Мусхаф., агӏо 602
-
لِإِيلَافِ قُرَيْشٍ
/Пилан дай хIаллакбира Дала/ Къурайшийн барт хилийтархьама‚
106:1 -
إِيلَافِهِمْ رِحْلَةَ الشِّتَاءِ وَالصَّيْفِ
Церан барт хилийтархьама /йохка-эцарна/ новкъабовла Iай а /Йеменан махка/‚ аьхка а /Шаман махка/
106:2 -
فَلْيَعْبُدُوا رَبَّ هَٰذَا الْبَيْتِ
Цара Iибадат дойла хIокху /Маккахь долчу хьаьж/ цIийнан Дена (АллахIана)‚
106:3 -
الَّذِي أَطْعَمَهُمْ مِنْ جُوعٍ وَآمَنَهُمْ مِنْ خَوْفٍ
Уьш мацбеллачул тIаьхьа царна даа хIума деллачу‚ царна /пилан дайшкара/ кхерам хиллачул тIаьхьа уьш маьршабаьхначу
106:4 -
أَرَأَيْتَ الَّذِي يُكَذِّبُ بِالدِّينِ
Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и дин харцдеш верг?
107:1 -
فَذَٰلِكَ الَّذِي يَدُعُّ الْيَتِيمَ
Иза ву бобер (беда) шен хьакъах (бакъонах) духатухуш верг
107:2 -
وَلَا يَحُضُّ عَلَىٰ طَعَامِ الْمِسْكِينِ
Мискачунна даа хIума дала /нахана/ дага ца доуьйту цо. (Ша муххале а ца ло)
107:3 -
فَوَيْلٌ لِلْمُصَلِّينَ
Боккха бāла бу ламаз дечарна‚
107:4 -
الَّذِينَ هُمْ عَنْ صَلَاتِهِمْ سَاهُونَ
Шаьш дечу ламазах терго еш боцчу‚
107:5 -
الَّذِينَ هُمْ يُرَاءُونَ
Шаьш /нахана/ гайтархьама /ламазаш деш/ болчу‚
107:6 -
وَيَمْنَعُونَ الْمَاعُونَ
Шаьш /нахе ханна пайдаэца/ цIера салпал яла магош боцчу
107:7 -
إِنَّا أَعْطَيْنَاكَ الْكَوْثَرَ
Баккъалла а, Оха делира хьуна /хIай Мухьаммад/ дуккха диканаш
108:1 -
فَصَلِّ لِرَبِّكَ وَانْحَرْ
Ахь ламаз де хьуо Кхиош-кхобуш волчунна‚ /гIурбанна/ бежна урс а хьакха
108:2 -
إِنَّ شَانِئَكَ هُوَ الْأَبْتَرُ
Баккъалла а, хьуна халахетийтинарг иза ву хьуна цIога доцург
108:3
Гочдар: Магомед Магомедов