Сурат 7 Аль-аIраф (АIраф)
-
لَهُمْ مِنْ جَهَنَّمَ مِهَادٌ وَمِنْ فَوْقِهِمْ غَوَاشٍ ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الظَّالِمِينَ
Царна жоьжахатих хир бу /вижа/ мотт а‚ царна тIехула цIеран пардо хир ду – иштта бекхам бийр бу Оха зуламхошна
7:41 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَا نُكَلِّفُ نَفْسًا إِلَّا وُسْعَهَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Иман диллинарш а‚ диканаш динарш а‚ – синна тIе ца дуьллу Оха цунна ницкъ кхочург бен‚ – уьш ялсаманийн дай бу‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу
7:42 -
وَنَزَعْنَا مَا فِي صُدُورِهِمْ مِنْ غِلٍّ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهِمُ الْأَنْهَارُ ۖ وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي هَدَانَا لِهَٰذَا وَمَا كُنَّا لِنَهْتَدِيَ لَوْلَا أَنْ هَدَانَا اللَّهُ ۖ لَقَدْ جَاءَتْ رُسُلُ رَبِّنَا بِالْحَقِّ ۖ وَنُودُوا أَنْ تِلْكُمُ الْجَنَّةُ أُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Оха дIаяьккхира церан дегнашкара оьгIазло; дIаоьхуш хир ду /ялсаманехь/ церан /гланий/ бухахула хиш‚ цара эр: 'Хастам бу Далла‚ тхо нисдинчу хIокхунна тIе‚ тхо хир ма дацара нисделла, Дала нисдина ца хиллехь. Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш баьхкира бакъонца'. Цаьрга кхайкхира: 'ХIара ялсамани шуна ирсана кхаьчна ю аш Iамал йина хиларца'
7:43 -
وَنَادَىٰ أَصْحَابُ الْجَنَّةِ أَصْحَابَ النَّارِ أَنْ قَدْ وَجَدْنَا مَا وَعَدَنَا رَبُّنَا حَقًّا فَهَلْ وَجَدْتُمْ مَا وَعَدَ رَبُّكُمْ حَقًّا ۖ قَالُوا نَعَمْ ۚ فَأَذَّنَ مُؤَذِّنٌ بَيْنَهُمْ أَنْ لَعْنَةُ اللَّهِ عَلَى الظَّالِمِينَ
Ялсаманин дайша жоьжахатин дайшка кхойкхур: 'Тхуна-м карийна тхайн Кхиош-кхобучо тхуна ваIда йина хилларг бакъхилла‚ шуна карийний шун Кхиош-кхобучо шуна ваIда йина хилларг бакъхилла?' Цара эр: 'ХIаъ'. ТIаккха дIахьедархочо дIахьедира царна юккъехь: 'Делан неIалт хуьлда зуламхошна'‚ аьлла
7:44 -
الَّذِينَ يَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا وَهُمْ بِالْآخِرَةِ كَافِرُونَ
Ишттанаш бу уьш шаьш дIатилабеш /нах/ Делан некъах, и шаьш гамбан лууш‚ уьш эхарт керстадеш ма бу
7:45 -
وَبَيْنَهُمَا حِجَابٌ ۚ وَعَلَى الْأَعْرَافِ رِجَالٌ يَعْرِفُونَ كُلًّا بِسِيمَاهُمْ ۚ وَنَادَوْا أَصْحَابَ الْجَنَّةِ أَنْ سَلَامٌ عَلَيْكُمْ ۚ لَمْ يَدْخُلُوهَا وَهُمْ يَطْمَعُونَ
Царний, вукхарний юккъехь дуьхьало хир ю. АIрафана тIехь нах хир бу, шайна массо а вевзаш шайн билгалонашца. Ялсаманин дайшка цара кхойкхур ду: 'Саламун Iалайкум'‚ аьлла. Оцу /ялсамани/ чу гIур бац уьш‚ уьш чIогIа лууш ма бара
7:46 -
وَإِذَا صُرِفَتْ أَبْصَارُهُمْ تِلْقَاءَ أَصْحَابِ النَّارِ قَالُوا رَبَّنَا لَا تَجْعَلْنَا مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ
Жоьжахатин дай болчу агIор шайн бIаьрса ддерзича‚ цара аьр: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ тхо ма хилийталахь зуламе долчу къомаца'
7:47 -
وَنَادَىٰ أَصْحَابُ الْأَعْرَافِ رِجَالًا يَعْرِفُونَهُمْ بِسِيمَاهُمْ قَالُوا مَا أَغْنَىٰ عَنْكُمْ جَمْعُكُمْ وَمَا كُنْتُمْ تَسْتَكْبِرُونَ
АIрафан дайша кхойкхур ду нахе, шайна бевзаш болчу церан билгалонашца‚ ōлуш: 'ХIун пайда би шун гулдаро а (аш дуьненахь гулдеш хиллачу хьоло)‚ аш куралла еш хиларо а?'
7:48 -
أَهَٰؤُلَاءِ الَّذِينَ أَقْسَمْتُمْ لَا يَنَالُهُمُ اللَّهُ بِرَحْمَةٍ ۚ ادْخُلُوا الْجَنَّةَ لَا خَوْفٌ عَلَيْكُمْ وَلَا أَنْتُمْ تَحْزَنُونَ
'ХIорш бу уьш, аш дуйнаш бууш хилларш‚ Делан къинхетам царах кхетар бац‚ бохуш?' 'ЧугIо ялсаманина. Кхерам а хир ма бац шуна‚ шу сингаттаме (пошме) а хир ма дац '
7:49 -
وَنَادَىٰ أَصْحَابُ النَّارِ أَصْحَابَ الْجَنَّةِ أَنْ أَفِيضُوا عَلَيْنَا مِنَ الْمَاءِ أَوْ مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ ۚ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ حَرَّمَهُمَا عَلَى الْكَافِرِينَ
Жоьжахатин дайша ялсаманин дайшка кхойкхур: 'Доттийша тхуна тIе хи я Дала шайна деллачу рицкъанах /цхьацца хма лойша тхуна/'. Цара аьр: 'Баккъалла а, Дала и хьарам дина ма ду цатешачарна' –
7:50 -
الَّذِينَ اتَّخَذُوا دِينَهُمْ لَهْوًا وَلَعِبًا وَغَرَّتْهُمُ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا ۚ فَالْيَوْمَ نَنْسَاهُمْ كَمَا نَسُوا لِقَاءَ يَوْمِهِمْ هَٰذَا وَمَا كَانُوا بِآيَاتِنَا يَجْحَدُونَ
Уьш бу шайн динах цадашар а, ловзар а динарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Тахана Оха уьш бицбийр ма бу‚ цара хIокху шайн денна дуьхьалкхетар шаьш дицдаре терра‚ уьш тхан аяташ керстадеш хиларе терра
7:51 -
وَلَقَدْ جِئْنَاهُمْ بِكِتَابٍ فَصَّلْنَاهُ عَلَىٰ عِلْمٍ هُدًى وَرَحْمَةً لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Тхо даьхкина ма дара цаьрга жайнаца‚ Оха ша билгалдаьккхина долчу Iилманца‚ тешаш долчу къомана ша нийса некъ а‚ къинхетам а хилла долчу
7:52 -
هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا تَأْوِيلَهُ ۚ يَوْمَ يَأْتِي تَأْوِيلُهُ يَقُولُ الَّذِينَ نَسُوهُ مِنْ قَبْلُ قَدْ جَاءَتْ رُسُلُ رَبِّنَا بِالْحَقِّ فَهَلْ لَنَا مِنْ شُفَعَاءَ فَيَشْفَعُوا لَنَا أَوْ نُرَدُّ فَنَعْمَلَ غَيْرَ الَّذِي كُنَّا نَعْمَلُ ۚ قَدْ خَسِرُوا أَنْفُسَهُمْ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ
И тидаре бен хьовсуш буй-те уьш? Цуьнан тидар деъначу дийнахь и хьалха дицдинчара эр ма ду: 'Тхан Кхиош-кхобучун элчанаш ма баьхкира бакъонна тIехь. ХIинца тхуна шапаIат дан цхьа а вуй‚ и тхуна дийр долуш волу‚ я тхо юхадерзадан‚ тIаккха оха йийр ма яра тхаьш йина ца хилла йолу /дика/Iамал'. Цара шаьш хллакдира шаьш‚ дIатилира царах цара /харц/ кхуллуш хилларг
7:53 -
إِنَّ رَبَّكُمُ اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ يُغْشِي اللَّيْلَ النَّهَارَ يَطْلُبُهُ حَثِيثًا وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ وَالنُّجُومَ مُسَخَّرَاتٍ بِأَمْرِهِ ۗ أَلَا لَهُ الْخَلْقُ وَالْأَمْرُ ۗ تَبَارَكَ اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ
Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург ву –/цхьа Аллах Дела‚ Ша кхоьллина волу стигланаш а‚ латта а ялх дийна чохь‚ тIаккха дIанисвелира Иза Iарша тIехь‚ буьйсане де хьулдойту Цо‚ /царах/ хIораммо важа лоьхуш сихонца‚ малх а‚ бутт а‚ седарчий а болх беш ду Цуьнан омраца. Ткъа Цуьнан дац кхоллар а‚ омра а? Беркате хили и Дела – Iаламийн Да
7:54 -
ادْعُوا رَبَّكُمْ تَضَرُّعًا وَخُفْيَةً ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُعْتَدِينَ
Кхайкха (доIа де) шайн Кхиош-кхобучуьнга хьасталой а‚ меллаша а (доIа деш маьхьарий ма бетта). Баккъалла а, Цунна ца беза дозанах бовлурш
7:55 -
وَلَا تُفْسِدُوا فِي الْأَرْضِ بَعْدَ إِصْلَاحِهَا وَادْعُوهُ خَوْفًا وَطَمَعًا ۚ إِنَّ رَحْمَتَ اللَّهِ قَرِيبٌ مِنَ الْمُحْسِنِينَ
Боьханиг ма леладе лаьттахь и цIанделлачул тIаьхьа‚ кхайкха Цуьнга /Деле/ кхерамца а‚ догдахарца а. Баккъалла а, Делан къинхетам герга бу дикачарна
7:56 -
وَهُوَ الَّذِي يُرْسِلُ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ ۖ حَتَّىٰ إِذَا أَقَلَّتْ سَحَابًا ثِقَالًا سُقْنَاهُ لِبَلَدٍ مَيِّتٍ فَأَنْزَلْنَا بِهِ الْمَاءَ فَأَخْرَجْنَا بِهِ مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ ۚ كَذَٰلِكَ نُخْرِجُ الْمَوْتَىٰ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
И ву мехаш боуьйтуш, кхаъ хуьлий, Шен къинхетамал хьалха. Цара /догIих/ язъелла мархаш ялийча‚ Оха лохку уьш белла хиллачу махка (йокъана хилла бакъбеллачу) – цуьнца (мархаца) хи (догIа) доссадо Оха. Цуьнца массо а стом араболуьйту. Иштта белларш а арабохур бу Оха‚ шу хила мегара ойла еш
7:57 -
وَالْبَلَدُ الطَّيِّبُ يَخْرُجُ نَبَاتُهُ بِإِذْنِ رَبِّهِ ۖ وَالَّذِي خَبُثَ لَا يَخْرُجُ إِلَّا نَكِدًا ۚ كَذَٰلِكَ نُصَرِّفُ الْآيَاتِ لِقَوْمٍ يَشْكُرُونَ
Дика мохк – цуьнан ораматаш (латтах схьайолу дика хIума) арадуьйлу шен Кхиош-кхобучун пурбанца‚ бехбелла хилларг (мохк) – цхьа а пайдабоцург бен ара ца йоккху цо. Иштта къастадо Оха аяташ баркалла олучу къомана
7:58 -
لَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا إِلَىٰ قَوْمِهِ فَقَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
Оха вахийтира Нухь шен къомана тIе. Цо элира: 'ХIай сан къам! Iибадат дейша Далла‚ И воцург кхин дела вац шуна. Со кхоьру шуна деза- доккхачу дийнан Iазапах '
7:59 -
قَالَ الْمَلَأُ مِنْ قَوْمِهِ إِنَّا لَنَرَاكَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Цуьнан къоман элаша элира: 'Баккъалла а, тхуна хьо гуш ма ву билггалчу тилар чохь'
7:60
Гочдар: Магомед Магомедов