Мусхаф., агӏо 277

  1. الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ زِدْنَاهُمْ عَذَابًا فَوْقَ الْعَذَابِ بِمَا كَانُوا يُفْسِدُونَ

    Цатешначарна а‚ Делан некъах /нах/ дтилинчарна а Оха тIетухур ду Iазапа тIе а Iазап уьш боьханиг деш хиларна

    16:88
  2. وَيَوْمَ نَبْعَثُ فِي كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا عَلَيْهِمْ مِنْ أَنْفُسِهِمْ ۖ وَجِئْنَا بِكَ شَهِيدًا عَلَىٰ هَٰؤُلَاءِ ۚ وَنَزَّلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ تِبْيَانًا لِكُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً وَبُشْرَىٰ لِلْمُسْلِمِينَ

    Оцу дийнахь хIор умматна т Оха вохуьйтур ву (шайгахьа волу а-тешаш хиллачарна) шайна дуьхьал волу а – цатешачарна) теш царах шайх‚ хьо (хй Мухьаммад) валор ву Оха хIокхарна /шайгахьа волу а, шайна /дуьхьал волу а теш хилла. Хьоьга жайна доссийна Оха ша массо а хIуманан билгало хилла долу‚ ша бусалбанашна нийса некъ а‚ къинхетам а‚ кхаъ а хилла долу

    16:89
  3. إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ وَالْإِحْسَانِ وَإِيتَاءِ ذِي الْقُرْبَىٰ وَيَنْهَىٰ عَنِ الْفَحْشَاءِ وَالْمُنْكَرِ وَالْبَغْيِ ۚ يَعِظُكُمْ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    Баккъалла а, Дала омра до нийсо‚ диканиг /леладе олий/ а‚ гергарчарна /сагIа/ далар а; ца магадо /Дала/ боьханиг а‚ вониг а‚ хьагI а. Цо шуна хьехам бо; хьехам тIелоцур бацара-те аш

    16:90
  4. وَأَوْفُوا بِعَهْدِ اللَّهِ إِذَا عَاهَدْتُمْ وَلَا تَنْقُضُوا الْأَيْمَانَ بَعْدَ تَوْكِيدِهَا وَقَدْ جَعَلْتُمُ اللَّهَ عَلَيْكُمْ كَفِيلًا ۚ إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ

    Делаца йина чIагIо кхочушъе‚ шаьш чIагIо йинчул тIаьхьа‚ дуйнаш ма къарбе, шаьш уьш чIагIбинчул тIаьхьа: аш Дела ма вина шайна тIехь теш. Баккъалла а, Далла хаьа аш дийриг

    16:91
  5. وَلَا تَكُونُوا كَالَّتِي نَقَضَتْ غَزْلَهَا مِنْ بَعْدِ قُوَّةٍ أَنْكَاثًا تَتَّخِذُونَ أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ أَنْ تَكُونَ أُمَّةٌ هِيَ أَرْبَىٰ مِنْ أُمَّةٍ ۚ إِنَّمَا يَبْلُوكُمُ اللَّهُ بِهِ ۚ وَلَيُبَيِّنَنَّ لَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

    Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчух тера, ша и хала бинчул тIаьхьа‚ шайн дуйнех вовшашна юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарал хьал сов долуш хилийтархьама. Дала шу цуьнца (ваа кхочушъе аларца) зуьйш ду. Цо шуна къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг

    16:92
  6. وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَٰكِنْ يُضِلُّ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَلَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Далла лиънехьара, Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а, Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга /къематдийнахь/ хаттанза дуьтур ма дац аш /дуьненахь/ лелош хиллачух

    16:93

Гочдар: Магомед Магомедов