Мусхаф., агӏо 116

  1. وَقَفَّيْنَا عَلَىٰ آثَارِهِمْ بِعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ ۖ وَآتَيْنَاهُ الْإِنْجِيلَ فِيهِ هُدًى وَنُورٌ وَمُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ وَهُدًى وَمَوْعِظَةً لِلْمُتَّقِينَ

    Царна тIаьххье ваийтира Оха Марьяман кIант Iийса‚ бакъдеш шел хьалха хилла Таврат. Цуьнга делира Оха Инжил‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш‚ ша бакъдеш долу шел хьалха хилла Таврат‚ ша нийса некъ а, /Делах/ кхоьруш болчарна хьехам а хилла долу

    5:46
  2. وَلْيَحْكُمْ أَهْلُ الْإِنْجِيلِ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فِيهِ ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Инжилан охIлано хьукам дойла шайга цу чохь доссийначуьнца. Дала доссийначуьнца хьукам ца деш берш – уьш фасикъаш бу (Далла муьтхь ца хилларш)

    5:47
  3. وَأَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ الْكِتَابِ وَمُهَيْمِنًا عَلَيْهِ ۖ فَاحْكُمْ بَيْنَهُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ ۖ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَهُمْ عَمَّا جَاءَكَ مِنَ الْحَقِّ ۚ لِكُلٍّ جَعَلْنَا مِنْكُمْ شِرْعَةً وَمِنْهَاجًا ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَٰكِنْ لِيَبْلُوَكُمْ فِي مَا آتَاكُمْ ۖ فَاسْتَبِقُوا الْخَيْرَاتِ ۚ إِلَى اللَّهِ مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًا فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

    Хьоьга /хIай Мухьаммад/ доссийна Оха жайна бакъдолчуьнца‚ ша бакъдеш шел хьалха хилла жайна‚ ша иза лашдеш а долу. Ахь хьукам де царна юккъехь Дала хьайга доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма хIотта хьайга деана долчу бакъдолчух. Шух хIоранна Оха шарI дина‚ /динехь/ билгала некъ бина (минхIаж). Далла лиъна хиллехьара, цхьана умматах дийр дара шу‚ мухха делахь а, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь (хилийтина Цо дуккха динаш). Диканашна тIехь хьалхе яккха къовса (вовшашца)‚ Деле ду шун массеран а дIадерзар‚ тIаккха дуьйцур ду Цо шуьга шун хилпалонаш шегахь хилларг

    5:48
  4. وَأَنِ احْكُمْ بَيْنَهُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَهُمْ وَاحْذَرْهُمْ أَنْ يَفْتِنُوكَ عَنْ بَعْضِ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ إِلَيْكَ ۖ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَاعْلَمْ أَنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ أَنْ يُصِيبَهُمْ بِبَعْضِ ذُنُوبِهِمْ ۗ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ لَفَاسِقُونَ

    /И доссийна Оха хьоьга омра деш/: хьукам де царна юккъехь Дала доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тIаьхьа ма ваза‚ ларло царах, хьо цара дIатилаварах цхьадолчу Дала хьоьга доссийначух. Уьш дIаберзахь‚ хьуна хаалахь, Дела лууш хилар уьш балане лаца церан цхьадолчу къинош бахьанехь. Баккъалла а, нахах дукхаберш фасикъаш ма бу

    5:49
  5. أَفَحُكْمَ الْجَاهِلِيَّةِ يَبْغُونَ ۚ وَمَنْ أَحْسَنُ مِنَ اللَّهِ حُكْمًا لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ

    ЖехIаллин хьукамна тIетийжа уьш ткъа? Мила ву ткъа Делал хьукам хаза деш тешаш долчу къомана?

    5:50

Гочдар: Магомед Магомедов