Мусхаф., агӏо 200
-
اسْتَغْفِرْ لَهُمْ أَوْ لَا تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ إِنْ تَسْتَغْفِرْ لَهُمْ سَبْعِينَ مَرَّةً فَلَنْ يَغْفِرَ اللَّهُ لَهُمْ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَفَرُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ ۗ وَاللَّهُ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْفَاسِقِينَ
Ахь гечдар деха царна я гечдар ма деха царна. Ахь царна кхузткъе уьттазза гечдар дехча а – Дала данне а гечдийр долуш дац царна. И ду цара Далла а‚ Цуьнан элчанна а керстаналла дарна. Дала нис ца до фасикъ къам
9:80 -
فَرِحَ الْمُخَلَّفُونَ بِمَقْعَدِهِمْ خِلَافَ رَسُولِ اللَّهِ وَكَرِهُوا أَنْ يُجَاهِدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَقَالُوا لَا تَنْفِرُوا فِي الْحَرِّ ۗ قُلْ نَارُ جَهَنَّمَ أَشَدُّ حَرًّا ۚ لَوْ كَانُوا يَفْقَهُونَ
Баккхийбера шаьш бухабитинарш Делан элчанна тIехьахь хевшина бисарна (гIазоте ца боьлхуш)‚ царна ца дийзира Делан новкъахь шайн даьхница а‚ шайн синошца а къахьега (гIазот дан)‚ цара элира: 'Ма довла /гIазотана ара/ хкху йовхонехь'. Ахь āла: 'Жоьжахатин цIе йовха хиларца кхин а нуьцкъала ю'‚ уьш кхеташ хиллехь
9:81 -
فَلْيَضْحَكُوا قَلِيلًا وَلْيَبْكُوا كَثِيرًا جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
Боьлийла уьш кIеззиг‚ боьлхийла уьш дуккха а шайна карадеш хиллачун /вочун/ бекхамна
9:82 -
فَإِنْ رَجَعَكَ اللَّهُ إِلَىٰ طَائِفَةٍ مِنْهُمْ فَاسْتَأْذَنُوكَ لِلْخُرُوجِ فَقُلْ لَنْ تَخْرُجُوا مَعِيَ أَبَدًا وَلَنْ تُقَاتِلُوا مَعِيَ عَدُوًّا ۖ إِنَّكُمْ رَضِيتُمْ بِالْقُعُودِ أَوَّلَ مَرَّةٍ فَاقْعُدُوا مَعَ الْخَالِفِينَ
Дала хьо юхаверзийча царах цхьана тобанна тIе, хьоьга пурба доьху цара ара довла / кхечу гIазотана/. ТIаккха ахь āла: ' Цкъа а соьца арадевр дац шу‚ соьца цхьаммо а мостагIца тIом бийр бац аш. Шу реза хилла дуьххьара хевшина Iен – ховший Iиэ хIинца а бухабисинчаьрца'
9:83 -
وَلَا تُصَلِّ عَلَىٰ أَحَدٍ مِنْهُمْ مَاتَ أَبَدًا وَلَا تَقُمْ عَلَىٰ قَبْرِهِ ۖ إِنَّهُمْ كَفَرُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ وَمَاتُوا وَهُمْ فَاسِقُونَ
Царах цхьаъ велча, цкъа а /докъа/ламаз ма де /цунна тхь/‚ цуьнан коша тIе ма хIотта. Баккъалла а, цара керстаналла дина Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ уьш белла шаьш фасикъ хьолехь а болуш
9:84 -
وَلَا تُعْجِبْكَ أَمْوَالُهُمْ وَأَوْلَادُهُمْ ۚ إِنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ أَنْ يُعَذِّبَهُمْ بِهَا فِي الدُّنْيَا وَتَزْهَقَ أَنْفُسُهُمْ وَهُمْ كَافِرُونَ
Хьоьга тамаша ма бойтийла церан бахамо а‚ церан доьзалша а. Далла лаьа цуьнца царна Iазап дан дуьненахь а‚ церан садала (бала), уьш керстанаш а болуш
9:85 -
وَإِذَا أُنْزِلَتْ سُورَةٌ أَنْ آمِنُوا بِاللَّهِ وَجَاهِدُوا مَعَ رَسُولِهِ اسْتَأْذَنَكَ أُولُو الطَّوْلِ مِنْهُمْ وَقَالُوا ذَرْنَا نَكُنْ مَعَ الْقَاعِدِينَ
Сурат доьссича, Делах а теша‚ Цуьнан элчанца гIазот а де‚ аьлла‚ царах хьалдолчара хьоьга пурба дийхира‚ цара элира: 'Дитахь тхо‚ хевшина ьчаьрца хир дара тхо'
9:86
Гочдар: Магомед Магомедов