Мусхаф., агӏо 193
-
إِنَّمَا النَّسِيءُ زِيَادَةٌ فِي الْكُفْرِ ۖ يُضَلُّ بِهِ الَّذِينَ كَفَرُوا يُحِلُّونَهُ عَامًا وَيُحَرِّمُونَهُ عَامًا لِيُوَاطِئُوا عِدَّةَ مَا حَرَّمَ اللَّهُ فَيُحِلُّوا مَا حَرَّمَ اللَّهُ ۚ زُيِّنَ لَهُمْ سُوءُ أَعْمَالِهِمْ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ
(Цхьа беза бутт кхечу баттал ) тIаьхьататтар керстаналлехь совдийлар ду‚ шеца цатешарш тилош, цхьана шарахь хьанал беш и (беза бутт‚ цу чохь тIом бан магош)‚ вукху шарахь хьарам беш, Дала даздинчийн (беттанийн) дукхаллица и цхьаьнабогIуш хилийтархьама – хьанал до цара Дала хьарам динарш. Хазйина царна шайн вон малш. Дала ца нисдо керста къам
9:37 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا مَا لَكُمْ إِذَا قِيلَ لَكُمُ انْفِرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الْأَرْضِ ۚ أَرَضِيتُمْ بِالْحَيَاةِ الدُّنْيَا مِنَ الْآخِرَةِ ۚ فَمَا مَتَاعُ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فِي الْآخِرَةِ إِلَّا قَلِيلٌ
ХIай ийман диллинарш! Шуна хIун хилла, шайга Делан новкъахь (гIазотана) арадовла аьлча, /лаьттахь/ дазлой ма Iа шу (гIазоте ца доьлхуш)? Эхартал дуьненан дахарна реза хилла-те шу? Ма кIеззиг хIума ю-кх и, дуьненан дахар, эхартаца юьстича!
9:38 -
إِلَّا تَنْفِرُوا يُعَذِّبْكُمْ عَذَابًا أَلِيمًا وَيَسْتَبْدِلْ قَوْمًا غَيْرَكُمْ وَلَا تَضُرُّوهُ شَيْئًا ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Шу гIазотана ара ца довлахь – Цо шуна лазош долу Iазап дийр ду‚ хуьйцур ду шу кхечу къомаца‚ аш Цунна зен дийр дац цхьанна хIуманца а. Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ болуш ву
9:39 -
إِلَّا تَنْصُرُوهُ فَقَدْ نَصَرَهُ اللَّهُ إِذْ أَخْرَجَهُ الَّذِينَ كَفَرُوا ثَانِيَ اثْنَيْنِ إِذْ هُمَا فِي الْغَارِ إِذْ يَقُولُ لِصَاحِبِهِ لَا تَحْزَنْ إِنَّ اللَّهَ مَعَنَا ۖ فَأَنْزَلَ اللَّهُ سَكِينَتَهُ عَلَيْهِ وَأَيَّدَهُ بِجُنُودٍ لَمْ تَرَوْهَا وَجَعَلَ كَلِمَةَ الَّذِينَ كَفَرُوا السُّفْلَىٰ ۗ وَكَلِمَةُ اللَّهِ هِيَ الْعُلْيَا ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Аш цунна (вай пайхамарна Мухьаммадана гIазоте хIуттуш) гIо ца дахь – Дала гIо дира цунна керстанаша иза /Маккара/ араваьккхинчу хенахь‚ цу шиннах цхьаъ и волуш. Уьш шиъ хьехахь волуш‚ цо (пайхамара) элира шен накъосте (Абу-Бакре): 'Хьо гIайгIане ма вожалахь‚ вайца Дела ву хьуна'. Дала син-паргIато йоссийра цунна тIе‚ Цо чIагIвира и эскарца‚ шуна ша гуш ца хилла долчу‚ цатешачеран дош бухахь хилийтира. Делан дош – и ду лакхахь дерг‚ Дела Ша веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву
9:40
Гочдар: Магомед Магомедов