Мусхаф., агӏо 195
-
لَقَدِ ابْتَغَوُا الْفِتْنَةَ مِنْ قَبْلُ وَقَلَّبُوا لَكَ الْأُمُورَ حَتَّىٰ جَاءَ الْحَقُّ وَظَهَرَ أَمْرُ اللَّهِ وَهُمْ كَارِهُونَ
Хьалха а питана лехира цара‚ хьуна мекарлонаш йира бакъдерг даллалц. Делан гIуллакх гучуделира, уьш (и) ца дезарш а болуш
9:48 -
وَمِنْهُمْ مَنْ يَقُولُ ائْذَنْ لِي وَلَا تَفْتِنِّي ۚ أَلَا فِي الْفِتْنَةِ سَقَطُوا ۗ وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمُحِيطَةٌ بِالْكَافِرِينَ
Царах ву ша олуш верг: 'Пурба лохьа суна /гIазотана ара ца вāла/‚ питана ма де суна'. Ткъа питанна чуэгна бац уьш? Баккъалла а, жоьжахати гуо бийр болуш ма ю керстанашна
9:49 -
إِنْ تُصِبْكَ حَسَنَةٌ تَسُؤْهُمْ ۖ وَإِنْ تُصِبْكَ مُصِيبَةٌ يَقُولُوا قَدْ أَخَذْنَا أَمْرَنَا مِنْ قَبْلُ وَيَتَوَلَّوْا وَهُمْ فَرِحُونَ
Хьуна диканиг хилахь‚ цо вон хоьтуьйту царна. Хьуна хало хилахь‚ цара олу: 'Оха хьалха тийцира тхешан гIуллакх' (гIазоте ца даха сацам бира оха хьалха‚ цундела тхуна вон ца хили). Уьш дIабирзира, шаьш баккхийбеш
9:50 -
قُلْ لَنْ يُصِيبَنَا إِلَّا مَا كَتَبَ اللَّهُ لَنَا هُوَ مَوْلَانَا ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ
Ахь āла: 'Тхуна хиланне а хир ма дац Дала тхуна яздинарг бен. И ву тхан гIоьнча'‚ Далла тIетевжийла муъмин нах
9:51 -
قُلْ هَلْ تَرَبَّصُونَ بِنَا إِلَّا إِحْدَى الْحُسْنَيَيْنِ ۖ وَنَحْنُ نَتَرَبَّصُ بِكُمْ أَنْ يُصِيبَكُمُ اللَّهُ بِعَذَابٍ مِنْ عِنْدِهِ أَوْ بِأَيْدِينَا ۖ فَتَرَبَّصُوا إِنَّا مَعَكُمْ مُتَرَبِّصُونَ
Ахь āла: 'Шина диканах цхьаннан а бен хьоьжийла дарий шун тхуна? Тхо хьоьжуш ду шуна Дала шегара я тхан куьйгашца Iазап кхачориг хиларе. Хьоьжуш Iе‚ тхо а шуьца цхьаьна хьоьжуш Iийр ду'
9:52 -
قُلْ أَنْفِقُوا طَوْعًا أَوْ كَرْهًا لَنْ يُتَقَبَّلَ مِنْكُمْ ۖ إِنَّكُمْ كُنْتُمْ قَوْمًا فَاسِقِينَ
Āла: 'СагIа ло шайна лаахь а‚ ца лаахь а‚ шуьгара данне а къобалдийр дац и. Баккъалла а, шу хили-кх фасикъ къам'
9:53 -
وَمَا مَنَعَهُمْ أَنْ تُقْبَلَ مِنْهُمْ نَفَقَاتُهُمْ إِلَّا أَنَّهُمْ كَفَرُوا بِاللَّهِ وَبِرَسُولِهِ وَلَا يَأْتُونَ الصَّلَاةَ إِلَّا وَهُمْ كُسَالَىٰ وَلَا يُنْفِقُونَ إِلَّا وَهُمْ كَارِهُونَ
Цаьргара сагIа къобалдар духатоьхна уьш Делах а‚ элчанах а ца тешаш хиларо‚ шаьш мало еш бен цара ламаз цадаро‚ ца лууш, халла бен цара сагIа а цадаккхаро
9:54
Гочдар: Магомед Магомедов