Сурат 81 Ат-таквир (ДIахьарчор)

  1. مُطَاعٍ ثَمَّ أَمِينٍ

    /Шена кхин маликаш/ муьтIахь долчу‚ цигахь ша тешаме долчу

    81:21
  2. وَمَا صَاحِبُكُمْ بِمَجْنُونٍ

    Ма вац шун накъост (Мухьаммад) жинийх /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/

    81:22
  3. وَلَقَدْ رَآهُ بِالْأُفُقِ الْمُبِينِ

    Цунна и (Джабраил малик) ма гира серлаяьллачу анахь (стиглан арахь)

    81:23
  4. وَمَا هُوَ عَلَى الْغَيْبِ بِضَنِينٍ

    И ма вац шега къайлахь (нахана ца гуш долу) доуьйтачу вехьех хIумма эшадеш (нахах хьулдеш‚ ца дуьйцуш)

    81:24
  5. وَمَا هُوَ بِقَوْلِ شَيْطَانٍ رَجِيمٍ

    И (Къуръан) ма дац /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/ шена нелт аьллачу шайтIанан дош

    81:25
  6. فَأَيْنَ تَذْهَبُونَ

    Шу мича доьду /цу Къуръанна инкарло еш/?

    81:26
  7. إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ لِلْعَالَمِينَ

    Иза беккъа хьехам бу Iаламашна‚

    81:27
  8. لِمَنْ شَاءَ مِنْكُمْ أَنْ يَسْتَقِيمَ

    Шух ша нисвала лиъначунна

    81:28
  9. وَمَا تَشَاءُونَ إِلَّا أَنْ يَشَاءَ اللَّهُ رَبُّ الْعَالَمِينَ

    Шуна луур-м дац, Iаламийн Да ша волчу Далла ца лаахь

    81:29

Гочдар: Магомед Магомедов