Мусхаф., агӏо 278

  1. وَلَا تَتَّخِذُوا أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ فَتَزِلَّ قَدَمٌ بَعْدَ ثُبُوتِهَا وَتَذُوقُوا السُّوءَ بِمَا صَدَدْتُمْ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَلَكُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Шайн дуйнех вовшашна юккъехь харцонаш ма елаш – шайн ког ца шаршийта и чIагIбелла лаьтташ хиллачул тIаьхьа‚ /аш и хманаш дахь/ вониг Iовшур ду аш шаьш Делан некъах /нах/ тилорна‚ шуна деза- доккха Iазап а хир ду

    16:94
  2. وَلَا تَشْتَرُوا بِعَهْدِ اللَّهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۚ إِنَّمَا عِنْدَ اللَّهِ هُوَ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ

    Ма эца Делан ваIданах кIеззиг мах! Баккъалла а, Далла гергахь дерг дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь

    16:95
  3. مَا عِنْدَكُمْ يَنْفَدُ ۖ وَمَا عِنْدَ اللَّهِ بَاقٍ ۗ وَلَنَجْزِيَنَّ الَّذِينَ صَبَرُوا أَجْرَهُمْ بِأَحْسَنِ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Шуьгахь дерг кхачалур ду‚ Далла гергахь дерг бухадуьсур ду. Собаре хиллачарна дIаялаза юьтур ма яц Оха шайн ял цара деш хиллачух уггар хазачуьнца

    16:96
  4. مَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَنُحْيِيَنَّهُ حَيَاةً طَيِّبَةً ۖ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَجْرَهُمْ بِأَحْسَنِ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Дика Iамал йинарг‚ боьрша стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъмин болуш – уьш денбийр ма бу Оха хазчу дāхарца‚ церан ял дIалур ма ю Оха цара деш хиллачух уггар хазчуьнца

    16:97
  5. فَإِذَا قَرَأْتَ الْقُرْآنَ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ مِنَ الشَّيْطَانِ الرَّجِيمِ

    Айхьа Къуръан доьшуш‚ Деле ларвалар дехалахь, тIулгаш кхуьссуш, эккхочу шайтIанах

    16:98
  6. إِنَّهُ لَيْسَ لَهُ سُلْطَانٌ عَلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ

    Баккъалла а, цуьнан бакъо яц, ийман а диллина, шайн Кхиош-Кхобучунна тIетовжуш болчарна тIехь

    16:99
  7. إِنَّمَا سُلْطَانُهُ عَلَى الَّذِينَ يَتَوَلَّوْنَهُ وَالَّذِينَ هُمْ بِهِ مُشْرِكُونَ

    Цуьнан бакъо ю шех /шайна/ верасалла лелочарна тIехь а‚ шаьш цунах (Делаца) накъост лоцучарна тIехь а

    16:100
  8. وَإِذَا بَدَّلْنَا آيَةً مَكَانَ آيَةٍ ۙ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يُنَزِّلُ قَالُوا إِنَّمَا أَنْتَ مُفْتَرٍ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Оха аят /кхечу/ аятаца хийцича, – Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ – цара олу: 'Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву'. ХIаъ‚ царах дуккхахберш хууш бац

    16:101
  9. قُلْ نَزَّلَهُ رُوحُ الْقُدُسِ مِنْ رَبِّكَ بِالْحَقِّ لِيُثَبِّتَ الَّذِينَ آمَنُوا وَهُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُسْلِمِينَ

    Ахь āла: 'И /Къуръанан аят/ доссийна Дезчу сино хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, Ша чIагIбархьама ийман диллинарш‚ Ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусалба нахана'

    16:102

Гочдар: Магомед Магомедов