Мусхаф., агӏо 265
-
إِذْ دَخَلُوا عَلَيْهِ فَقَالُوا سَلَامًا قَالَ إِنَّا مِنْكُمْ وَجِلُونَ
И волчу баьхкира уьш‚ элира: 'Маршалла'. Цо (ИбрахIима) элира: 'Баккъалла а, тхо шух кхоьруш ду'
15:52 -
قَالُوا لَا تَوْجَلْ إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلَامٍ عَلِيمٍ
Цара элира: 'Ма кхера. Оха хьуна кхаъ боккху кхетаме хир волчу кIантаца'
15:53 -
قَالَ أَبَشَّرْتُمُونِي عَلَىٰ أَنْ مَسَّنِيَ الْكِبَرُ فَبِمَ تُبَشِّرُونَ
Цо элира: 'Аш суна кхаъ баьккхина, со къаналло схьалаьцча? Стенца кхаъ боккху аш?'
15:54 -
قَالُوا بَشَّرْنَاكَ بِالْحَقِّ فَلَا تَكُنْ مِنَ الْقَانِطِينَ
Цара элира: 'Бакъдолчуьнца кхаъ баьккхина Оха хьоьга‚ догдиллинчарах ма хилалахь'
15:55 -
قَالَ وَمَنْ يَقْنَطُ مِنْ رَحْمَةِ رَبِّهِ إِلَّا الضَّالُّونَ
Цо элира: 'Муьлш бу ткъа шайн Кхиош-Кхобучун къинхетамах дог дуьллу берш, шаьш тилабелларш бен? '
15:56 -
قَالَ فَمَا خَطْبُكُمْ أَيُّهَا الْمُرْسَلُونَ
Элира /ИбрахIима маликашка/: 'ХIун ду шун гIуллакх‚ хIай дахкийтинарш? (Хн гллакх дахьаш дахкийтина шу Дала?'
15:57 -
قَالُوا إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمٍ مُجْرِمِينَ
Цара элира: 'Тхо дахкийтина къинош дечу нахана тIе /царна зап дан/,
15:58 -
إِلَّا آلَ لُوطٍ إِنَّا لَمُنَجُّوهُمْ أَجْمَعِينَ
ЛутIан доьзал боцург – уьш берриге а Оха клхьарбохур болуш бу,
15:59 -
إِلَّا امْرَأَتَهُ قَدَّرْنَا ۙ إِنَّهَا لَمِنَ الْغَابِرِينَ
Цуьнан цхьа зуда йоцург. Оха кхиэл йина: и бухабуьсучарах (хллакбен болчарах хир) ю'
15:60 -
فَلَمَّا جَاءَ آلَ لُوطٍ الْمُرْسَلُونَ
И бахкийтинарш ЛутIан нахана (Лутпайхамарна) тIе баьхкича,
15:61 -
قَالَ إِنَّكُمْ قَوْمٌ مُنْكَرُونَ
Цо (ЛутIас) элира: 'Баккъалла а, шу (суна) ца девза нах ду-кх'
15:62 -
قَالُوا بَلْ جِئْنَاكَ بِمَا كَانُوا فِيهِ يَمْتَرُونَ
Цара элира: 'Амма, тхо хьо волчу даьхкина уьш шайн шеко хиллачуьнца
15:63 -
وَأَتَيْنَاكَ بِالْحَقِّ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ
Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца – баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду
15:64 -
فَأَسْرِ بِأَهْلِكَ بِقِطْعٍ مِنَ اللَّيْلِ وَاتَّبِعْ أَدْبَارَهُمْ وَلَا يَلْتَفِتْ مِنْكُمْ أَحَدٌ وَامْضُوا حَيْثُ تُؤْمَرُونَ
ДIагIуо хьайн доьзалца буьйсанах цхьа дакъа даьлча‚ хьо а гIуо царна тIаьххье. Цхьа а юха ма хьожийла шух /зуламхошна ден долу зап шайна ца гархьама и гинчунна а шена и ца хилийтархьама/‚ шайга омра динчу дIагIуо'
15:65 -
وَقَضَيْنَا إِلَيْهِ ذَٰلِكَ الْأَمْرَ أَنَّ دَابِرَ هَٰؤُلَاءِ مَقْطُوعٌ مُصْبِحِينَ
И гIуллакх (Тхешан кхиэл) цунна (Лутна) дхаийтира Оха: хIокхеран тIаьхье хадор йолуш ю Iуьйренга бовларца (уьш берриге а хллакбийр болуш бу ьйранна)
15:66 -
وَجَاءَ أَهْلُ الْمَدِينَةِ يَسْتَبْشِرُونَ
ГIалара нах баьхкира баккхийбеш
15:67 -
قَالَ إِنَّ هَٰؤُلَاءِ ضَيْفِي فَلَا تَفْضَحُونِ
Цо (ЛутIас) элира: 'ХIорш сан хьеший бу‚ со сийсаза ма велаш
15:68 -
وَاتَّقُوا اللَّهَ وَلَا تُخْزُونِ
Делах кхералаш‚ со юьхьIаьржа ма хIоттавелаш'
15:69 -
قَالُوا أَوَلَمْ نَنْهَكَ عَنِ الْعَالَمِينَ
Цара элира:'Оха бехкам бина бацара хьуна массо а нахах /хийра нах т ма лаца, аьлла ?'
15:70
Гочдар: Магомед Магомедов