Мусхаф., агӏо 271

  1. وَقَالَ الَّذِينَ أَشْرَكُوا لَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا عَبَدْنَا مِنْ دُونِهِ مِنْ شَيْءٍ نَحْنُ وَلَا آبَاؤُنَا وَلَا حَرَّمْنَا مِنْ دُونِهِ مِنْ شَيْءٍ ۚ كَذَٰلِكَ فَعَلَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ فَهَلْ عَلَى الرُّسُلِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ

    /Делаца/ накъост лаьцначара элира: 'Далла лиънехьара, И воцчу цхьана а хIуманна Iибадат дина хир дацара оха – оха а‚ тхан дайша а‚ Цо ца йинарг, цхьа а хIума хьарам йина хир яцара оха'. Иштта /хьукма/ дора царал хьалха хиллачара а. Элчанашна тIехь дуй ткъа (Дала делларг нахе) къеггина дIакхачор бен?

    16:35
  2. وَلَقَدْ بَعَثْنَا فِي كُلِّ أُمَّةٍ رَسُولًا أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاجْتَنِبُوا الطَّاغُوتَ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ هَدَى اللَّهُ وَمِنْهُمْ مَنْ حَقَّتْ عَلَيْهِ الضَّلَالَةُ ۚ فَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ

    ХIор уммате Оха ваийтира элча‚ Далла Iибадат де‚ тIагIутах генадовла‚ аьлла. Царах (оцу умматех) Дала нисбинарш а бу‚ царах шайна тIехь (нийсачу некъах) дтилар кхочушхилларш а бу. Лела шу лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла /Делан цIена дин / харцдиначеран чаккхе!

    16:36
  3. إِنْ تَحْرِصْ عَلَىٰ هُدَاهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَنْ يُضِلُّ ۖ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ

    Уьш нисбала хьуна мел чг лиъчи а, Дала нис ма ца во Ша тилавала витинарг. Царна (Делан запах клхьарабаха) гIоьнчий ма бац

    16:37
  4. وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ ۙ لَا يَبْعَثُ اللَّهُ مَنْ يَمُوتُ ۚ بَلَىٰ وَعْدًا عَلَيْهِ حَقًّا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    Делах чIогIа дуйнаш ма биъна цара 'Денвийр вац Дала велларг'‚ бохуш. Мелхо а, иза бакъ хилла йолу ваIда ю-кх Цуьнгара! Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх;

    16:38
  5. لِيُبَيِّنَ لَهُمُ الَّذِي يَخْتَلِفُونَ فِيهِ وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّهُمْ كَانُوا كَاذِبِينَ

    Билгалдаккхархьама царна шена чохь церан хилпало ерг‚ керстанашка хаийтархьама шаьш харцлуьйш дерш дуйла

    16:39
  6. إِنَّمَا قَوْلُنَا لِشَيْءٍ إِذَا أَرَدْنَاهُ أَنْ نَقُولَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ

    Баккъалла а, Тхан дош ду цхьана хIумане, Тхуна и /хила/ лиъча, цуьнга 'Хила!' алар. Тккха и хуьлу

    16:40
  7. وَالَّذِينَ هَاجَرُوا فِي اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مَا ظُلِمُوا لَنُبَوِّئَنَّهُمْ فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً ۖ وَلَأَجْرُ الْآخِرَةِ أَكْبَرُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ

    Шайна зулам динчул тIаьхьа Делан дуьхьа (кхечу махкашка) дIакхелхинарш – Оха уьш биссор ма бу дуьненахь а дикачунна тIе‚ эхартан ял-м мелхо а йоккха ю‚ царна (и) хууш хиллехь

    16:41
  8. الَّذِينَ صَبَرُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ

    Уьш бу шаьш собар динарш а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна тIетевжинарш а

    16:42

Гочдар: Магомед Магомедов