Мусхаф., агӏо 157
-
وَلَقَدْ جِئْنَاهُمْ بِكِتَابٍ فَصَّلْنَاهُ عَلَىٰ عِلْمٍ هُدًى وَرَحْمَةً لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Тхо даьхкина ма дара цаьрга жайнаца‚ Оха ша билгалдаьккхина долчу Iилманца‚ тешаш долчу къомана ша нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долчу
7:52 -
هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا تَأْوِيلَهُ ۚ يَوْمَ يَأْتِي تَأْوِيلُهُ يَقُولُ الَّذِينَ نَسُوهُ مِنْ قَبْلُ قَدْ جَاءَتْ رُسُلُ رَبِّنَا بِالْحَقِّ فَهَلْ لَنَا مِنْ شُفَعَاءَ فَيَشْفَعُوا لَنَا أَوْ نُرَدُّ فَنَعْمَلَ غَيْرَ الَّذِي كُنَّا نَعْمَلُ ۚ قَدْ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
И тидаре бен хьовсуш буй-те уьш? Цуьнан тидар деъначу дийнахь и хьалха дицдинчара эр ма ду: 'Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш ма баьхкира бакъонна тIехь. ХIинца тхуна шапаIат дан цхьа а вуй‚ и тхуна дийр долуш волу‚ я тхо юхадерзадан‚ тIаккха оха йийр ма яра тхаьш йина ца хилла йолу /дика/Iамал'. Цара шаьш хллакдира шаьш‚ дIатилира царах цара /харц/ кхуллуш хилларг
7:53 -
إِنَّ رَبَّكُمُ اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ يُغْشِي اللَّيْلَ النَّهَارَ يَطْلُبُهُ حَثِيثًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ وَالنُّجُومَ مُسَخَّرَاتٍ بِأَمْرِهِ ۗ أَلَا لَهُ الْخَلْقُ وَالْأَمْرُ ۗ تَبَارَكَ اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ
Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург ву –/цхьа Аллах Дела‚ Ша кхоьллина волу стигланаш а‚ латта а ялх дийна чохь‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь‚ буьйсане де хьулдойту Цо‚ /царах/ хIораммо важа лоьхуш сихонца‚ малх а‚ бутт а‚ седарчий а болх беш ду Цуьнан омраца. Ткъа Цуьнан дац кхоллар а‚ омра а? Беркате хили и Дела – Iаламийн Да
7:54 -
ادْعُوا رَبَّكُمْ تَضَرُّعًا وَخُفْيَةً ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُعْتَدِينَ
Кхайкха (доIа де) шайн Кхиош-кхобучуьнга хьасталой а‚ меллаша а (доIа деш маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза дозанах бовлурш
7:55 -
وَلَا تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ بَعْدَ إِصْلَاحِهَا وَادْعُوهُ خَوْفًا وَطَمَعًا ۚ إِنَّ رَحْمَتَ اللَّهِ قَرِيبٌ مِنَ الْمُحْسِنِينَ
Боьханиг ма леладе лаьттахь и цIанделлачул тIаьхьа‚ кхайкха Цуьнга /Деле/ кхерамца а‚ догдахарца а. Баккъалла а, Делан къинхетам герга бу дикачарна
7:56 -
وَهُوَ الَّذِي يُرْسِلُ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا أَقَلَّتْ سَحَابًا ثِقَالًا سُقْنَاهُ لِبَلَدٍ مَيِّتٍ فَأَنْزَلْنَا بِهِ الْمَاءَ فَأَخْرَجْنَا بِهِ مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ ۚ كَذَٰلِكَ نُخْرِجُ الْمَوْتَىٰ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
И ву мехаш боуьйтуш, кхаъ хуьлий, Шен къинхетамал хьалха. Цара /догIих/ язъелла мархаш ялийча‚ Оха лохку уьш белла хиллачу махка (йокъана хилла бакъбеллачу) – цуьнца (мархаца) хи (догIа) доссадо Оха. Цуьнца массо а стом араболуьйту. Иштта белларш а арабохур бу Оха‚ шу хила мегара ойла еш
7:57
Гочдар: Магомед Магомедов