Мусхаф., агӏо 267

  1. الَّذِينَ جَعَلُوا الْقُرْآنَ عِضِينَ

    Ишттанаш бу уьш шаьш Дешарх (Къуръанах) дāкъош дина болу

    15:91
  2. فَوَرَبِّكَ لَنَسْأَلَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ

    Хьан Кхиош-кхобучу Делора, Оха хаттаза дуьтур ма дац цаьрга массаьрга а

    15:92
  3. عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Цара шаьш деш хиллачух

    15:93
  4. فَاصْدَعْ بِمَا تُؤْمَرُ وَأَعْرِضْ عَنِ الْمُشْرِكِينَ

    ДIакхайкхаде /хозуьйтуш/ хьайга омра динарг‚ /Делаца/ накъост лоцучарах дIаверза

    15:94
  5. إِنَّا كَفَيْنَاكَ الْمُسْتَهْزِئِينَ

    Баккъалла а, Оха клхьарваьккхира хьо /хьох/ кхаьрдачарах‚

    15:95
  6. الَّذِينَ يَجْعَلُونَ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ ۚ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ

    Шаьш Делаца кхин дела а хуьлуьйтуш болчу. Кеста хуур ду царна /шаьш деш хиллачун жам

    15:96
  7. وَلَقَدْ نَعْلَمُ أَنَّكَ يَضِيقُ صَدْرُكَ بِمَا يَقُولُونَ

    Тхо хууш ду хьан дог ьвдаш хилар цара /мушрикунаша хьан динах лаьцна/ дуьйцучух

    15:97
  8. فَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ وَكُنْ مِنَ السَّاجِدِينَ

    Тасбихь де хьайн Кхиош-Кхобучунна хастамбарца‚ сужуд дечарах хила

    15:98
  9. وَاعْبُدْ رَبَّكَ حَتَّىٰ يَأْتِيَكَ الْيَقِينُ

    Хьайн Кхиош-Кхобучунна Iибадат де хьайга бакъдерг кхаччалц

    15:99
  10. أَتَىٰ أَمْرُ اللَّهِ فَلَا تَسْتَعْجِلُوهُ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Делан омра кхаьчна (гергадеана къематде хIоттар)‚ и сихдар ма лехалаш. Вонах цIена ву Иза‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх

    16:1
  11. يُنَزِّلُ الْمَلَائِكَةَ بِالرُّوحِ مِنْ أَمْرِهِ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ أَنْ أَنْذِرُوا أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاتَّقُونِ

    Маликаш диссадо Цо сица Шегара омраца Шен лех Шена луучуьнга 'Аш дIахьеде: Со воцург кхин дела цахилар‚ Сох кхералаш'‚ олий

    16:2
  12. خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ تَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца. Лакхавели И цара /Шеца/ накъост лацарх

    16:3
  13. خَلَقَ الْإِنْسَانَ مِنْ نُطْفَةٍ فَإِذَا هُوَ خَصِيمٌ مُبِينٌ

    Адам кхоьллина Цо тIадамах‚ ткъа иза билггал мостагI ву-кх (керста, Далла инкарло еш волу)

    16:4
  14. وَالْأَنْعَامَ خَلَقَهَا ۗ لَكُمْ فِيهَا دِفْءٌ وَمَنَافِعُ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ

    Даьхни а – Цо кхоьллина иза. Цуьнца шуна йовхо а ю (‚ пайданаш а бу‚ царах аш доу.?

    16:5
  15. وَلَكُمْ فِيهَا جَمَالٌ حِينَ تُرِيحُونَ وَحِينَ تَسْرَحُونَ

    Шуна цаьргахь хазалла ю, аш /уьш/ чулохкучу хенахь а‚ аш дажа арадохуш а

    16:6

Гочдар: Магомед Магомедов