Мусхаф., агӏо 160

  1. وَاذْكُرُوا إِذْ جَعَلَكُمْ خُلَفَاءَ مِنْ بَعْدِ عَادٍ وَبَوَّأَكُمْ فِي الْأَرْضِ تَتَّخِذُونَ مِنْ سُهُولِهَا قُصُورًا وَتَنْحِتُونَ الْجِبَالَ بُيُوتًا ۖ فَاذْكُرُوا آلَاءَ اللَّهِ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ

    Аш дагадайта Цо (Дала) шух Iадийл тIаьхьа тIаьхье хилийтар‚ Цо шу дāха ховшийна хилар лаьттахь‚ цуьнан (лаьттан) нийсачу меттигех аш гIаланаш еш‚ цуьнан ламанех аш цIенош а деш. Дагадайта Делан ниIматаш. Ма де боьханиг лаьтта тIехь'

    7:74
  2. قَالَ الْمَلَأُ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا مِنْ قَوْمِهِ لِلَّذِينَ اسْتُضْعِفُوا لِمَنْ آمَنَ مِنْهُمْ أَتَعْلَمُونَ أَنَّ صَالِحًا مُرْسَلٌ مِنْ رَبِّهِ ۚ قَالُوا إِنَّا بِمَا أُرْسِلَ بِهِ مُؤْمِنُونَ

    Цуьнан къомах курабевллачийн элаша элира царах иман диллина болчу заьIап нахе: 'Шуна хаьий и Салихь шен Кхиош-кхобучуьнгара ваийтина вуйла?' Цара элира: 'Баккъалла а, тхо и шеца ваийтинчух тешаш ду-кх'

    7:75
  3. قَالَ الَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا بِالَّذِي آمَنْتُمْ بِهِ كَافِرُونَ

    Куралла йиначара элира: 'Баккъалла а, тхо шу шех тешнарг керстадеш ду-кх'

    7:76
  4. فَعَقَرُوا النَّاقَةَ وَعَتَوْا عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ وَقَالُوا يَا صَالِحُ ائْتِنَا بِمَا تَعِدُنَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الْمُرْسَلِينَ

    ТIаккха цу эмкална урс хьаькхира цара‚ шайн Кхиош-кхобучун омрана куралла йира цара‚ элира: 'ХIай Салихь! Даийта тхуна айхьа тхуна ваIда йина хилларг, нагахь хьо хиллехь элчанех'

    7:77
  5. فَأَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ فَأَصْبَحُوا فِي دَارِهِمْ جَاثِمِينَ

    Ирча /мохк/ ласторо схьалецира уьш – уьш Iуьйренга бевлира шайн цIеношкахь /белла/ Iункар а беттабелла

    7:78
  6. فَتَوَلَّىٰ عَنْهُمْ وَقَالَ يَا قَوْمِ لَقَدْ أَبْلَغْتُكُمْ رِسَالَةَ رَبِّي وَنَصَحْتُ لَكُمْ وَلَٰكِنْ لَا تُحِبُّونَ النَّاصِحِينَ

    Царах юьстахвелира иза (Салихь)‚ элира: 'ХIай сан къам! Ас шуьга дIакхачийра сан Кхиош-кхобучун элчалалла‚ ас шуна хьехам бира‚ амма шуна хьехамчаш ца беза-кх'

    7:79
  7. وَلُوطًا إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ أَتَأْتُونَ الْفَاحِشَةَ مَا سَبَقَكُمْ بِهَا مِنْ أَحَدٍ مِنَ الْعَالَمِينَ

    /Дагавайта хьайн къомана/ ЛутI‚ цо ма аьллера шен къоме: 'Сел боьханиг леладо ткъа аш‚ Iаламел цхьа а шеца шул хьалха ваьлла воцу?

    7:80
  8. إِنَّكُمْ لَتَأْتُونَ الرِّجَالَ شَهْوَةً مِنْ دُونِ النِّسَاءِ ۚ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ مُسْرِفُونَ

    Баккъалла а, шу ду шовкъаца божаршна тгрташ, зударий а буьтий. Ма тламза къам ду-кх шу'

    7:81

Гочдар: Магомед Магомедов