Мусхаф., агӏо 197

  1. يَحْلِفُونَ بِاللَّهِ لَكُمْ لِيُرْضُوكُمْ وَاللَّهُ وَرَسُولُهُ أَحَقُّ أَنْ يُرْضُوهُ إِنْ كَانُوا مُؤْمِنِينَ

    Шуна Делаца дуйнаш буу цара шу резадархьама. Дела а‚ Цуьнан элча а хьакъ бара-кх цара резабан, шаьш муъмин нах хиллехь

    9:62
  2. أَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّهُ مَنْ يُحَادِدِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَأَنَّ لَهُ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدًا فِيهَا ۚ ذَٰلِكَ الْخِزْيُ الْعَظِيمُ

    Царна ца хаьа-те Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьало йинчунна жоьжахатин цIе хир юйла, и цу чохь гуттар лаьтташ? Ма еза- йоккха сийсазалла ю-кх и!

    9:63
  3. يَحْذَرُ الْمُنَافِقُونَ أَنْ تُنَزَّلَ عَلَيْهِمْ سُورَةٌ تُنَبِّئُهُمْ بِمَا فِي قُلُوبِهِمْ ۚ قُلِ اسْتَهْزِئُوا إِنَّ اللَّهَ مُخْرِجٌ مَا تَحْذَرُونَ

    Кхоьруш бу мунепикъаш цаьрга (бусалба нахе) шайн дегнашкахь дерг дуьйцуш сурат доссарах. Ахь āла: 'Ма дāша шу' (ма лара аш дин а‚ Дела а‚ бусалбанаш а). Баккъалла а, Дела арадоккхург ву шу кхоьруш (ларлуш) дерг

    9:64
  4. وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ لَيَقُولُنَّ إِنَّمَا كُنَّا نَخُوضُ وَنَلْعَبُ ۚ قُلْ أَبِاللَّهِ وَآيَاتِهِ وَرَسُولِهِ كُنْتُمْ تَسْتَهْزِئُونَ

    Ахь цаьрга хаьттича‚ цара эр ма ду хьуна: 'Тхо-м забар еш‚ ловзуш дарий'. Ахь āла: 'Делах а‚ Цуьнан аятех а‚ Цуьнан элчанах а кхаьрдаш хилла шу?'

    9:65
  5. لَا تَعْتَذِرُوا قَدْ كَفَرْتُمْ بَعْدَ إِيمَانِكُمْ ۚ إِنْ نَعْفُ عَنْ طَائِفَةٍ مِنْكُمْ نُعَذِّبْ طَائِفَةً بِأَنَّهُمْ كَانُوا مُجْرِمِينَ

    Бехказлонаш ма е аш. Керстаналла деана аш шайн ийманал тIаьхьа‚ шух цхьана тобанна Тхо къинтIера довлахь а‚ кхечу тобанна Оха Iазап дийр ду уьш хиларна къинош деш

    9:66
  6. الْمُنَافِقُونَ وَالْمُنَافِقَاتُ بَعْضُهُمْ مِنْ بَعْضٍ ۚ يَأْمُرُونَ بِالْمُنْكَرِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمَعْرُوفِ وَيَقْبِضُونَ أَيْدِيَهُمْ ۚ نَسُوا اللَّهَ فَنَسِيَهُمْ ۗ إِنَّ الْمُنَافِقِينَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Мунепикъ божарий а‚ мунепикъ зударий а – уьш цхьаберш вукхарах бу. Вониг омра до цара‚ диканиг ма де олу‚ шайн куьйгаш дIакъовлу цара (сагIа ца луш‚ Делан новкъахь харж ца еш). Дела вицвина цара – Цо а бицбина уьш /Шен къинхетамах/. Баккъалла а, мунепикъаш уьш бу-кх фасикъаш

    9:67
  7. وَعَدَ اللَّهُ الْمُنَافِقِينَ وَالْمُنَافِقَاتِ وَالْكُفَّارَ نَارَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ هِيَ حَسْبُهُمْ ۚ وَلَعَنَهُمُ اللَّهُ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ مُقِيمٌ

    Дала ваIда йина мунепикъ божаршна а‚ мунепикъ зударшна а‚ керстанашна а жоьжахатин цIарца‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар а болуш. И ю царна кхачо йийриг‚ Дала неIалт аьлла царна‚ царна дхIоьттина долу Iазап ду

    9:68

Гочдар: Магомед Магомедов