Мусхаф., агӏо 158
-
وَالْبَلَدُ الطَّيِّبُ يَخْرُجُ نَبَاتُهُ بِإِذْنِ رَبِّهِ ۖ وَالَّذِي خَبُثَ لَا يَخْرُجُ إِلَّا نَكِدًا ۚ كَذَٰلِكَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَشْكُرُونَ
Дика мохк – цуьнан ораматаш (латтах схьайолу дика хIума) арадуьйлу шен Кхиош-кхобучун пурбанца‚ бехбелла хилларг (мохк) – цхьа а пайдабоцург бен ара ца йоккху цо. Иштта къастадо Оха аяташ баркалла олучу къомана
7:58 -
لَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ فَقَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: 'ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела вац шуна. Со кхоьру шуна деза- доккхачу дийнан Iазапах '
7:59 -
قَالَ الْمَلَأُ مِنْ قَوْمِهِ إِنَّا لَنَرَاكَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Цуьнан къоман элаша элира: 'Баккъалла а, тхуна хьо гуш ма ву билггалчу тилар чохь'
7:60 -
قَالَ يَا قَوْمِ لَيْسَ بِي ضَلَالَةٌ وَلَٰكِنِّي رَسُولٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Цо элира: “ХIай сан къам! Соьца тилавалар ма дац‚ делахь а, со Iаламийн Дегара элча ма ву
7:61 -
أُبَلِّغُكُمْ رِسَالَاتِ رَبِّي وَأَنْصَحُ لَكُمْ وَأَعْلَمُ مِنَ اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Ас шуьга дкхачадо сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ ас шуна хьехам бо‚ Делера шуна цахуург хууш ву со
7:62 -
أَوَعَجِبْتُمْ أَنْ جَاءَكُمْ ذِكْرٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَلَىٰ رَجُلٍ مِنْكُمْ لِيُنْذِرَكُمْ وَلِتَتَّقُوا وَلَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ
Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-кхобучуьнгара шуна юккъера цхьана стагехула хьехам бāрах, шуна кхерам тасархьама‚ шу кхоьруш хилархьама. Шух къинхетам бан мегара –кх”
7:63 -
فَكَذَّبُوهُ فَأَنْجَيْنَاهُ وَالَّذِينَ مَعَهُ فِي الْفُلْكِ وَأَغْرَقْنَا الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا عَمِينَ
Цара и харцвира. Оха и кIелхьарваьккхира‚ цуьнца берш а‚ кемана чохь‚ Тхан аяташ харцдинарш хи чу бахийтира. Баккъалла а, уьш хилира бIаьрса доцу къам
7:64 -
وَإِلَىٰ عَادٍ أَخَاهُمْ هُودًا ۗ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۚ أَفَلَا تَتَّقُونَ
Iадашка а /вахийтира/ церан ваша ХIýд. Цо элира: 'ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Шу ца кхоьру?'
7:65 -
قَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ قَوْمِهِ إِنَّا لَنَرَاكَ فِي سَفَاهَةٍ وَإِنَّا لَنَظُنُّكَ مِنَ الْكَاذِبِينَ
Цуьнан къоман цатешначеран элаша элира: 'Баккъалла а, тхуна хьо го Iовдаллина чохь‚ баккъалла а, тхуна хьо хеташ ма ву харцлуьйчарах'
7:66 -
قَالَ يَا قَوْمِ لَيْسَ بِي سَفَاهَةٌ وَلَٰكِنِّي رَسُولٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Цо элира: 'ХIай сан къам! Сох Iовдалалла а ма дац‚ делахь а, со Iаламийн Дегара элча ма ву
7:67
Гочдар: Магомед Магомедов