Мусхаф., агӏо 198
-
كَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ كَانُوا أَشَدَّ مِنْكُمْ قُوَّةً وَأَكْثَرَ أَمْوَالًا وَأَوْلَادًا فَاسْتَمْتَعُوا بِخَلَاقِهِمْ فَاسْتَمْتَعْتُمْ بِخَلَاقِكُمْ كَمَا اسْتَمْتَعَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ بِخَلَاقِهِمْ وَخُضْتُمْ كَالَّذِي خَاضُوا ۚ أُولَٰئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Шул хьалха хиллачарех тера /ду иза, хIай мунапикъаш/. Шул чIогIа бара уьш ницкъанца‚ алсам бара даьхница а‚ доьзалшца а. Шайн декъах зовкх хьийгира цара‚ шайн декъах зовкх хьийгира аша а‚ шул хьалха хиллачара а зовкх хьегарх терра шайн декъах‚ /харцонна а, тиларна а/ чу дахара шу, /шул хьалха/ уьш цу чу бахарх терра. Уьш бу-кх шайн Iамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а‚ уьш бу-кх шаьш эшнарш
9:69 -
أَلَمْ يَأْتِهِمْ نَبَأُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ وَقَوْمِ إِبْرَاهِيمَ وَأَصْحَابِ مَدْيَنَ وَالْمُؤْتَفِكَاتِ ۚ أَتَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ ۖ فَمَا كَانَ اللَّهُ لِيَظْلِمَهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ
Цаьрга ца деана-те шайл хьалха хиллачу Нухьан‚ Iадин‚ Самудан къаьмнийн хабар‚ ИбрахIиман къоман‚ Мадъянан дайн‚ Муътафикатийн хабар? Цаьрга шайн элчанаш ма баьхкира билгалонашца. Дела ца хилла царна зулам деш‚ хIетте а, шаьш хилла уьш шайна зулам деш
9:70 -
وَالْمُؤْمِنُونَ وَالْمُؤْمِنَاتُ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۚ يَأْمُرُونَ بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَوْنَ عَنِ الْمُنْكَرِ وَيُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَيُطِيعُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ أُولَٰئِكَ سَيَرْحَمُهُمُ اللَّهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Муъмин божарий‚ муъмин зударий – цхьаберш вовшийн доттагIий (верасаш) бу‚ дикачуьнца омра деш‚ /вон дерг ма де олуш/ вочух духатухуш‚ ламаз хIоттадеш‚ закат луш‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь а болуш. Царах тIаккха къинхетам бийр бу Дала. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а
9:71 -
وَعَدَ اللَّهُ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا وَمَسَاكِنَ طَيِّبَةً فِي جَنَّاتِ عَدْنٍ ۚ وَرِضْوَانٌ مِنَ اللَّهِ أَكْبَرُ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Дала ваIда йина муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а /ялсаманин/ бошмаш, шайн бухахула хиш оьхуш йолу‚ цу чохь уьш гуттар лаьтташ‚ Iадн (ялсаманин) бошмашкахь цIена гIишлош а. Делера резахилар вуно доккха ду – иза сийлахь-боккха толам бу-кх!
9:72
Гочдар: Магомед Магомедов