Мусхаф., агӏо 272

  1. وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ إِلَّا رِجَالًا نُوحِي إِلَيْهِمْ ۚ فَاسْأَلُوا أَهْلَ الذِّكْرِ إِنْ كُنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    Хьол хьалха а ца бахийтина Оха божарий бен, Оха шайга ваьхьий а луш. Аш хаттал хьехам (хаам) шегахь болчу охIлане, шаьш хиллехь ца хууш

    16:43
  2. بِالْبَيِّنَاتِ وَالزُّبُرِ ۗ وَأَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الذِّكْرَ لِتُبَيِّنَ لِلنَّاسِ مَا نُزِّلَ إِلَيْهِمْ وَلَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ

    Билгалонашца а‚ жайнашца а /бахкийтира Оха элчанаш/. Хьоьга боссийна Оха хьехам, хьоьга нахана билгалдаккхийта а цаьрга доссош хилларг (Делан хьукманаш)‚ уьш ойла еш хилийта а

    16:44
  3. أَفَأَمِنَ الَّذِينَ مَكَرُوا السَّيِّئَاتِ أَنْ يَخْسِفَ اللَّهُ بِهِمُ الْأَرْضَ أَوْ يَأْتِيَهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لَا يَشْعُرُونَ

    Вочуьнца мекарло йинарш тешна бу-те Дала шаьш лаьтте д ца худабайтарх‚ я шайга Iазап догIур цахилрх шайна хаа ца лучухула?

    16:45
  4. أَوْ يَأْخُذَهُمْ فِي تَقَلُّبِهِمْ فَمَا هُمْ بِمُعْجِزِينَ

    Я Цо шаьш схьацалацарх шайн дIай-схьай идаршкахь? Цара кIелдуьтур ма дац /Делан гIуллакх/

    16:46
  5. أَوْ يَأْخُذَهُمْ عَلَىٰ تَخَوُّفٍ فَإِنَّ رَبَّكُمْ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Я Цо шаьш схьалоцург хиларх,шаьш кхерамехь а болуш? Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву

    16:47
  6. أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَىٰ مَا خَلَقَ اللَّهُ مِنْ شَيْءٍ يَتَفَيَّأُ ظِلَالُهُ عَنِ الْيَمِينِ وَالشَّمَائِلِ سُجَّدًا لِلَّهِ وَهُمْ دَاخِرُونَ

    Уьш ца хьовсу-те Дала кхоьлличу хIуманашка, шайн IиндагI Далла сужуд дарций аьтту агIорхьа а‚ аьрру агIорхьа а теIаш йолчу, шаьш /Делан ницкъана/ муьтIахь йолчу?

    16:48
  7. وَلِلَّهِ يَسْجُدُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ مِنْ دَابَّةٍ وَالْمَلَائِكَةُ وَهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ

    Далла сужуд до стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а‚ дийнатех /долчара а/‚ маликаша а, шаьш куралла а ца еш

    16:49
  8. يَخَافُونَ رَبَّهُمْ مِنْ فَوْقِهِمْ وَيَفْعَلُونَ مَا يُؤْمَرُونَ ۩

    Уьш кхоьруш ду шайна тIехь волчу шайн Кхиош-Кхобучух‚ деш ду шайга де бохург

    16:50
  9. وَقَالَ اللَّهُ لَا تَتَّخِذُوا إِلَٰهَيْنِ اثْنَيْنِ ۖ إِنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ فَإِيَّايَ فَارْهَبُونِ

    /Дийца цаьрга, хй Мухьаммад/ Дала элира: 'Аш ма леца ши дела. Иза цхьа Дела ву. Сох (цхьаннах) кхералаш!

    16:51
  10. وَلَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَهُ الدِّينُ وَاصِبًا ۚ أَفَغَيْرَ اللَّهِ تَتَّقُونَ

    Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуьнан ду даима долу дин‚ ткъа Дела воцчух кхоьру шу?

    16:52
  11. وَمَا بِكُمْ مِنْ نِعْمَةٍ فَمِنَ اللَّهِ ۖ ثُمَّ إِذَا مَسَّكُمُ الضُّرُّ فَإِلَيْهِ تَجْأَرُونَ

    Шуьца мел долу ниIмат Делера ду-кх. ТIаккха шаьш цхьана бохамо схьалаьцча – Цуьнга доьху аш мохь бетташ

    16:53
  12. ثُمَّ إِذَا كَشَفَ الضُّرَّ عَنْكُمْ إِذَا فَرِيقٌ مِنْكُمْ بِرَبِّهِمْ يُشْرِكُونَ

    ТIаккха Цо и бала шух дIабаьккхича, шух /цхьана/ тобано шен Кхиош-Кхобучуьнца накъост лоцу

    16:54

Гочдар: Магомед Магомедов