Сурат 7 Аль-аIраф (АIраф)

  1. وَإِذْ قِيلَ لَهُمُ اسْكُنُوا هَٰذِهِ الْقَرْيَةَ وَكُلُوا مِنْهَا حَيْثُ شِئْتُمْ وَقُولُوا حِطَّةٌ وَادْخُلُوا الْبَابَ سُجَّدًا نَغْفِرْ لَكُمْ خَطِيئَاتِكُمْ ۚ سَنَزِيدُ الْمُحْسِنِينَ

    Дагадаийта цаьрга аьлла хилар: 'ХIокху юьртахь дāха совца‚ даа цу чуьра шайна луъучохь‚ аш āла: '/Тхан къинош/ ддайар /доьху оха Деле/!'‚ неIарехула чоьхьадовла, сужд деш‚ Оха гечдийр ду шуна шун гIалаташ. ТIаьхьа Оха алсамбохур бу диканиг деш берш'

    7:161
  2. فَبَدَّلَ الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْهُمْ قَوْلًا غَيْرَ الَّذِي قِيلَ لَهُمْ فَأَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِجْزًا مِنَ السَّمَاءِ بِمَا كَانُوا يَظْلِمُونَ

    Царах зулам диначара хийцира дош шайга аьлла доцучуьнца. ТIаккха Оха царна тIе стиглара Iазап доссийра уьш зулам деш хиларна

    7:162
  3. وَاسْأَلْهُمْ عَنِ الْقَرْيَةِ الَّتِي كَانَتْ حَاضِرَةَ الْبَحْرِ إِذْ يَعْدُونَ فِي السَّبْتِ إِذْ تَأْتِيهِمْ حِيتَانُهُمْ يَوْمَ سَبْتِهِمْ شُرَّعًا وَيَوْمَ لَا يَسْبِتُونَ ۙ لَا تَأْتِيهِمْ ۚ كَذَٰلِكَ نَبْلُوهُمْ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ

    Хаттал цаьрга хIордана уллохь хиллачу юьртах лаций: уьш /Делан/ дозанех бевлира шотдийнахь‚ царна чIерий догIура гучудовлий церан шотдийнахь‚ церан шотде доцуш царна ца догIура уьш (чIерий) – иштта балане лецира Оха уьш шаьш песакъ хиларна

    7:163
  4. وَإِذْ قَالَتْ أُمَّةٌ مِنْهُمْ لِمَ تَعِظُونَ قَوْمًا ۙ اللَّهُ مُهْلِكُهُمْ أَوْ مُعَذِّبُهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا ۖ قَالُوا مَعْذِرَةً إِلَىٰ رَبِّكُمْ وَلَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ

    Царах цхьана тобано аьллера /хьехам бечаьрга/: “Аш хIунда хьехам бо нахана‚ шаьш Дала хIаллакбийр болчу‚ я Цо шайна чIогIачу Iазапца Iазап дийриг долчу?” Цара элира: 'Шун Кхиош-кхобучуьнга бехказадовлархьама‚ уьш хилархьама а /Далла салла ярах / кхоьруш'

    7:164
  5. فَلَمَّا نَسُوا مَا ذُكِّرُوا بِهِ أَنْجَيْنَا الَّذِينَ يَنْهَوْنَ عَنِ السُّوءِ وَأَخَذْنَا الَّذِينَ ظَلَمُوا بِعَذَابٍ بَئِيسٍ بِمَا كَانُوا يَفْسُقُونَ

    Цара шайга хьехийнарг дицдича‚ Оха кIелхьарбехира шаьш /нах/ вочух духатухуш берш. Зулам динарш Оха схьалецира ирчачу Iазапца уьш песакъ хиларна

    7:165
  6. فَلَمَّا عَتَوْا عَنْ مَا نُهُوا عَنْهُ قُلْنَا لَهُمْ كُونُوا قِرَدَةً خَاسِئِينَ

    Цара тергал ца дича Оха шаьш шех духатоьхнарг‚ Оха элира цаьрга: 'Хила шух сийсаза маймалш'

    7:166
  7. وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكَ لَيَبْعَثَنَّ عَلَيْهِمْ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ مَنْ يَسُومُهُمْ سُوءَ الْعَذَابِ ۗ إِنَّ رَبَّكَ لَسَرِيعُ الْعِقَابِ ۖ وَإِنَّهُ لَغَفُورٌ رَحِيمٌ

    Хьан Кхиош-кхобучо дIахаийтира ша царна (жуьгташна) тIе хьежонне а хьежор бу къематде кхаччалц царна луьра Iазап деш берш‚ баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиханиг ву таIзар дарехь‚ Иза – гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву

    7:167
  8. وَقَطَّعْنَاهُمْ فِي الْأَرْضِ أُمَمًا ۖ مِنْهُمُ الصَّالِحُونَ وَمِنْهُمْ دُونَ ذَٰلِكَ ۖ وَبَلَوْنَاهُمْ بِالْحَسَنَاتِ وَالسَّيِّئَاتِ لَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Оха бийкъира уьш (жуьгтий) лаьттахь тобанашка – царах диканаш а бу‚ царах уьш боцурш а бу. Оха уьш теллира хазачуьнца а‚ вочуьнца а: уьш юхабоьрзур бацара-те /Далла тIе/

    7:168
  9. فَخَلَفَ مِنْ بَعْدِهِمْ خَلْفٌ وَرِثُوا الْكِتَابَ يَأْخُذُونَ عَرَضَ هَٰذَا الْأَدْنَىٰ وَيَقُولُونَ سَيُغْفَرُ لَنَا وَإِنْ يَأْتِهِمْ عَرَضٌ مِثْلُهُ يَأْخُذُوهُ ۚ أَلَمْ يُؤْخَذْ عَلَيْهِمْ مِيثَاقُ الْكِتَابِ أَنْ لَا يَقُولُوا عَلَى اللَّهِ إِلَّا الْحَقَّ وَدَرَسُوا مَا فِيهِ ۗ وَالدَّارُ الْآخِرَةُ خَيْرٌ لِلَّذِينَ يَتَّقُونَ ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ

    Царал тIаьхьа кхин тIаьхье хилира‚ жайна ирсана кхечира цаьрга‚ хIокху дуьненан бахам оьцура цара‚ олура: 'Вайна-м гечдийр дай'. Цуьнга терра кхин бахам шайга беъча – иза а оьцур бара цара. Ткъа жайнан чIагIо ца хиллера царна тIехь‚ цара Далла тIехь бакъдерг бен эр дац аьлла‚ цу чохь дерг цара Iамийна ма дара? Эхартан цIа тоьлуш ма ду шаьш /Делах/ кхоьруш болчарна‚ шу хьекъале ца хуьлу?

    7:169
  10. وَالَّذِينَ يُمَسِّكُونَ بِالْكِتَابِ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ إِنَّا لَا نُضِيعُ أَجْرَ الْمُصْلِحِينَ

    Шаьш жайнаца чгелларш (цо бохург деш)‚ ламаз хIоттийнарш, – баккъалла а, Оха эша ма ца бо дикачеран мēла

    7:170
  11. وَإِذْ نَتَقْنَا الْجَبَلَ فَوْقَهُمْ كَأَنَّهُ ظُلَّةٌ وَظَنُّوا أَنَّهُ وَاقِعٌ بِهِمْ خُذُوا مَا آتَيْنَاكُمْ بِقُوَّةٍ وَاذْكُرُوا مَا فِيهِ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ

    Царна тIехь лам айбира Оха‚ ша тIейожа йоллу лаба санна лаьтташ‚ царна моьттура и шайна тIеюжуш ю. /Оха элира/: 'ДIалаца Оха шайна делларг ницкъица‚ хьехаде цу чохь дерг‚ шу хила мегара /Делах/ кхоьруш!'

    7:171
  12. وَإِذْ أَخَذَ رَبُّكَ مِنْ بَنِي آدَمَ مِنْ ظُهُورِهِمْ ذُرِّيَّتَهُمْ وَأَشْهَدَهُمْ عَلَىٰ أَنْفُسِهِمْ أَلَسْتُ بِرَبِّكُمْ ۖ قَالُوا بَلَىٰ ۛ شَهِدْنَا ۛ أَنْ تَقُولُوا يَوْمَ الْقِيَامَةِ إِنَّا كُنَّا عَنْ هَٰذَا غَافِلِينَ

    Хьахаде хьан Кхиош-кхобучо Āдаман кIентех – церан баккъех церан зуьррет схьадаккхар‚ тIаккха шайна тIехь уьш тешаш хIоттор: 'Со вац ткъа шун Кхиош-кхобург'‚ аьлла. Цара ма элира: 'ХIаъ! Оха тешалла дина'. /Иза ду/ аш къематдийнахь эриг хиларна: 'Баккъалла а, тхо цунах гIовпал ма хили'

    7:172
  13. أَوْ تَقُولُوا إِنَّمَا أَشْرَكَ آبَاؤُنَا مِنْ قَبْلُ وَكُنَّا ذُرِّيَّةً مِنْ بَعْدِهِمْ ۖ أَفَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ الْمُبْطِلُونَ

    Я аш эриг хиларна: 'Тхан дайша ширк дира хьалха‚ тхох хилира царал тIаьхьа зуьррет‚ Ахь хIаллакдийр ду тхо харцболчара динарг бахьнехь?'

    7:173
  14. وَكَذَٰلِكَ نُفَصِّلُ الْآيَاتِ وَلَعَلَّهُمْ يَرْجِعُونَ

    Иштта къастадо Оха аяташ – уьш юхабоьрзур бацара-те /къинош дарах/

    7:174
  15. وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ الَّذِي آتَيْنَاهُ آيَاتِنَا فَانْسَلَخَ مِنْهَا فَأَتْبَعَهُ الشَّيْطَانُ فَكَانَ مِنَ الْغَاوِينَ

    Дийцал царна Оха шена Тхан аяташ делла, тIаккха уьш дIатесначун хабар‚ тIаккха шайтIано шена тIаьхьавазийра и‚ тилабеллачарах хилира иза

    7:175
  16. وَلَوْ شِئْنَا لَرَفَعْنَاهُ بِهَا وَلَٰكِنَّهُ أَخْلَدَ إِلَى الْأَرْضِ وَاتَّبَعَ هَوَاهُ ۚ فَمَثَلُهُ كَمَثَلِ الْكَلْبِ إِنْ تَحْمِلْ عَلَيْهِ يَلْهَثْ أَوْ تَتْرُكْهُ يَلْهَثْ ۚ ذَٰلِكَ مَثَلُ الْقَوْمِ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۚ فَاقْصُصِ الْقَصَصَ لَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ

    Тхуна лиънехьара, Оха цаьрца айвира вара иза‚ делахь а, дуьнена тIе тевжира иза‚ шен дезаршна тIаьхьавезира. Цуьнан масал жIаьлин масалх тера ду: хьо шена тIаьхьа ваьлча, мотт аракхуссу цо‚ я ахь ша дитича а, мотт аракхуссу цо. И ду тхан аяташ харцдинчу къоман масал. Дийца дийцарш‚ ойла ян там бара цара

    7:176
  17. سَاءَ مَثَلًا الْقَوْمُ الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَأَنْفُسَهُمْ كَانُوا يَظْلِمُونَ

    Тхан аяташ харцдина къам вон хилла масалца – шайна зулам деш хилла уьш

    7:177
  18. مَنْ يَهْدِ اللَّهُ فَهُوَ الْمُهْتَدِي ۖ وَمَنْ يُضْلِلْ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ

    Ша Дала нисвеш верг нийсавелларг ву‚ Цо тилавала вуьтуш верг, – уьш бу эшнарш

    7:178
  19. وَلَقَدْ ذَرَأْنَا لِجَهَنَّمَ كَثِيرًا مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ ۖ لَهُمْ قُلُوبٌ لَا يَفْقَهُونَ بِهَا وَلَهُمْ أَعْيُنٌ لَا يُبْصِرُونَ بِهَا وَلَهُمْ آذَانٌ لَا يَسْمَعُونَ بِهَا ۚ أُولَٰئِكَ كَالْأَنْعَامِ بَلْ هُمْ أَضَلُّ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْغَافِلُونَ

    Оха кхиина жоьжахатина дуккха джинаш а‚ адамаш а. Церан дегнаш ду – цаьрца ца кхета уьш‚ бIаьргаш бу – цаьрца ца го царна‚ лергаш ду – цаьрца ца хеза царна‚ уьш бежанех тера бу. ХIаъ! Царал а тилабелла бу! Уьш бу-кх гIовпал хилларш

    7:179
  20. وَلِلَّهِ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ فَادْعُوهُ بِهَا ۖ وَذَرُوا الَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِي أَسْمَائِهِ ۚ سَيُجْزَوْنَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Делан ю хаза цIерш – кхайкха аш Цуьнга цаьрца. Бита Цуьнан цIерш харцъеш берш. ТIаьхьа шаьш динчуьнца бекхам хир бу царна

    7:180

Гочдар: Магомед Магомедов