Мусхаф., агӏо 280

  1. يَوْمَ تَأْتِي كُلُّ نَفْسٍ تُجَادِلُ عَنْ نَفْسِهَا وَتُوَفَّىٰ كُلُّ نَفْسٍ مَا عَمِلَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

    Оцу /къемат/дийнахь хр са догIур ду ша къуьйсуш (шен болх балхош)‚ массо а синна /кхоччуш/ лур ду цо ша /дуьненахь/ динарг. Царна зулам дийр дац (царна харцо йийр яц)!

    16:111
  2. وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا قَرْيَةً كَانَتْ آمِنَةً مُطْمَئِنَّةً يَأْتِيهَا رِزْقُهَا رَغَدًا مِنْ كُلِّ مَكَانٍ فَكَفَرَتْ بِأَنْعُمِ اللَّهِ فَأَذَاقَهَا اللَّهُ لِبَاسَ الْجُوعِ وَالْخَوْفِ بِمَا كَانُوا يَصْنَعُونَ

    Дала масаллина ялийна цхьа юрт (Макка). И хилла маьрша а‚ паргIат а: цунна (юьртарчу нахана) шортта шен рицкъ догIура массо а меттигера. ТIаккха цо (Маккин охано) Делан ниIматашна керсталла дира. ТIаккха Дала цуьнга Iовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духар цара деш хилларг бахьанехь

    16:112
  3. وَلَقَدْ جَاءَهُمْ رَسُولٌ مِنْهُمْ فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَهُمُ الْعَذَابُ وَهُمْ ظَالِمُونَ

    Цаьрга веара элча, царах а волуш – цара иза харцвира. ТIаккха уьш схьалецира Iазапо‚ шаьш зуламхой а болуш (харцонна тхь а болуш)

    16:113
  4. فَكُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ حَلَالًا طَيِّبًا وَاشْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ

    Аш даа Дала шайна деллачу рицкьих хьанал дерг а‚ цIена дерг а‚ Делан ниIматашна шукур де‚ шаьш Цунна Iибадат деш делахь

    16:114
  5. إِنَّمَا حَرَّمَ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةَ وَالدَّمَ وَلَحْمَ الْخِنْزِيرِ وَمَا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ ۖ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Баккъалла а, Дала хьарам йина шуна еккъа къеелла хIума а‚ цIий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцуш /кхечун/ цIе яьккхинарг а (шена урс хьокхучу хенахь). Ша (яаза) ца ваьлларг /мацалла ца вала/ ‚ къа деш воцуш (и яар магош доцуш), барамал тх ца волуш(вуззалц а ца юуш)‚ – тIаккха Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву (ца ваьлла и хьарамйина хма йиъначунна)

    16:115
  6. وَلَا تَقُولُوا لِمَا تَصِفُ أَلْسِنَتُكُمُ الْكَذِبَ هَٰذَا حَلَالٌ وَهَٰذَا حَرَامٌ لِتَفْتَرُوا عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ لَا يُفْلِحُونَ

    Аш ма āлалаш шайн меттанаша дуьйцучу харцдерг бахьанехь: 'ХIара хьанал ду‚ хIара хьарам ду'‚ Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Баккъалла а, Далла тIе харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр болуш бац

    16:116
  7. مَتَاعٌ قَلِيلٌ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    КIеззиг зовкх хьегар ду /и царна/ - лазош долу Iазап ду царна /кечдина/

    16:117
  8. وَعَلَى الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا مَا قَصَصْنَا عَلَيْكَ مِنْ قَبْلُ ۖ وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Жуьгтийн динехь хиллачарна а хьарам дина Оха хьоьга хьалха дийцинарг‚ Оха царна зулам ца дира‚ делахь а‚ уьш хилира шаьш шайна зулам деш

    16:118

Гочдар: Магомед Магомедов