (Делан аяташца)‚ тIаккха, баккъалла а, дукхаберш царах цул тIаьхьа а лаьттахь тIаламза (Делан дозанал тхбовлурш) ма бу
5:32 -
إِنَّمَا جَزَاءُ الَّذِينَ يُحَارِبُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَسْعَوْنَ فِي الْأَرْضِ فَسَادًا أَنْ يُقَتَّلُوا أَوْ يُصَلَّبُوا أَوْ تُقَطَّعَ أَيْدِيهِمْ وَأَرْجُلُهُمْ مِنْ خِلَافٍ أَوْ يُنْفَوْا مِنَ الْأَرْضِ ۚ ذَٰلِكَ لَهُمْ خِزْيٌ فِي الدُّنْيَا ۖ وَلَهُمْ فِي الْآخِرَةِ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Делаца а‚ Цуьнан элчанца а тIом беш болчеран а‚ лаьттахь боьханиг даржо гIертачеран а бекхам бу уьш байар‚ я ирхъохкар‚ я церан куьйгаш а‚ когаш а хедор дуьхь-дуьхьал дерш ‚ я махкара арабахар. Иза царна дуьненахь а сийсаза хилар ду‚ эхартахь царна деза-доккха долу Iазап ду
5:33 -
إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا مِنْ قَبْلِ أَنْ تَقْدِرُوا عَلَيْهِمْ ۖ فَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Шу шайна тIедерзале (шаьш жоьпе озадале) тōба дина боцурш. Шуна хаалаш, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а вуйла
5:34 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَابْتَغُوا إِلَيْهِ الْوَسِيلَةَ وَجَاهِدُوا فِي سَبِيلِهِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цунна /муьтIахь хиларца, Iибадат дарца/ гергадало некъаш лехалаш‚ Цуьнан дуьхьа къийсам латтабелаш – шу даккхийдеда там бу
5:35 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ أَنَّ لَهُمْ مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا وَمِثْلَهُ مَعَهُ لِيَفْتَدُوا بِهِ مِنْ عَذَابِ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَا تُقُبِّلَ مِنْهُمْ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Баккъалла а, керстанашна лаьттахь мел дерг а‚ цуьнца кхин и саннарг хилча а къематдийнан Iазапна дуьхьал дала /цунах кIелхьардовлархьама/ – къобалдийр дацара цаьргара. Царна лазош долу Iазап ду
5:36 -
يُرِيدُونَ أَنْ يَخْرُجُوا مِنَ النَّارِ وَمَا هُمْ بِخَارِجِينَ مِنْهَا ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ مُقِيمٌ
Луур долуш бу уьш цIергара арабовла‚ бевр бац уьш цу чуьра ара. Царна /гуттар/ лаьтташ долу Iазап хир ду
5:37 -
وَالسَّارِقُ وَالسَّارِقَةُ فَاقْطَعُوا أَيْدِيَهُمَا جَزَاءً بِمَا كَسَبَا نَكَالًا مِنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Къу, боьрша стеган а‚ къу зудчун а, – дIахедаде церан шиннан а куьйгаш цара лачкъийначунна дуьхьал бекхамна, Делера таIзарна. И Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву
5:38 -
فَمَنْ تَابَ مِنْ بَعْدِ ظُلْمِهِ وَأَصْلَحَ فَإِنَّ اللَّهَ يَتُوبُ عَلَيْهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Шен зуламал тIаьхьа тōба динарг а‚ тIаккха дика Iамалш йинарг а, – баккъалла а, Дала тōба къобалдийр ду цуьнан. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву
5:39 -
أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ يُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ وَيَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Хьуна ца хаьа, и Дела хилар стигланийн а‚ лаьттан а долалла Шегахь долуш? Шена луучунна Iазап до Цо‚ Шена луучунна гечдо. И Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву
5:40
Гочдар: Магомед Магомедов