Мусхаф., агӏо 199

  1. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ جَاهِدِ الْكُفَّارَ وَالْمُنَافِقِينَ وَاغْلُظْ عَلَيْهِمْ ۚ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    ХIай пайхамар! Къийсам латтабе керстанашца а‚ мунепикъашца а‚ кIоршаме хила цаьрца. Церан чохьIойла жоьжахати ю, – вон дIадерзар ду-кх иза

    9:73
  2. يَحْلِفُونَ بِاللَّهِ مَا قَالُوا وَلَقَدْ قَالُوا كَلِمَةَ الْكُفْرِ وَكَفَرُوا بَعْدَ إِسْلَامِهِمْ وَهَمُّوا بِمَا لَمْ يَنَالُوا ۚ وَمَا نَقَمُوا إِلَّا أَنْ أَغْنَاهُمُ اللَّهُ وَرَسُولُهُ مِنْ فَضْلِهِ ۚ فَإِنْ يَتُوبُوا يَكُ خَيْرًا لَهُمْ ۖ وَإِنْ يَتَوَلَّوْا يُعَذِّبْهُمُ اللَّهُ عَذَابًا أَلِيمًا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۚ وَمَا لَهُمْ فِي الْأَرْضِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا نَصِيرٍ

    Цара (мунепикъаша) дуйнаш буу Делах‚ ца аьлла /пайхамарна вониг/ шаьш‚ бохуш. Аьлла цара керстаналлин дош‚ царах керстанаш хилла шаьш бусалбанаш хиллачул тIаьхьа‚ шайна карх ца даьлларг дан хьаьвсира уьш. Бекхам ца бира цара беккъа Дала а‚ Цуьнан элчано а шайна Шен (Делан) комаьршаллах хьал даларна а бен. Цара тōба динехьара, дика хир дара царна. Уьш дIаберзахь– лазош долчу Iазапца Iазап дийр ду Дала царна дуьненахь а‚ эхартахь а. Ма вац царна лаьттахь верас а‚ гIоьнча а!

    9:74
  3. وَمِنْهُمْ مَنْ عَاهَدَ اللَّهَ لَئِنْ آتَانَا مِنْ فَضْلِهِ لَنَصَّدَّقَنَّ وَلَنَكُونَنَّ مِنَ الصَّالِحِينَ

    Царах бу шаьш Делаца ваIда йинарш: 'Цо тхуна Шен комаьршаллах /ниIмат/ лахь‚ /шортта/ лур ма ду шаьш /дала дезачунна/ сагIа, хиллане а хир ду шаьш дикачарах'‚ аьлла

    9:75
  4. فَلَمَّا آتَاهُمْ مِنْ فَضْلِهِ بَخِلُوا بِهِ وَتَوَلَّوْا وَهُمْ مُعْرِضُونَ

    Цо Шен комаьршаллах шайна делча‚ уьш цуьнца бьрмациг хилира‚ дIабирзира, шаьш дуьхьал а хуьлуш

    9:76
  5. فَأَعْقَبَهُمْ نِفَاقًا فِي قُلُوبِهِمْ إِلَىٰ يَوْمِ يَلْقَوْنَهُ بِمَا أَخْلَفُوا اللَّهَ مَا وَعَدُوهُ وَبِمَا كَانُوا يَكْذِبُونَ

    Церан дегнашка Цо доссийра мунепикъалла, уьш Цунна дуьхьалкхетар болчу /къемат/де тIекхаччалц‚ цара шаьш Делаца йина ваIда йохийна хиларна а‚ уьш шаьш харцлуьйш хиларна а

    9:77
  6. أَلَمْ يَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ سِرَّهُمْ وَنَجْوَاهُمْ وَأَنَّ اللَّهَ عَلَّامُ الْغُيُوبِ

    Царна ца хаьа-те Далла хууш хилар шайн къайле а‚ шайн къайлаха хабарш а‚ и Дела Ша хьуламехь долу хIуманаш дика хууш верг хилар а?

    9:78
  7. الَّذِينَ يَلْمِزُونَ الْمُطَّوِّعِينَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ فِي الصَّدَقَاتِ وَالَّذِينَ لَا يَجِدُونَ إِلَّا جُهْدَهُمْ فَيَسْخَرُونَ مِنْهُمْ ۙ سَخِرَ اللَّهُ مِنْهُمْ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Муъмин нахах сагIанашкахь муьтIахь болчарах а‚ шайна /сагна дала/ халла бен хма цакарийначарах а луьйш берш‚ тIаккха царах кхаьрдашберш, – Дала сийсазабийр бу уьш‚ царна ду лазош долу Iазап

    9:79

Гочдар: Магомед Магомедов