Мусхаф., агӏо 598
-
إِنَّا أَنْزَلْنَاهُ فِي لَيْلَةِ الْقَدْرِ
Оха доссийна иза /Къуръан Лавхь махьфуз чуьра дуьненан стигла/ 'Лайлат-уль-къадр' олучу буса
97:1 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا لَيْلَةُ الْقَدْرِ
Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ и хIун буьйса ю Лайлат-уль-къадр?
97:2 -
لَيْلَةُ الْقَدْرِ خَيْرٌ مِنْ أَلْفِ شَهْرٍ
Лайлат-уль-къадр буьйса дика ю эзар баттал
97:3 -
تَنَزَّلُ الْمَلَائِكَةُ وَالرُّوحُ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِمْ مِنْ كُلِّ أَمْرٍ
Охьадуьссу маликаш а‚ Са а (Джабраил малик) цу чохь шаьш Кхиош-кхобучун пурбанца массо а гIуллакх эцна
97:4 -
سَلَامٌ هِيَ حَتَّىٰ مَطْلَعِ الْفَجْرِ
Салам-маршалла!.. Иза /хезар/ ду сатассалц
97:5 -
لَمْ يَكُنِ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَالْمُشْرِكِينَ مُنْفَكِّينَ حَتَّىٰ تَأْتِيَهُمُ الْبَيِّنَةُ
Ца хилира жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу керстанаш дтилаш /шаьш тIехь хиллачу керста динах/ шайга къеггина делил далц
98:1 -
رَسُولٌ مِنَ اللَّهِ يَتْلُو صُحُفًا مُطَهَّرَةً
Делера элча (Мухьаммад пайхамар)‚ ша дуьйцуш /царна/ цIена долу хьарчораш
98:2 -
فِيهَا كُتُبٌ قَيِّمَةٌ
Царна чохь мехала долу яздинарш а (аяташ,хьукамаш) долуш
98:3 -
وَمَا تَفَرَّقَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ إِلَّا مِنْ بَعْدِ مَا جَاءَتْهُمُ الْبَيِّنَةُ
Шайга жайна доссинарш бекъа ца белира шайга къеггина долу делил деъначул тIаьхьа а бен‚
98:4 -
وَمَا أُمِرُوا إِلَّا لِيَعْبُدُوا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ حُنَفَاءَ وَيُقِيمُوا الصَّلَاةَ وَيُؤْتُوا الزَّكَاةَ ۚ وَذَٰلِكَ دِينُ الْقَيِّمَةِ
Цаьрга омра-м ца динера /деккъа/ Далла Iибадат де аьлла а бен‚ шаьш Цунна дог цна хуьлуш _/дечу/ бадатехь, бакъ долчунна (ИбрахIиман а‚ Мухьаммадан а динна) тIе тижаш‚ ламаз хIоттаде‚ закат ло аьлла бен. Иза ду нийса долу дин
98:5 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ أَهْلِ الْكِتَابِ وَالْمُشْرِكِينَ فِي نَارِ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ أُولَٰئِكَ هُمْ شَرُّ الْبَرِيَّةِ
Баккъалла а, жайнан охIлах а‚ мушрикунех а болу и керстанаш жоьжахатин цIергахь хир бу‚ гуттар цу чохь лаьтташ. Уьш вон халкъ ду-кх
98:6 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ أُولَٰئِكَ هُمْ خَيْرُ الْبَرِيَّةِ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а уьш дика халкъ ду-кх!
98:7
Гочдар: Магомед Магомедов