Мусхаф., агӏо 603

  1. قُلْ يَا أَيُّهَا الْكَافِرُونَ

    Ахь āла /хIай Мухьаммад цу керстанашка/: «Хй керстанаш!

    109:1
  2. لَا أَعْبُدُ مَا تَعْبُدُونَ

    Ас Iибадат ца до аш Iибадат дечунна

    109:2
  3. وَلَا أَنْتُمْ عَابِدُونَ مَا أَعْبُدُ

    Шу а дац Iибадат деш ас Iибадат дечунна

    109:3
  4. وَلَا أَنَا عَابِدٌ مَا عَبَدْتُمْ

    Со а вац (цкъа а) Iибадат дийр долуш аш Iибадат динчунна

    109:4
  5. وَلَا أَنْتُمْ عَابِدُونَ مَا أَعْبُدُ

    Шу а дац Iибадат дийр долуш ас Iибадат дечунна

    109:5
  6. لَكُمْ دِينُكُمْ وَلِيَ دِينِ

    Шуна шайн дин ду‚ суна сан дин ду'

    109:6
  7. إِذَا جَاءَ نَصْرُ اللَّهِ وَالْفَتْحُ

    Делера гIо а деъча‚ /Макка йоккхуш/ толам а беъча‚

    110:1
  8. وَرَأَيْتَ النَّاسَ يَدْخُلُونَ فِي دِينِ اللَّهِ أَفْوَاجًا

    Хьуна гира нах, Делан дин чу буьйлуш тобанашца

    110:2
  9. فَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ وَاسْتَغْفِرْهُ ۚ إِنَّهُ كَانَ تَوَّابًا

    Тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастамбарца‚ Цуьнга гечдар деха. Баккъалла а, Иза хилла ттт тōба къобалдийриг

    110:3
  10. تَبَّتْ يَدَا أَبِي لَهَبٍ وَتَبَّ

    ХIаллакхили Āлун ден ший куьг и ша а хIаллакхили

    111:1
  11. مَا أَغْنَىٰ عَنْهُ مَالُهُ وَمَا كَسَبَ

    КIелхьар ца ваьккхи иза цуьнан хьоло а‚ цо карадинчо а

    111:2
  12. سَيَصْلَىٰ نَارًا ذَاتَ لَهَبٍ

    Вегар ву иза āлу йолчу цIаргахь‚

    111:3
  13. وَامْرَأَتُهُ حَمَّالَةَ الْحَطَبِ

    Цуьнан зуда а /егар ю цIаргахь/ дечиг кхоьхьург

    111:4
  14. فِي جِيدِهَا حَبْلٌ مِنْ مَسَدٍ

    Цуьнан лага тIехь /хир/ бу хурманан диттан хьесан муш

    111:5

Гочдар: Магомед Магомедов