Мусхаф., агӏо 194
-
انْفِرُوا خِفَافًا وَثِقَالًا وَجَاهِدُوا بِأَمْوَالِكُمْ وَأَنْفُسِكُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
Арадовла шаьш дайн дерш а‚ деза дерш а‚ къахьега (гIазот де) шайн даьхница а‚ шайн синошца а Делан новкъахь. И дика ду шуна, шу хууш хиллехь
9:41 -
لَوْ كَانَ عَرَضًا قَرِيبًا وَسَفَرًا قَاصِدًا لَاتَّبَعُوكَ وَلَٰكِنْ بَعُدَتْ عَلَيْهِمُ الشُّقَّةُ ۚ وَسَيَحْلِفُونَ بِاللَّهِ لَوِ اسْتَطَعْنَا لَخَرَجْنَا مَعَكُمْ يُهْلِكُونَ أَنْفُسَهُمْ وَاللَّهُ يَعْلَمُ إِنَّهُمْ لَكَاذِبُونَ
Iалашо гергахь хилахь‚ некъ атта а хилахь – хьуна тIаьхьахIуьтту уьш‚ хIетте а (некъ) гена хиларца хилла царна /хало/. Делаца дуйнаш буур бу цара: 'Шайн ницкъ кхачахьара, шуьца арадевр дара шаьш' (гIазотана)‚ бохуш. Шаьш- шайн хIаллакдо цара. Далла хаьа уьш харцлуьйш буйла
9:42 -
عَفَا اللَّهُ عَنْكَ لِمَ أَذِنْتَ لَهُمْ حَتَّىٰ يَتَبَيَّنَ لَكَ الَّذِينَ صَدَقُوا وَتَعْلَمَ الْكَاذِبِينَ
Дела къинтIеравер хьуна! Ахь хIунда пурба делла царна хьайна бакълуьйш берш билгалбовллалц‚ харцлуьйш берш бовззаллц?
9:43 -
لَا يَسْتَأْذِنُكَ الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ أَنْ يُجَاهِدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالْمُتَّقِينَ
Хьоьга пурба доьхур дац хьуна Делах а‚ тьххьарчу дийнах а тешаш болчара шайн даьхница а‚ шайн синошца а гIазот ца дан. Дела хууш ву (Шех) кхоьруш берш
9:44 -
إِنَّمَا يَسْتَأْذِنُكَ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَارْتَابَتْ قُلُوبُهُمْ فَهُمْ فِي رَيْبِهِمْ يَتَرَدَّدُونَ
Хьоьга пурба доьху Делах а, тьххьарчу дийнах а цатешачара‚ шайн дегнаша шеко ечара‚ – уьш шайн шекона чохь ойланаш керчош бу
9:45 -
وَلَوْ أَرَادُوا الْخُرُوجَ لَأَعَدُّوا لَهُ عُدَّةً وَلَٰكِنْ كَرِهَ اللَّهُ انْبِعَاثَهُمْ فَثَبَّطَهُمْ وَقِيلَ اقْعُدُوا مَعَ الْقَاعِدِينَ
Шаьш /гIазотана/ арабовла лууш хиллехьара‚ цунна кечам бина хир бара цара‚ делахь а, Далла ца деза церан гучубовлар /гIазотана/. Цо уьш бухабуьтуш бу /шуьца гIазотана арабовларх, мало ярца/‚ элира /цаьрга/: 'Охьаховжший Iиэ охьахевшина Iачаьрца' (зударшца а‚ берашца а‚ къеначу нахаца а)
9:46 -
لَوْ خَرَجُوا فِيكُمْ مَا زَادُوكُمْ إِلَّا خَبَالًا وَلَأَوْضَعُوا خِلَالَكُمْ يَبْغُونَكُمُ الْفِتْنَةَ وَفِيكُمْ سَمَّاعُونَ لَهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِالظَّالِمِينَ
Шуьца уьш арабевллехьара а‚ шу совдохур ма дацара цара низам дохорца а бен‚ шун юкъаметтиг эгIор ма яра цара, шуна питана лоьхуш. Шуна юккъехь ма бу цаьрга ладоьгIуш берш. Дела бевзаш ву-кх зуламе берш
9:47
Гочдар: Магомед Магомедов