Мусхаф., агӏо 192
-
يُرِيدُونَ أَنْ يُطْفِئُوا نُورَ اللَّهِ بِأَفْوَاهِهِمْ وَيَأْبَى اللَّهُ إِلَّا أَنْ يُتِمَّ نُورَهُ وَلَوْ كَرِهَ الْكَافِرُونَ
Уьш лууш бу Делан нур дайа шайн баганашца‚ Дела лууш вац Шен нур кхочуш хилийтар бен‚ /мел и/ керстанашна ца дезахь а
9:32 -
هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَىٰ وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ وَلَوْ كَرِهَ الْمُشْرِكُونَ
И ву ваийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а, и массо динна тIехь толийтархьама, /мел и/ мушрикашна ца дезахь а
9:33 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ كَثِيرًا مِنَ الْأَحْبَارِ وَالرُّهْبَانِ لَيَأْكُلُونَ أَمْوَالَ النَّاسِ بِالْبَاطِلِ وَيَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۗ وَالَّذِينَ يَكْنِزُونَ الذَّهَبَ وَالْفِضَّةَ وَلَا يُنْفِقُونَهَا فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَبَشِّرْهُمْ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
ХIай ийман диллинарш! Баккъалла а, ахьбарех а‚ руханех а дукхаберш харцонца нехан даьхни дууш бу хьуна‚ Делан некъах (шайна тIаьхьахIуьтту нах) дIатоьттуш а бу. Деший а‚ детий а гулдеш болчаьрга‚ Делан новкъахь цуьнца харж ца еш – царна ахь кхаъ баккхалахь шайна лазош долу Iазап хирг хиларца
9:34 -
يَوْمَ يُحْمَىٰ عَلَيْهَا فِي نَارِ جَهَنَّمَ فَتُكْوَىٰ بِهَا جِبَاهُهُمْ وَجُنُوبُهُمْ وَظُهُورُهُمْ ۖ هَٰذَا مَا كَنَزْتُمْ لِأَنْفُسِكُمْ فَذُوقُوا مَا كُنْتُمْ تَكْنِزُونَ
Цхьана дийнахь (къематдийнахь) жоьжахатин цIергахь лалор ду и (цара дуьненахь гулдина хилла долу деши а, дети а)‚ тккха цуьнца хст дийр ду церан хьаьжашна а‚ церан агIонашна а‚ церан баккъашна а: 'ХIара ду аш шайна гулдинарг‚ Iовша шаьш гулдеш хилларг'‚ (олуш маликаша)
9:35 -
إِنَّ عِدَّةَ الشُّهُورِ عِنْدَ اللَّهِ اثْنَا عَشَرَ شَهْرًا فِي كِتَابِ اللَّهِ يَوْمَ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ مِنْهَا أَرْبَعَةٌ حُرُمٌ ۚ ذَٰلِكَ الدِّينُ الْقَيِّمُ ۚ فَلَا تَظْلِمُوا فِيهِنَّ أَنْفُسَكُمْ ۚ وَقَاتِلُوا الْمُشْرِكِينَ كَافَّةً كَمَا يُقَاتِلُونَكُمْ كَافَّةً ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ
Баккъалла а, беттанийн дукхалла Далла гергахь – шийтта бутт бу /шарна чохь/ Делан Жайни чохь язбина Цо стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу дийнахь‚ царах биъ беза бу (зуль-къаIада‚ зуль-хьиджа‚ мухьаррам‚ раджаб). И ду бакъ долу дин. Цу чохь шайна зулам ма де. ТIом бе массо мушрикашца цара шуьца массаьрца а тIом баре терра‚ шуна хаалаш, и Дела (Шех кхоьручаьрца) вуйла
9:36
Гочдар: Магомед Магомедов