Мусхаф., агӏо 151

  1. المص

    Алиф-лам-мим-ссад

    7:1
  2. كِتَابٌ أُنْزِلَ إِلَيْكَ فَلَا يَكُنْ فِي صَدْرِكَ حَرَجٌ مِنْهُ لِتُنْذِرَ بِهِ وَذِكْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ

    Жайна (Къуръан) доссина хьоьга /я Мухьаммад/- хьан дагчохь /халонца/ гтто ма хуьлийла оцунах (хьан къомо харцдарна кхоьруш шен метте дкхачо) - шеца ахь /Делах кхоьручунна/ дхьахьедо а, хьехам /бан/ а тешачарна (муъманахана)

    7:2
  3. اتَّبِعُوا مَا أُنْزِلَ إِلَيْكُمْ مِنْ رَبِّكُمْ وَلَا تَتَّبِعُوا مِنْ دُونِهِ أَوْلِيَاءَ ۗ قَلِيلًا مَا تَذَكَّرُونَ

    ТIаьхьахIитта шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга доссинчунна‚ тIаьхьа ма хIитта Иза воцчу /кхечу/ доттагIашна (я глоцуршна)‚ кIезиг ду-кх аш ойла йийриг

    7:3
  4. وَكَمْ مِنْ قَرْيَةٍ أَهْلَكْنَاهَا فَجَاءَهَا بَأْسُنَا بَيَاتًا أَوْ هُمْ قَائِلُونَ

    Маса юрт Оха хIаллакйина! Тхан зап деара цаьрга буса я царна делкъанна наб озаелча

    7:4
  5. فَمَا كَانَ دَعْوَاهُمْ إِذْ جَاءَهُمْ بَأْسُنَا إِلَّا أَنْ قَالُوا إِنَّا كُنَّا ظَالِمِينَ

    Тхан зап шайга деъча, церан кхайкхар ма ца хилира алар бен: 'Баккъалла а, тхо хилла - кх зуламхой.'

    7:5
  6. فَلَنَسْأَلَنَّ الَّذِينَ أُرْسِلَ إِلَيْهِمْ وَلَنَسْأَلَنَّ الْمُرْسَلِينَ

    ТIаьхьа хаттанне а хоттур ма ду Оха шайга элчанаш бахкийтина хиллачаьрга‚ хаттанне а хоттур ма ду Оха элчанашка

    7:6
  7. فَلَنَقُصَّنَّ عَلَيْهِمْ بِعِلْمٍ ۖ وَمَا كُنَّا غَائِبِينَ

    Цаьрга дийцанне а дуьйцур ма ду Оха Iилманца‚ Тхо доцуш ца хилла

    7:7
  8. وَالْوَزْنُ يَوْمَئِذٍ الْحَقُّ ۚ فَمَنْ ثَقُلَتْ مَوَازِينُهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Мизан-терза оцу дийнахь хирг хилар хьакъ-бакъ ду. Шен терза дазделларш – уьш бу баккхийбуьйраш

    7:8
  9. وَمَنْ خَفَّتْ مَوَازِينُهُ فَأُولَٰئِكَ الَّذِينَ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ بِمَا كَانُوا بِآيَاتِنَا يَظْلِمُونَ

    Шен терза дайделларш – уьш бу шайн синош эшийнарш Тхан аяташца шаьш зулам деш хилла хиларца

    7:9
  10. وَلَقَدْ مَكَّنَّاكُمْ فِي الْأَرْضِ وَجَعَلْنَا لَكُمْ فِيهَا مَعَايِشَ ۗ قَلِيلًا مَا تَشْكُرُونَ

    Лаьтта тIехь Оха чIагIдира шу‚ Оха шуна цу тIехь бахам хилийтира‚ кIеззиг ду-кх аш баркалла олург

    7:10
  11. وَلَقَدْ خَلَقْنَاكُمْ ثُمَّ صَوَّرْنَاكُمْ ثُمَّ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ لَمْ يَكُنْ مِنَ السَّاجِدِينَ

    Оха шу кхоьллира‚ тIаккха Оха шуна куц хилийтира‚ тIаккха Оха элира маликашка: 'Сужд де Āдамна!' Цара сужд дира‚ иблис доцчо – и ца хилира сужд дечарах

    7:11

Гочдар: Магомед Магомедов