Сурат 15 Аль-хьиджр

  1. فَلَمَّا جَاءَ آلَ لُوطٍ الْمُرْسَلُونَ

    И бахкийтинарш ЛутIан нахана (Лутпайхамарна) тIе баьхкича,

    15:61
  2. قَالَ إِنَّكُمْ قَوْمٌ مُنْكَرُونَ

    Цо (ЛутIас) элира: 'Баккъалла а, шу (суна) ца девза нах ду-кх'

    15:62
  3. قَالُوا بَلْ جِئْنَاكَ بِمَا كَانُوا فِيهِ يَمْتَرُونَ

    Цара элира: 'Амма, тхо хьо волчу даьхкина уьш шайн шеко хиллачуьнца

    15:63
  4. وَأَتَيْنَاكَ بِالْحَقِّ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ

    Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца – баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду

    15:64
  5. فَأَسْرِ بِأَهْلِكَ بِقِطْعٍ مِنَ اللَّيْلِ وَاتَّبِعْ أَدْبَارَهُمْ وَلَا يَلْتَفِتْ مِنْكُمْ أَحَدٌ وَامْضُوا حَيْثُ تُؤْمَرُونَ

    ДIагIуо хьайн доьзалца буьйсанах цхьа дакъа даьлча‚ хьо а гIуо царна тIаьххье. Цхьа а юха ма хьожийла шух /зуламхошна ден долу зап шайна ца гархьама и гинчунна а шена и ца хилийтархьама/‚ шайга омра динчу дIагIуо'

    15:65
  6. وَقَضَيْنَا إِلَيْهِ ذَٰلِكَ الْأَمْرَ أَنَّ دَابِرَ هَٰؤُلَاءِ مَقْطُوعٌ مُصْبِحِينَ

    И гIуллакх (Тхешан кхиэл) цунна (Лутна) дхаийтира Оха: хIокхеран тIаьхье хадор йолуш ю Iуьйренга бовларца (уьш берриге а хллакбийр болуш бу ьйранна)

    15:66
  7. وَجَاءَ أَهْلُ الْمَدِينَةِ يَسْتَبْشِرُونَ

    ГIалара нах баьхкира баккхийбеш

    15:67
  8. قَالَ إِنَّ هَٰؤُلَاءِ ضَيْفِي فَلَا تَفْضَحُونِ

    Цо (ЛутIас) элира: 'ХIорш сан хьеший бу‚ со сийсаза ма велаш

    15:68
  9. وَاتَّقُوا اللَّهَ وَلَا تُخْزُونِ

    Делах кхералаш‚ со юьхьIаьржа ма хIоттавелаш'

    15:69
  10. قَالُوا أَوَلَمْ نَنْهَكَ عَنِ الْعَالَمِينَ

    Цара элира:'Оха бехкам бина бацара хьуна массо а нахах /хийра нах т ма лаца, аьлла ?'

    15:70
  11. قَالَ هَٰؤُلَاءِ بَنَاتِي إِنْ كُنْتُمْ فَاعِلِينَ

    Цо элира: 'Хрш сан йорий бу шуна‚ шу /боьханиг/ ца деш ца Iахь /уьш балабейш шайна, сан хьеший а битий'

    15:71
  12. لَعَمْرُكَ إِنَّهُمْ لَفِي سَكْرَتِهِمْ يَعْمَهُونَ

    Хьан дахарора /хIай пайхамар/‚ баккъалла а, уьш шайн бехна хиларехь дIай-схьай уьйдуш ма бу

    15:72
  13. فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ مُشْرِقِينَ

    Малх кхеташ, цIогIано схьалецира уьш (чгчу гвгно хллакбира уьш)

    15:73
  14. فَجَعَلْنَا عَالِيَهَا سَافِلَهَا وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ حِجَارَةً مِنْ سِجِّيلٍ

    Цуьнан лакхенах лахе йира Оха‚ царна тIе дагийначу лаьттан тIулгаш /дог санна/ делхийтира Оха

    15:74
  15. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِلْمُتَوَسِّمِينَ

    Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, ойла еш, хьоьжучарна

    15:75
  16. وَإِنَّهَا لَبِسَبِيلٍ مُقِيمٍ

    Баккъалла а, и ма ю /нийсса Маккара Шама боьдучу/ новкъахь

    15:76
  17. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِلْمُؤْمِنِينَ

    Баккъалла а, цу чохь (Лутн къам хллакдарехь) делил ма ду муъмин нахана

    15:77
  18. وَإِنْ كَانَ أَصْحَابُ الْأَيْكَةِ لَظَالِمِينَ

    Айкатан бахархой ма хилира зуламхой

    15:78
  19. فَانْتَقَمْنَا مِنْهُمْ وَإِنَّهُمَا لَبِإِمَامٍ مُبِينٍ

    Царна бекхам бира Оха‚ баккъалла а, и шиъ билгалчу меттигехь ма ю

    15:79
  20. وَلَقَدْ كَذَّبَ أَصْحَابُ الْحِجْرِ الْمُرْسَلِينَ

    Хьижран бахархоша а харц ма бира элчанаш

    15:80

Гочдар: Магомед Магомедов