Мусхаф., агӏо 149

  1. وَلَا تَقْرَبُوا مَالَ الْيَتِيمِ إِلَّا بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ حَتَّىٰ يَبْلُغَ أَشُدَّهُ ۖ وَأَوْفُوا الْكَيْلَ وَالْمِيزَانَ بِالْقِسْطِ ۖ لَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا ۖ وَإِذَا قُلْتُمْ فَاعْدِلُوا وَلَوْ كَانَ ذَا قُرْبَىٰ ۖ وَبِعَهْدِ اللَّهِ أَوْفُوا ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُمْ بِهِ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    Боберан даьхнина герга ма гIолаш дикачуьнца бен, и кхиъна даллалц. Терза нийса озалаш. Оха тIе ца дуьллу сина цунна ницкъ кхочург бен. Шаьш дийцахь‚ нийсо елаш (бакъдерг дийцалаш), гергара велахь а. Делаца йина ваIда кхочушъелаш. И ду Цо шуна шеца весет динарг, шу хилийтархьама ойла еш

    6:152
  2. وَأَنَّ هَٰذَا صِرَاطِي مُسْتَقِيمًا فَاتَّبِعُوهُ ۖ وَلَا تَتَّبِعُوا السُّبُلَ فَتَفَرَّقَ بِكُمْ عَنْ سَبِيلِهِ ۚ ذَٰلِكُمْ وَصَّاكُمْ بِهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ

    ХIара Сан некъ бу нийса берг – тIаьхьахIитта цунна‚ тIаьхьа ма хIитта кхечу некъашна – цара дIакъастор ду шу Цуьнан некъах. И ду шуна Цо (Дала) шеца весет динарг, шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш

    6:153
  3. ثُمَّ آتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ تَمَامًا عَلَى الَّذِي أَحْسَنَ وَتَفْصِيلًا لِكُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً لَعَلَّهُمْ بِلِقَاءِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ

    ТIаккха Мусага делира Оха жайна‚ ша диканиг диначунна /Тхан ниIмат/ кхочушдеш хилла долу‚ хIор хIуманна къастор хилла долу‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла болу- уьш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарх тешаш хила ма мегара

    6:154
  4. وَهَٰذَا كِتَابٌ أَنْزَلْنَاهُ مُبَارَكٌ فَاتَّبِعُوهُ وَاتَّقُوا لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    ХIара а жайна /Къуръан/ ду. Оха доссийна и ша беркате а долуш‚ тIаьхьахIитта цунна‚ /Делах/ кхера – шух къинхетам бан мегара

    6:155
  5. أَنْ تَقُولُوا إِنَّمَا أُنْزِلَ الْكِتَابُ عَلَىٰ طَائِفَتَيْنِ مِنْ قَبْلِنَا وَإِنْ كُنَّا عَنْ دِرَاسَتِهِمْ لَغَافِلِينَ

    Аш ца алархьама: 'Тхол хьалха хиллачу шина тобане доссийна жайна‚ тхо хилла уьш Iамарх гIопал (тхуна ца ма уьш-тхан маттахь дац уьш'

    6:156
  6. أَوْ تَقُولُوا لَوْ أَنَّا أُنْزِلَ عَلَيْنَا الْكِتَابُ لَكُنَّا أَهْدَىٰ مِنْهُمْ ۚ فَقَدْ جَاءَكُمْ بَيِّنَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ ۚ فَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنْ كَذَّبَ بِآيَاتِ اللَّهِ وَصَدَفَ عَنْهَا ۗ سَنَجْزِي الَّذِينَ يَصْدِفُونَ عَنْ آيَاتِنَا سُوءَ الْعَذَابِ بِمَا كَانُوا يَصْدِفُونَ

    Я аш ца алархьама: 'Тхоьга доссийна хиллехьара жайна – царал а нийса хилла хир дара тхо'. Еана шуьга билгало шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ нийса некъ а‚ къинхетам а. Мила ву ткъа зуламе Делан аяташ харцдечул‚ царах /нах/ дIатилинчул? Бекхам бийр бу Оха Тхан аятех /нах/ дIатилинчарна вочу Iазапца цара уьш тилош хилар бахьанехь

    6:157

Гочдар: Магомед Магомедов