Сурат 15 Аль-хьиджр
-
قَالَ هَٰذَا صِرَاطٌ عَلَيَّ مُسْتَقِيمٌ
Цо (Дала) элира: 'ХIара бу Суна тIебог нийса некъ
15:41 -
إِنَّ عِبَادِي لَيْسَ لَكَ عَلَيْهِمْ سُلْطَانٌ إِلَّا مَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْغَاوِينَ
Баккъалла а, Сан леш – царна тIехь бакъо яц хьан! Тилабеллачарах хьайна тIаьхьахIиттинчарна тIехь бен
15:42 -
وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمَوْعِدُهُمْ أَجْمَعِينَ
Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна хин йолу (къастийна) меттиг
15:43 -
لَهَا سَبْعَةُ أَبْوَابٍ لِكُلِّ بَابٍ مِنْهُمْ جُزْءٌ مَقْسُومٌ
Цуьнан ворхI неI ю‚ хIор неIарна царах къастийна дāкъа ду / чу баха/
15:44 -
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш – бошмашкахь а‚ шовданашкахь а хир бу'
15:45 -
ادْخُلُوهَا بِسَلَامٍ آمِنِينَ
'ЧугIо цу (ялсамане) чу саламца‚ кхерам боцуш!'
15:46 -
وَنَزَعْنَا مَا فِي صُدُورِهِمْ مِنْ غِلٍّ إِخْوَانًا عَلَىٰ سُرُرٍ مُتَقَابِلِينَ
Церан дегнашкахь йолу къизалла дIаяьккхира Оха‚ вежарий хилла‚ меттанашна тIехь вовшашна дуьхь-дуьхьал бирзина /хир бу уьш/
15:47 -
لَا يَمَسُّهُمْ فِيهَا نَصَبٌ وَمَا هُمْ مِنْهَا بِمُخْرَجِينَ
Царах хьакхалур яц цу чохь хало‚ уьш цу чуьра ара а бохур бац
15:48 -
نَبِّئْ عِبَادِي أَنِّي أَنَا الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
Дхаийта Сан лешка: 'Баккъалла а, Со тх гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву
15:49 -
وَأَنَّ عَذَابِي هُوَ الْعَذَابُ الْأَلِيمُ
Сан Iазап – иза лазош долу Iазап ду'
15:50 -
وَنَبِّئْهُمْ عَنْ ضَيْفِ إِبْرَاهِيمَ
Дийца царна ИбрахIиман хьешах /лаьцна/:
15:51 -
إِذْ دَخَلُوا عَلَيْهِ فَقَالُوا سَلَامًا قَالَ إِنَّا مِنْكُمْ وَجِلُونَ
И волчу баьхкира уьш‚ элира: 'Маршалла'. Цо (ИбрахIима) элира: 'Баккъалла а, тхо шух кхоьруш ду'
15:52 -
قَالُوا لَا تَوْجَلْ إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلَامٍ عَلِيمٍ
Цара элира: 'Ма кхера. Оха хьуна кхаъ боккху кхетаме хир волчу кIантаца'
15:53 -
قَالَ أَبَشَّرْتُمُونِي عَلَىٰ أَنْ مَسَّنِيَ الْكِبَرُ فَبِمَ تُبَشِّرُونَ
Цо элира: 'Аш суна кхаъ баьккхина, со къаналло схьалаьцча? Стенца кхаъ боккху аш?'
15:54 -
قَالُوا بَشَّرْنَاكَ بِالْحَقِّ فَلَا تَكُنْ مِنَ الْقَانِطِينَ
Цара элира: 'Бакъдолчуьнца кхаъ баьккхина Оха хьоьга‚ догдиллинчарах ма хилалахь'
15:55 -
قَالَ وَمَنْ يَقْنَطُ مِنْ رَحْمَةِ رَبِّهِ إِلَّا الضَّالُّونَ
Цо элира: 'Муьлш бу ткъа шайн Кхиош-Кхобучун къинхетамах дог дуьллу берш, шаьш тилабелларш бен? '
15:56 -
قَالَ فَمَا خَطْبُكُمْ أَيُّهَا الْمُرْسَلُونَ
Элира /ИбрахIима маликашка/: 'ХIун ду шун гIуллакх‚ хIай дахкийтинарш? (Хн гллакх дахьаш дахкийтина шу Дала?'
15:57 -
قَالُوا إِنَّا أُرْسِلْنَا إِلَىٰ قَوْمٍ مُجْرِمِينَ
Цара элира: 'Тхо дахкийтина къинош дечу нахана тIе /царна зап дан/,
15:58 -
إِلَّا آلَ لُوطٍ إِنَّا لَمُنَجُّوهُمْ أَجْمَعِينَ
ЛутIан доьзал боцург – уьш берриге а Оха клхьарбохур болуш бу,
15:59 -
إِلَّا امْرَأَتَهُ قَدَّرْنَا ۙ إِنَّهَا لَمِنَ الْغَابِرِينَ
Цуьнан цхьа зуда йоцург. Оха кхиэл йина: и бухабуьсучарах (хллакбен болчарах хир) ю'
15:60
Гочдар: Магомед Магомедов