Мусхаф., агӏо 273

  1. لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ ۚ فَتَمَتَّعُوا ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ

    Оха шайна деллачу /ниIматна/ инкарло ярхьама. Зовкх хьега шайна! ТIаьхьа хуур ду шуна /шаьш динчух хиндерг/

    16:55
  2. وَيَجْعَلُونَ لِمَا لَا يَعْلَمُونَ نَصِيبًا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ ۗ تَاللَّهِ لَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنْتُمْ تَفْتَرُونَ

    Оха шайна деллачу рицкъанах шайна /хн ю/ ца хуучарна дāкъа до цара. ТаллахIи‚ шуьга хаттаза дуьтур ма дац аш /Далла дуьхьал/ харц кхуллуш хиллачух

    16:56
  3. وَيَجْعَلُونَ لِلَّهِ الْبَنَاتِ سُبْحَانَهُ ۙ وَلَهُمْ مَا يَشْتَهُونَ

    Далла мехкарий хуьлуьйту цара – вонах цIена ву Иза - ткъа шайна – шайна дезарг /кIентий/ хуьлуьйту

    16:57
  4. وَإِذَا بُشِّرَ أَحَدُهُمْ بِالْأُنْثَىٰ ظَلَّ وَجْهُهُ مُسْوَدًّا وَهُوَ كَظِيمٌ

    Царах цхьанна йоI хилла аьлла, кхаъ баьккхича‚ юьхь Iаржало цуьнан, кийрахь халла сецайо шен оьгзло

    16:58
  5. يَتَوَارَىٰ مِنَ الْقَوْمِ مِنْ سُوءِ مَا بُشِّرَ بِهِ ۚ أَيُمْسِكُهُ عَلَىٰ هُونٍ أَمْ يَدُسُّهُ فِي التُّرَابِ ۗ أَلَا سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ

    И лечъа нахах шега кхаъ баьккхина болу цатам бахьанехь. 'Сийсазаллица тлоцу-те ша и /йоI/‚ я лаьттах дIахьулйо-те?' Ма вон ду-кх цара деш долу хьукма!

    16:59
  6. لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ مَثَلُ السَّوْءِ ۖ وَلِلَّهِ الْمَثَلُ الْأَعْلَىٰ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Эхартах цатешачарна вон масал ду‚ ткъа Делехь ма ду вуно лакхара масал. Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву

    16:60
  7. وَلَوْ يُؤَاخِذُ اللَّهُ النَّاسَ بِظُلْمِهِمْ مَا تَرَكَ عَلَيْهَا مِنْ دَابَّةٍ وَلَٰكِنْ يُؤَخِّرُهُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۖ فَإِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ لَا يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً ۖ وَلَا يَسْتَقْدِمُونَ

    Дала нах шайн зулам бахьанехь /бāлане/ лоцуш хиллехьара‚ цунна (лаьтта) тIехь цхьа а дийнат (Делах тешаш воцу керста) дуьтур ма дацара Цо‚ делахь а, тIаьхьатотту Цо уьш билгал яьккхина хан тIекхаччалц. Шайн /билгал яьккхина/ хан тъча – цхьа сахьт тIаьхьа а ца буьсу уьш‚ хьалха а ца бовлу

    16:61
  8. وَيَجْعَلُونَ لِلَّهِ مَا يَكْرَهُونَ وَتَصِفُ أَلْسِنَتُهُمُ الْكَذِبَ أَنَّ لَهُمُ الْحُسْنَىٰ ۖ لَا جَرَمَ أَنَّ لَهُمُ النَّارَ وَأَنَّهُمْ مُفْرَطُونَ

    Далла шайна цадезарг хуьлуьйту цара‚ харцдолчуьнан сурт хIоттадо церан меттанаша, шайна диканиг ду‚ бохуш. Шеко йоццуш, царна /жоьжахатин/ цIе ю‚ уьш /цу чохь/ бицбийр бу

    16:62
  9. تَاللَّهِ لَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَىٰ أُمَمٍ مِنْ قَبْلِكَ فَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَهُوَ وَلِيُّهُمُ الْيَوْمَ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    ТаллахIи‚ хьол хьалха а умматашка бахкийтира Оха /Тхешан элчанаш/‚ шайтIано шайн Iамалш хазйира царна. Тахана а церан доладийриг (накъост) и ду‚ царна (кечдина) лазаме долу Iазап ду

    16:63
  10. وَمَا أَنْزَلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ إِلَّا لِتُبَيِّنَ لَهُمُ الَّذِي اخْتَلَفُوا فِيهِ ۙ وَهُدًى وَرَحْمَةً لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Хьоьга жайна доссийна ма дац Оха, деккъа ахь царна билгалдаккха а бен церан шена чохь хилпало хилларг, нийса некъ а‚ къинхетам а хила а бен тешаш долчу къомана

    16:64

Гочдар: Магомед Магомедов