Сурат 15 Аль-хьиджр

  1. وَآتَيْنَاهُمْ آيَاتِنَا فَكَانُوا عَنْهَا مُعْرِضِينَ

    Оха Тхешан аяташ далийра царна‚ ткъа уьш царах дIабоьрзуш хуьлура

    15:81
  2. وَكَانُوا يَنْحِتُونَ مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا آمِنِينَ

    Уьш хилла, лаьмнащ огуш, цIенош деш, шаьш кхерамазаллехь а болуш /царна чохь баха/

    15:82
  3. فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ مُصْبِحِينَ

    Цгно схьалецира уьш, Iуьйренга бовлуш

    15:83
  4. فَمَا أَغْنَىٰ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَكْسِبُونَ

    Шайна карадеш хиллачо уьш клхьара ца бехира /Делан запах/

    15:84
  5. وَمَا خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا إِلَّا بِالْحَقِّ ۗ وَإِنَّ السَّاعَةَ لَآتِيَةٌ ۖ فَاصْفَحِ الصَّفْحَ الْجَمِيلَ

    Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ царна юккъехь мел дерг а бакъдолчуьнца бен. Сахьт/шеко йоццуш/ догIур долуш ду. Хьо хазачу кепара къинтравалалахь /царна/

    15:85
  6. إِنَّ رَبَّكَ هُوَ الْخَلَّاقُ الْعَلِيمُ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург ву хууш волу /дерриге а/ кхоллархо

    15:86
  7. وَلَقَدْ آتَيْنَاكَ سَبْعًا مِنَ الْمَثَانِي وَالْقُرْآنَ الْعَظِيمَ

    Оха делира хьоьга кест-кеста далочарах ворхI /аят/ а‚ сийлахь-деза долу Къуръан а

    15:87
  8. لَا تَمُدَّنَّ عَيْنَيْكَ إِلَىٰ مَا مَتَّعْنَا بِهِ أَزْوَاجًا مِنْهُمْ وَلَا تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَاخْفِضْ جَنَاحَكَ لِلْمُؤْمِنِينَ

    Хьайн бIаьргаш ма хьежабе Оха царах (кериста нахах) тайп-тайпана болчарна деллачу ниаташка‚ царна тIехь са а ма гатта де‚ хьайн /къинхетаман/ тIам ттовжабе муъмин нахана

    15:88
  9. وَقُلْ إِنِّي أَنَا النَّذِيرُ الْمُبِينُ

    Ахь āла: 'Баккъалла а, со билггал волу кхерамча ву'

    15:89
  10. كَمَا أَنْزَلْنَا عَلَى الْمُقْتَسِمِينَ

    Оха /хоьга/ доссийна /Къуръан, хIай Мухьаммад, жайнаш диссорах/ терра /дин/ доькъучаьрга

    15:90
  11. الَّذِينَ جَعَلُوا الْقُرْآنَ عِضِينَ

    Ишттанаш бу уьш шаьш Дешарх (Къуръанах) дāкъош дина болу

    15:91
  12. فَوَرَبِّكَ لَنَسْأَلَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ

    Хьан Кхиош-кхобучу Делора, Оха хаттаза дуьтур ма дац цаьрга массаьрга а

    15:92
  13. عَمَّا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Цара шаьш деш хиллачух

    15:93
  14. فَاصْدَعْ بِمَا تُؤْمَرُ وَأَعْرِضْ عَنِ الْمُشْرِكِينَ

    ДIакхайкхаде /хозуьйтуш/ хьайга омра динарг‚ /Делаца/ накъост лоцучарах дIаверза

    15:94
  15. إِنَّا كَفَيْنَاكَ الْمُسْتَهْزِئِينَ

    Баккъалла а, Оха клхьарваьккхира хьо /хьох/ кхаьрдачарах‚

    15:95
  16. الَّذِينَ يَجْعَلُونَ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ ۚ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ

    Шаьш Делаца кхин дела а хуьлуьйтуш болчу. Кеста хуур ду царна /шаьш деш хиллачун жам

    15:96
  17. وَلَقَدْ نَعْلَمُ أَنَّكَ يَضِيقُ صَدْرُكَ بِمَا يَقُولُونَ

    Тхо хууш ду хьан дог ьвдаш хилар цара /мушрикунаша хьан динах лаьцна/ дуьйцучух

    15:97
  18. فَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ وَكُنْ مِنَ السَّاجِدِينَ

    Тасбихь де хьайн Кхиош-Кхобучунна хастамбарца‚ сужуд дечарах хила

    15:98
  19. وَاعْبُدْ رَبَّكَ حَتَّىٰ يَأْتِيَكَ الْيَقِينُ

    Хьайн Кхиош-Кхобучунна Iибадат де хьайга бакъдерг кхаччалц

    15:99

Гочдар: Магомед Магомедов