Мусхаф., агӏо 159

  1. أُبَلِّغُكُمْ رِسَالَاتِ رَبِّي وَأَنَا لَكُمْ نَاصِحٌ أَمِينٌ

    Ас шуьга дкхачадо сан Кхиош-кхобучун элчаналла‚ со шуна тешаме волу хьехамча ма ву

    7:68
  2. أَوَعَجِبْتُمْ أَنْ جَاءَكُمْ ذِكْرٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَلَىٰ رَجُلٍ مِنْكُمْ لِيُنْذِرَكُمْ ۚ وَاذْكُرُوا إِذْ جَعَلَكُمْ خُلَفَاءَ مِنْ بَعْدِ قَوْمِ نُوحٍ وَزَادَكُمْ فِي الْخَلْقِ بَسْطَةً ۖ فَاذْكُرُوا آلَاءَ اللَّهِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ

    Я шу цецдевлира шайга шайн Кхиош-кхобучун шуна юккъера цхьана стагехула хьехам барах шуна кхерам таса. Дагадаийтал‚ Цо шух тIаьхье хилийтира Нухьан къомал тIаьхьа‚ Цо шу алсамдехира догашкахь ницкъаца. Дагадайта Делан ниIматаш‚ шу хила мегара хазахеташ'

    7:69
  3. قَالُوا أَجِئْتَنَا لِنَعْبُدَ اللَّهَ وَحْدَهُ وَنَذَرَ مَا كَانَ يَعْبُدُ آبَاؤُنَا ۖ فَأْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Цара элира: 'Хьо тхуна веана тхоьга веккъа цхьана Далла Iибадат дайта‚ тхоьга дитийта тхан дай шена Iибадат деш хилларг? ХIаъ‚ даийта тхуна айхьа тхоьца ваIда йина хилларг‚ хьо бакълуьйчарах хиллехь'

    7:70
  4. قَالَ قَدْ وَقَعَ عَلَيْكُمْ مِنْ رَبِّكُمْ رِجْسٌ وَغَضَبٌ ۖ أَتُجَادِلُونَنِي فِي أَسْمَاءٍ سَمَّيْتُمُوهَا أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمْ مَا نَزَّلَ اللَّهُ بِهَا مِنْ سُلْطَانٍ ۚ فَانْتَظِرُوا إِنِّي مَعَكُمْ مِنَ الْمُنْتَظِرِينَ

    Цо элира: 'Доьжна шуна тIе шайн Кхиош-кхобучуьнгара Iазап а‚ оьгIазло а. Соьца къуьйсу ткъа аш‚ шаьш а‚ шун дайша а тихкина хиллачу цIершкахь‚ шайца Дала цхьа а делил доссийна ца хиллачу? Хьоьжуш шу /Iазап догIур ду шуна/‚ со а шуьца цхьана хьоьжуш чарах ву'

    7:71
  5. فَأَنْجَيْنَاهُ وَالَّذِينَ مَعَهُ بِرَحْمَةٍ مِنَّا وَقَطَعْنَا دَابِرَ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۖ وَمَا كَانُوا مُؤْمِنِينَ

    ТIаккха и кIелхьарваьккхира Оха /Iазапах/‚ цуьнца хилларш а‚ Тхайгара къинхетамца. Тхан аяташ харцдиначеран тIаьхье хадийра Оха‚ уьш ца хилира тешаш берш

    7:72
  6. وَإِلَىٰ ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا ۗ قَالَ يَا قَوْمِ اعْبُدُوا اللَّهَ مَا لَكُمْ مِنْ إِلَٰهٍ غَيْرُهُ ۖ قَدْ جَاءَتْكُمْ بَيِّنَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ ۖ هَٰذِهِ نَاقَةُ اللَّهِ لَكُمْ آيَةً ۖ فَذَرُوهَا تَأْكُلْ فِي أَرْضِ اللَّهِ ۖ وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Самудашка а /вахийтира Оха/ церан ваша СалихI. Цо элира: 'ХIай сан къам! Далла Iибадат дейша‚ И воцург кхин дела вац шуна. Шайн Кхиош-кхобучуьнгара билгало ма еана шуьга‚ хIара Делан стен эмкал ю шуна делил хилла. Йита аш иза яжа Делан лаьттахула‚ ма Iитталолаш цунах зуламца – тIаккха лазош долчу Iазапо схьалоцур ду шу

    7:73

Гочдар: Магомед Магомедов