Мусхаф., агӏо 594

  1. يَقُولُ يَا لَيْتَنِي قَدَّمْتُ لِحَيَاتِي

    Цо эр ду: 'Хьалхадаьккхина хиллехьара ас /диканиг/ сайн /хирг долчу/ дахарна'

    89:24
  2. فَيَوْمَئِذٍ لَا يُعَذِّبُ عَذَابَهُ أَحَدٌ

    Оцу дийнахь Цуьнан (Делан) Iазап дийр дац цхьаммо а‚

    89:25
  3. وَلَا يُوثِقُ وَثَاقَهُ أَحَدٌ

    Цхьаммо а буьхкур бац Цуьнан шад

    89:26
  4. يَا أَيَّتُهَا النَّفْسُ الْمُطْمَئِنَّةُ

    /Делах кхоьруш хиллачаьрга эр ду/: 'ХIай синтем хилла долу са!

    89:27
  5. ارْجِعِي إِلَىٰ رَبِّكِ رَاضِيَةً مَرْضِيَّةً

    ДIадерза хьуо Кхиош-кхобучуьнга хьо реза долуш‚ хьайна /Дела а‚ маликаш а/ реза долуш‚

    89:28
  6. فَادْخُلِي فِي عِبَادِي

    ДIакхиа Сан /дикачу/ лешка‚

    89:29
  7. وَادْخُلِي جَنَّتِي

    Чу гIо Сан ялсамани'

    89:30
  8. لَا أُقْسِمُ بِهَٰذَا الْبَلَدِ

    ХIан-хIа! Дуй боу Ас хIоккху гIалих (Макках)

    90:1
  9. وَأَنْتَ حِلٌّ بِهَٰذَا الْبَلَدِ

    Хьо /хIай Мухьаммад/ хьанал ву-кх цу гIалахь!

    90:2
  10. وَوَالِدٍ وَمَا وَلَدَ

    Дех (Адамах) дуй боу Ас‚ цо дуьнена ваьккхинчух а (цуьнан доьзалах нахах):

    90:3
  11. لَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ فِي كَبَدٍ

    Оха кхоьллина адам халонгахь

    90:4
  12. أَيَحْسَبُ أَنْ لَنْ يَقْدِرَ عَلَيْهِ أَحَدٌ

    Цунна моьтту-те шена тIехь цхьанна а ницкъ кхочур бац?

    90:5
  13. يَقُولُ أَهْلَكْتُ مَالًا لُبَدًا

    Цо олу: 'Ас дуккха даьхни хIаллакдина'

    90:6
  14. أَيَحْسَبُ أَنْ لَمْ يَرَهُ أَحَدٌ

    Цунна моьтту-те ша цхьанна гина вац?

    90:7
  15. أَلَمْ نَجْعَلْ لَهُ عَيْنَيْنِ

    Оха цунна ши бIаьрг ца бина?

    90:8
  16. وَلِسَانًا وَشَفَتَيْنِ

    Мотт а‚ ши балда а /ца дина/?

    90:9
  17. وَهَدَيْنَاهُ النَّجْدَيْنِ

    Оха нисвина иза /дикачунна а‚ вочунна а тIе боьдучу/ шина новкъа

    90:10
  18. فَلَا اقْتَحَمَ الْعَقَبَةَ

    Ирхо яхьан хьала ца гIирти иза

    90:11
  19. وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْعَقَبَةُ

    Хьоьга стено хаийтина‚ иза хIун ирхо яхьар ду?

    90:12
  20. فَكُّ رَقَبَةٍ

    Лай азатваккхар ду

    90:13
  21. أَوْ إِطْعَامٌ فِي يَوْمٍ ذِي مَسْغَبَةٍ

    Я хIума яор ду мацалла йолчудийнахь

    90:14
  22. يَتِيمًا ذَا مَقْرَبَةٍ

    Шен гергара долчу боберана‚

    90:15
  23. أَوْ مِسْكِينًا ذَا مَتْرَبَةٍ

    ЧIогIа къоьлла йолчу мискачунна

    90:16
  24. ثُمَّ كَانَ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا وَتَوَاصَوْا بِالصَّبْرِ وَتَوَاصَوْا بِالْمَرْحَمَةِ

    ТIаккха /иза дахь/ хир ву иза иймандиллинчарах а‚ вовшашка собаре хила олуш весет диначарах а‚ вовшашка къинхетаме хила олуш весет диначарах а

    90:17
  25. أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْمَيْمَنَةِ

    Уьш бу аьтту агIонан (ялсаманин) дай

    90:18
  26. وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِنَا هُمْ أَصْحَابُ الْمَشْأَمَةِ

    Тхан аятех цатешнарш уьш бу аьрру агIонан (жоьжахатин) дай

    90:19
  27. عَلَيْهِمْ نَارٌ مُؤْصَدَةٌ

    Царна хир ю /шен неIарш царна тIехь/ дкъевлина цIе

    90:20

Гочдар: Магомед Магомедов