Сурат 15 Аль-хьиджр

  1. وَإِنْ مِنْ شَيْءٍ إِلَّا عِنْدَنَا خَزَائِنُهُ وَمَا نُنَزِّلُهُ إِلَّا بِقَدَرٍ مَعْلُومٍ

    Цхьа а хIума яц Тхоьгахь шен хазна йолуш бен‚ Оха и охьа ца йоссайо хууш болчу барамца а бен

    15:21
  2. وَأَرْسَلْنَا الرِّيَاحَ لَوَاقِحَ فَأَنْزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَسْقَيْنَاكُمُوهُ وَمَا أَنْتُمْ لَهُ بِخَازِنِينَ

    Оха дахийтина ялта хьоькъуьйту мехаш‚ стиглара хи доссийна Оха – и малийна Оха шуна – шу дац и /дIадиллина/ латтош

    15:22
  3. وَإِنَّا لَنَحْنُ نُحْيِي وَنُمِيتُ وَنَحْنُ الْوَارِثُونَ

    Баккъалла а, Оха ден а до‚ Оха дала а долуьйту‚ Тхо ду верасаш

    15:23
  4. وَلَقَدْ عَلِمْنَا الْمُسْتَقْدِمِينَ مِنْكُمْ وَلَقَدْ عَلِمْنَا الْمُسْتَأْخِرِينَ

    Шух хьалха дбевлларш а бевзина Тхуна, тIаьхьабуьсуберш а бевзина

    15:24
  5. وَإِنَّ رَبَّكَ هُوَ يَحْشُرُهُمْ ۚ إِنَّهُ حَكِيمٌ عَلِيمٌ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ву-кх уьш гулбийр болуш. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а /Шен гIуллакх дарехь/‚ хууш верг а ву /Шен халкъехь дерг/

    15:25
  6. وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنْ صَلْصَالٍ مِنْ حَمَإٍ مَسْنُونٍ

    Оха адам кхоьллира бекъачу (зевнечу), тдачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу

    15:26
  7. وَالْجَانَّ خَلَقْنَاهُ مِنْ قَبْلُ مِنْ نَارِ السَّمُومِ

    Жинаш кхоьллира Оха кхин а /Āдамал/ хьалха тх йовхачу цIарах

    15:27
  8. وَإِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَائِكَةِ إِنِّي خَالِقٌ بَشَرًا مِنْ صَلْصَالٍ مِنْ حَمَإٍ مَسْنُونٍ

    Хаийта: хьан Кхиош-Кхобучо маликашка аьллера: 'Со воллу адам кхолла бекъачу (зевнечу), тдачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу

    15:28
  9. فَإِذَا سَوَّيْتُهُ وَنَفَخْتُ فِيهِ مِنْ رُوحِي فَقَعُوا لَهُ سَاجِدِينَ

    Ас и нисдича‚ Сайн сих цунна чу са а диллича, шу иэгалаш цунна сужуде'

    15:29
  10. فَسَجَدَ الْمَلَائِكَةُ كُلُّهُمْ أَجْمَعُونَ

    Маликаша массара а сужуд дира

    15:30
  11. إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ أَنْ يَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ

    Иблис доцчо – и дуьхьалделира сужуд дечаьрца хила

    15:31
  12. قَالَ يَا إِبْلِيسُ مَا لَكَ أَلَّا تَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ

    Цо (Дала) элира: 'Хй Иблис, хьуна хIун ду сужуд дечаьрца ца хила?'

    15:32
  13. قَالَ لَمْ أَكُنْ لِأَسْجُدَ لِبَشَرٍ خَلَقْتَهُ مِنْ صَلْصَالٍ مِنْ حَمَإٍ مَسْنُونٍ

    Цо (Иблисо) элира: 'Со хила ца дог адамна сужуд деш‚ Ахь ша кхоьллина долчу бекъачу (зевнечу), тдачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу»

    15:33
  14. قَالَ فَاخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌ

    Цо (Дала) элира: 'Арадала цу /ялсаманин/ чуьра! Хьо тIулгаш детташ эккхо дезарг ду

    15:34
  15. وَإِنَّ عَلَيْكَ اللَّعْنَةَ إِلَىٰ يَوْمِ الدِّينِ

    Хьуна тIехь неIалт ду бекхаман де кхаччалц'

    15:35
  16. قَالَ رَبِّ فَأَنْظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ

    Цо (Иблисо) элира: 'Сан Кхиош-Кхобург‚ тIаьхьататта со уьш денбийр болчу дийне кхаччалц'

    15:36
  17. قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ الْمُنْظَرِينَ

    Цо (Дала) элира: 'Баккъалла а, хьо (даларх) тIаьхьатеттинчарах ду

    15:37
  18. إِلَىٰ يَوْمِ الْوَقْتِ الْمَعْلُومِ

    Хууш йолчу хенан де тIекхаччалц'

    15:38
  19. قَالَ رَبِّ بِمَا أَغْوَيْتَنِي لَأُزَيِّنَنَّ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَلَأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ

    Цо элира: 'Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь со тилорна‚ ас хаздийр ма ду царна (Адаман тьхьенна) лаьттахь дерг /къинош дар/‚ ас тилор ма бу уьш берриге а

    15:39
  20. إِلَّا عِبَادَكَ مِنْهُمُ الْمُخْلَصِينَ

    Царах Хьан къастийна леш боцурш'

    15:40

Гочдар: Магомед Магомедов