Мусхаф., агӏо 264
-
قَالَ يَا إِبْلِيسُ مَا لَكَ أَلَّا تَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ
Цо (Дала) элира: 'Хй Иблис, хьуна хIун ду сужуд дечаьрца ца хила?'
15:32 -
قَالَ لَمْ أَكُنْ لِأَسْجُدَ لِبَشَرٍ خَلَقْتَهُ مِنْ صَلْصَالٍ مِنْ حَمَإٍ مَسْنُونٍ
Цо (Иблисо) элира: 'Со хила ца дог адамна сужуд деш‚ Ахь ша кхоьллина долчу бекъачу (зевнечу), тдачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу»
15:33 -
قَالَ فَاخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌ
Цо (Дала) элира: 'Арадала цу /ялсаманин/ чуьра! Хьо тIулгаш детташ эккхо дезарг ду
15:34 -
وَإِنَّ عَلَيْكَ اللَّعْنَةَ إِلَىٰ يَوْمِ الدِّينِ
Хьуна тIехь неIалт ду бекхаман де кхаччалц'
15:35 -
قَالَ رَبِّ فَأَنْظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ
Цо (Иблисо) элира: 'Сан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататта со уьш денбийр болчу дийне кхаччалц'
15:36 -
قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ الْمُنْظَرِينَ
Цо (Дала) элира: 'Баккъалла а, хьо (даларх) тIаьхьатеттинчарах ду
15:37 -
إِلَىٰ يَوْمِ الْوَقْتِ الْمَعْلُومِ
Хууш йолчу хенан де тIекхаччалц'
15:38 -
قَالَ رَبِّ بِمَا أَغْوَيْتَنِي لَأُزَيِّنَنَّ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَلَأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ
Цо элира: 'Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь со тилорна‚ ас хаздийр ма ду царна (Адаман тьхьенна) лаьттахь дерг /къинош дар/‚ ас тилор ма бу уьш берриге а
15:39 -
إِلَّا عِبَادَكَ مِنْهُمُ الْمُخْلَصِينَ
Царах Хьан къастийна леш боцурш'
15:40 -
قَالَ هَٰذَا صِرَاطٌ عَلَيَّ مُسْتَقِيمٌ
Цо (Дала) элира: 'ХIара бу Суна тIебог нийса некъ
15:41 -
إِنَّ عِبَادِي لَيْسَ لَكَ عَلَيْهِمْ سُلْطَانٌ إِلَّا مَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْغَاوِينَ
Баккъалла а, Сан леш – царна тIехь бакъо яц хьан! Тилабеллачарах хьайна тIаьхьахIиттинчарна тIехь бен
15:42 -
وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمَوْعِدُهُمْ أَجْمَعِينَ
Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна хин йолу (къастийна) меттиг
15:43 -
لَهَا سَبْعَةُ أَبْوَابٍ لِكُلِّ بَابٍ مِنْهُمْ جُزْءٌ مَقْسُومٌ
Цуьнан ворхI неI ю‚ хIор неIарна царах къастийна дāкъа ду / чу баха/
15:44 -
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – бошмашкахь а‚ шовданашкахь а хир бу'
15:45 -
ادْخُلُوهَا بِسَلَامٍ آمِنِينَ
'ЧугIо цу (ялсамане) чу саламца‚ кхерам боцуш!'
15:46 -
وَنَزَعْنَا مَا فِي صُدُورِهِمْ مِنْ غِلٍّ إِخْوَانًا عَلَىٰ سُرُرٍ مُتَقَابِلِينَ
Церан дегнашкахь йолу къизалла дIаяьккхира Оха‚ вежарий хилла‚ меттанашна тIехь вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина /хир бу уьш/
15:47 -
لَا يَمَسُّهُمْ فِيهَا نَصَبٌ وَمَا هُمْ مِنْهَا بِمُخْرَجِينَ
Царах хьакхалур яц цу чохь хало‚ уьш цу чуьра ара а бохур бац
15:48 -
نَبِّئْ عِبَادِي أَنِّي أَنَا الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
Дхаийта Сан лешка: 'Баккъалла а, Со тх гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву
15:49 -
وَأَنَّ عَذَابِي هُوَ الْعَذَابُ الْأَلِيمُ
Сан Iазап – иза лазош долу Iазап ду'
15:50 -
وَنَبِّئْهُمْ عَنْ ضَيْفِ إِبْرَاهِيمَ
Дийца царна ИбрахIиман хьешах /лаьцна/:
15:51
Гочдар: Магомед Магомедов