Мусхаф., агӏо 196

  1. فَلَا تُعْجِبْكَ أَمْوَالُهُمْ وَلَا أَوْلَادُهُمْ ۚ إِنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ لِيُعَذِّبَهُمْ بِهَا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَتَزْهَقَ أَنْفُسُهُمْ وَهُمْ كَافِرُونَ

    Ахь тамаша ма бойла церан даьхнех а‚ церан доьзалех а. Далла лууш ду цаьрца царна Iазап дан дуьненан дахарехь‚ синош арадевр ду церан уьш керста хьолехь а болуш

    9:55
  2. وَيَحْلِفُونَ بِاللَّهِ إِنَّهُمْ لَمِنْكُمْ وَمَا هُمْ مِنْكُمْ وَلَٰكِنَّهُمْ قَوْمٌ يَفْرَقُونَ

    Цара Делаца дуйнаш буу шаьш шух ду‚ бохуш‚ шух бац уьш‚ хIетте а къаьсташ къам ду уьш

    9:56
  3. لَوْ يَجِدُونَ مَلْجَأً أَوْ مَغَارَاتٍ أَوْ مُدَّخَلًا لَوَلَّوْا إِلَيْهِ وَهُمْ يَجْمَحُونَ

    Шайна лачкъа меттиг караяхь‚ лаьттах бола меттиг караяхь я чудовла меттиг караяхь – цига сихлур бу уьш чехка /къаьхкина говр санна/

    9:57
  4. وَمِنْهُمْ مَنْ يَلْمِزُكَ فِي الصَّدَقَاتِ فَإِنْ أُعْطُوا مِنْهَا رَضُوا وَإِنْ لَمْ يُعْطَوْا مِنْهَا إِذَا هُمْ يَسْخَطُونَ

    Царах бу хьуна ирча бехкаш бохуш берш сагIадаккхарехь‚ цунах шайна делча, реза хуьлу уьш‚ цунах шайна ца лахь – уьш оьгIазъоьху

    9:58
  5. وَلَوْ أَنَّهُمْ رَضُوا مَا آتَاهُمُ اللَّهُ وَرَسُولُهُ وَقَالُوا حَسْبُنَا اللَّهُ سَيُؤْتِينَا اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ وَرَسُولُهُ إِنَّا إِلَى اللَّهِ رَاغِبُونَ

    Уьш реза хиллехьара Дала а‚ Цуьнан элчано а шайна деллачунна‚ аьллехьара цара: 'Тхуна кхачам болуш ву-кх Дела‚ тIаьхьа лур ду тхуна Дала Шен комаьршаллах. Цуьнан элчано а /лур ду тхуна/‚ баккъалла а, тхо Деле догдохуш ду-кх' /дика хир дара-кх царна/

    9:59
  6. إِنَّمَا الصَّدَقَاتُ لِلْفُقَرَاءِ وَالْمَسَاكِينِ وَالْعَامِلِينَ عَلَيْهَا وَالْمُؤَلَّفَةِ قُلُوبُهُمْ وَفِي الرِّقَابِ وَالْغَارِمِينَ وَفِي سَبِيلِ اللَّهِ وَابْنِ السَّبِيلِ ۖ فَرِيضَةً مِنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    СагIанаш ло Дала тдахкарца пекъаршна а‚ мискачарна а‚ царна тIехь болх бечарна а‚ дегнаш кIаддархьама а‚ леш азатбахарехь а‚ декхаршна кIелбисинчарна а‚ Делан новкъахь а‚ некъан накъостана а. Дела хууш а ву‚ /нийса/ хьукма деш а ву

    9:60
  7. وَمِنْهُمُ الَّذِينَ يُؤْذُونَ النَّبِيَّ وَيَقُولُونَ هُوَ أُذُنٌ ۚ قُلْ أُذُنُ خَيْرٍ لَكُمْ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَيُؤْمِنُ لِلْمُؤْمِنِينَ وَرَحْمَةٌ لِلَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ ۚ وَالَّذِينَ يُؤْذُونَ رَسُولَ اللَّهِ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Царах бу пайхамарна халахоьтуьйтуш берш‚ шаьш олуш: 'Иза (пайхамар) – лергаш ду' (массо а хIума хезаш ду-кх цунна). Ахь āла: 'Дикаллин лергаш ду-кх шуна‚ тешаш ву и (Мухьаммад пайхамар) Делах а‚ тешаш ву и муъмин нахах а‚ шух ийман диллинчарна къинхетам а бу и'. Делан элчанна халахоьтуьйтуш берш – царна ду лазош долу Iазап

    9:61

Гочдар: Магомед Магомедов