Мусхаф., агӏо 152

  1. قَالَ مَا مَنَعَكَ أَلَّا تَسْجُدَ إِذْ أَمَرْتُكَ ۖ قَالَ أَنَا خَيْرٌ مِنْهُ خَلَقْتَنِي مِنْ نَارٍ وَخَلَقْتَهُ مِنْ طِينٍ

    Элира /Дала/: 'Стено дуьхьало йина хьуна сужд дан, Ас хьайга омра дича?' Элира /иблисо/: 'Со дика ду цул (Āдамал). Со кхоьллина Ахь цIарах‚ и кхоьллина Ахь поппарх'

    7:12
  2. قَالَ فَاهْبِطْ مِنْهَا فَمَا يَكُونُ لَكَ أَنْ تَتَكَبَّرَ فِيهَا فَاخْرُجْ إِنَّكَ مِنَ الصَّاغِرِينَ

    Элира: 'Охьадосса цигара (ялсаманера). Оьшуш дац хьан цу чохь доккхадер. Арадала! Баккъалла а, хьо сийсазачарех ду'

    7:13
  3. قَالَ أَنْظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ

    Цо элира: 'Хьем бе сох уьш юха денбийр болу де тIекхаччалц (къемат де далц ца долийтуш дита со)'

    7:14
  4. قَالَ إِنَّكَ مِنَ الْمُنْظَرِينَ

    Элира /Дала/: 'Баккъалла а, шех хьем биначарех ду хьо (дити хьо къематде далц ца долийтуш)'

    7:15
  5. قَالَ فَبِمَا أَغْوَيْتَنِي لَأَقْعُدَنَّ لَهُمْ صِرَاطَكَ الْمُسْتَقِيمَ

    Элира /иблисо/: 'Ахь со тилор бахьанехь уьш Хьан нийсачу некъах тило кIелонна хуур ма ду со

    7:16
  6. ثُمَّ لَآتِيَنَّهُمْ مِنْ بَيْنِ أَيْدِيهِمْ وَمِنْ خَلْفِهِمْ وَعَنْ أَيْمَانِهِمْ وَعَنْ شَمَائِلِهِمْ ۖ وَلَا تَجِدُ أَكْثَرَهُمْ شَاكِرِينَ

    ТIаккха догIур ма ду со царна хьалхахула‚ тIехьахула‚ аьтту агIорхула‚ аьрру агIорхула‚ царах дукхахберш карор ма бац хьуна баркалла олуш'

    7:17
  7. قَالَ اخْرُجْ مِنْهَا مَذْءُومًا مَدْحُورًا ۖ لَمَنْ تَبِعَكَ مِنْهُمْ لَأَمْلَأَنَّ جَهَنَّمَ مِنْكُمْ أَجْمَعِينَ

    Элира /Дала/: 'Арадала цу чуьра (ялсаманера) бехке а хилла‚ къинхетамна генадале. Милла хилахь а царах хьуна тIаьхьахIоьттинарг – юзанне а юзонза юьтур ма яц Ас жоьжахати шух массарах а

    7:18
  8. وَيَا آدَمُ اسْكُنْ أَنْتَ وَزَوْجُكَ الْجَنَّةَ فَكُلَا مِنْ حَيْثُ شِئْتُمَا وَلَا تَقْرَبَا هَٰذِهِ الشَّجَرَةَ فَتَكُونَا مِنَ الظَّالِمِينَ

    ХIай Āдам! Вāха хьо а‚ хьан зуда а ялсаманехь‚ аш шиммо а даа шайна луъучуьра‚ шу шиъ герга ма гIолаш хIокху диттана – тккха зуламхойх хир ду шу шиъ'

    7:19
  9. فَوَسْوَسَ لَهُمَا الشَّيْطَانُ لِيُبْدِيَ لَهُمَا مَا وُورِيَ عَنْهُمَا مِنْ سَوْآتِهِمَا وَقَالَ مَا نَهَاكُمَا رَبُّكُمَا عَنْ هَٰذِهِ الشَّجَرَةِ إِلَّا أَنْ تَكُونَا مَلَكَيْنِ أَوْ تَكُونَا مِنَ الْخَالِدِينَ

    И шиъ Iехо доладелира шайтIа гучуяхархьама царах шиннах хьулйина йолу церан эхье меттигаш. Элира: 'Шун Кхиош-кхобучо цу диттах шу шиъ духатоьхна ма дац шух шиннах маликаш ца хилийта а, я шу шиъ гуттар дехачарех ца хилийта а бен'

    7:20
  10. وَقَاسَمَهُمَا إِنِّي لَكُمَا لَمِنَ النَّاصِحِينَ

    Царна шинна дуйнаш биира цо: 'Баккъалла а, со ма ду шуна шинна хьехамча'‚ бохуш

    7:21
  11. فَدَلَّاهُمَا بِغُرُورٍ ۚ فَلَمَّا ذَاقَا الشَّجَرَةَ بَدَتْ لَهُمَا سَوْآتُهُمَا وَطَفِقَا يَخْصِفَانِ عَلَيْهِمَا مِنْ وَرَقِ الْجَنَّةِ ۖ وَنَادَاهُمَا رَبُّهُمَا أَلَمْ أَنْهَكُمَا عَنْ تِلْكُمَا الشَّجَرَةِ وَأَقُلْ لَكُمَا إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمَا عَدُوٌّ مُبِينٌ

    И шиъ хо /Делаца харц/ дуйнаш биира цо царна. ТIаккха цу шимма цу диттах чамбаьккхича, царна гучуелира шайн эхье меттигаш‚ уьш буьйлабелира шайна тIе ялсаманин гIаш Iитта. Церан Кхиош-кхобучо цу шинга кхайкхира: 'Ас цу диттах духатоьхна дацара шу шиъ? Ас шуьга аьлла дацара: шайтIа шун билгала мостагI ма дуй?'

    7:22

Гочдар: Магомед Магомедов