Мусхаф., агӏо 153

  1. قَالَا رَبَّنَا ظَلَمْنَا أَنْفُسَنَا وَإِنْ لَمْ تَغْفِرْ لَنَا وَتَرْحَمْنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Цу шиммо элира: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ тхан догIмашна зулам ма дина оха‚ Ахь тхуна геч ца дахь‚ Ахь тхох къинхетам ца бахь – тхо хиланне а хир ма ду эшначарех'

    7:23
  2. قَالَ اهْبِطُوا بَعْضُكُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ ۖ وَلَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُسْتَقَرٌّ وَمَتَاعٌ إِلَىٰ حِينٍ

    Элира /Дала/: 'Охьадисса /ялсамани чуьра/‚ шу вовшийн мостагIий ду. Лаьттахь шуна чIагIам а‚ цхьа хан тIеккхаччалц бахам а хир бу'

    7:24
  3. قَالَ فِيهَا تَحْيَوْنَ وَفِيهَا تَمُوتُونَ وَمِنْهَا تُخْرَجُونَ

    Элира: 'Цу чохь шу кхуьур ду‚ цу чохь шу лийр ду‚ цу чуьра шу арадохур а ду'

    7:25
  4. يَا بَنِي آدَمَ قَدْ أَنْزَلْنَا عَلَيْكُمْ لِبَاسًا يُوَارِي سَوْآتِكُمْ وَرِيشًا ۖ وَلِبَاسُ التَّقْوَىٰ ذَٰلِكَ خَيْرٌ ۚ ذَٰلِكَ مِنْ آيَاتِ اللَّهِ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ

    ХIай Āдаман кIентий! Оха доссийна шуна аш шеца эхье меттигаш хьулйе духар а, шу шеца хазлуш долу духар а. /Делах/ кхераран духар – и ду дика дерг. И Делан аятех ду уьш хилархьама кхеташ

    7:26
  5. يَا بَنِي آدَمَ لَا يَفْتِنَنَّكُمُ الشَّيْطَانُ كَمَا أَخْرَجَ أَبَوَيْكُمْ مِنَ الْجَنَّةِ يَنْزِعُ عَنْهُمَا لِبَاسَهُمَا لِيُرِيَهُمَا سَوْآتِهِمَا ۗ إِنَّهُ يَرَاكُمْ هُوَ وَقَبِيلُهُ مِنْ حَيْثُ لَا تَرَوْنَهُمْ ۗ إِنَّا جَعَلْنَا الشَّيَاطِينَ أَوْلِيَاءَ لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ

    ХIай Āдаман кIентий! Шу данне а Iеха ма дойла шайтIано‚ цо шун да-наний ялсаманичуьра арадахаре терра, схьадоккхуш церан шинна тIера духар царна шинна гайтархьама шайн эхье меттигаш. Баккъалла а, цунна (шайтIанна) шу гуш ду‚ ткъа иза а‚ цуьнан зуьррет а шуна ца гучарех ду. Баккъалла а, Оха шайтIанаш хилийтина цатешачарна доттагIий (доладийраш)

    7:27
  6. وَإِذَا فَعَلُوا فَاحِشَةً قَالُوا وَجَدْنَا عَلَيْهَا آبَاءَنَا وَاللَّهُ أَمَرَنَا بِهَا ۗ قُلْ إِنَّ اللَّهَ لَا يَأْمُرُ بِالْفَحْشَاءِ ۖ أَتَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Шаьш боьханиг дича‚ цара олу: 'Тхан дай карийна тхуна цунна тIехь‚ Дала омра дина тхуна цуьнца'. Ахь āла: 'Баккъалла а, Дала омра ца до боьхучуьнца‚ аш олу ткъа Делах лаьцна шайна цахуург?'

    7:28
  7. قُلْ أَمَرَ رَبِّي بِالْقِسْطِ ۖ وَأَقِيمُوا وُجُوهَكُمْ عِنْدَ كُلِّ مَسْجِدٍ وَادْعُوهُ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ ۚ كَمَا بَدَأَكُمْ تَعُودُونَ

    Āла: 'Омра дина сан Кхиош-кхобучо нийсонца‚ хIоттае шайн яххьаш /Далла тIе/ хIор сужд дечу меттигехь а, сужд дечу хенахь а‚ кхайкха Цуьнга (Деле)‚ Цуьнан дин цIандеш /ширках/‚ Цо шу кхолларе терра /лаьттах/‚ юхадоьрзур ду шу /лаьтте, делча къематде далц /'

    7:29
  8. فَرِيقًا هَدَىٰ وَفَرِيقًا حَقَّ عَلَيْهِمُ الضَّلَالَةُ ۗ إِنَّهُمُ اتَّخَذُوا الشَّيَاطِينَ أَوْلِيَاءَ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ مُهْتَدُونَ

    Цхьа тоба нисйина Цо‚ вукхарна тIехь тилар бакъхилла. Баккъалла а, цара Дела а витина, шайтIанех доттагIий (доладийраш) лаьцна шайна‚ царна моьтту шаьш нийсачу новкъахь ду

    7:30

Гочдар: Магомед Магомедов