Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун)

  1. وَإِذَا جَاءُوكُمْ قَالُوا آمَنَّا وَقَدْ دَخَلُوا بِالْكُفْرِ وَهُمْ قَدْ خَرَجُوا بِهِ ۚ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا كَانُوا يَكْتُمُونَ

    Шу долчу баьхкича /жуьгтийн мунепикъаш/, цара олу: 'Тхо ийман диллина ду'‚ уьш-м /шу долчу/ баьхкина ма бара керстаналлица‚ – уьш /шу долчуьра/ ара ма бевли цуьнца. И Дела дика хууш ву-кх цара хьулдеш хилларг

    5:61
  2. وَتَرَىٰ كَثِيرًا مِنْهُمْ يُسَارِعُونَ فِي الْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَأَكْلِهِمُ السُّحْتَ ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Хьуна го царах дукхаберш сихлуш къа дарехь а‚ мостагIалла лелорехь а‚ хьарам хIума даарехь а. Ма вон хIума ду-кх цара деш хилларг!

    5:62
  3. لَوْلَا يَنْهَاهُمُ الرَّبَّانِيُّونَ وَالْأَحْبَارُ عَنْ قَوْلِهِمُ الْإِثْمَ وَأَكْلِهِمُ السُّحْتَ ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُوا يَصْنَعُونَ

    Уьш духа хIунда ца туху раббанаша а‚ ахьбараша а къахиларан дашах а‚ хьарам мел дерг а цара даарх а? Ма вон ду цара деш хилларг!

    5:63
  4. وَقَالَتِ الْيَهُودُ يَدُ اللَّهِ مَغْلُولَةٌ ۚ غُلَّتْ أَيْدِيهِمْ وَلُعِنُوا بِمَا قَالُوا ۘ بَلْ يَدَاهُ مَبْسُوطَتَانِ يُنْفِقُ كَيْفَ يَشَاءُ ۚ وَلَيَزِيدَنَّ كَثِيرًا مِنْهُمْ مَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ طُغْيَانًا وَكُفْرًا ۚ وَأَلْقَيْنَا بَيْنَهُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاءَ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۚ كُلَّمَا أَوْقَدُوا نَارًا لِلْحَرْبِ أَطْفَأَهَا اللَّهُ ۚ وَيَسْعَوْنَ فِي الْأَرْضِ فَسَادًا ۚ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُفْسِدِينَ

    Жуьгташа элира: 'Делан куьг дихкина ду'. Куьйгаш дихкина-кх церан. НеIалт аьлла царна шаьш дуьйцург бахьанехь. Цуьнан (Делан) ши куьг даржийна ду‚ Шена луучунна рицкъ луш ву И. Царах дукхаберш совбохур бу хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьоьга доссийначо /Делан / дозанех бовларца а, керстаналлица а. Царна юкъа мостагIалла а‚ оьгIазло а кхоьссина Оха къематде кхаччалц. Цара цIе мел латий тIамна‚ Дала яйира и. Лаьттахь боьха дерг даржадо цара. Далла безац боьханиг деш берш

    5:64
  5. وَلَوْ أَنَّ أَهْلَ الْكِتَابِ آمَنُوا وَاتَّقَوْا لَكَفَّرْنَا عَنْهُمْ سَيِّئَاتِهِمْ وَلَأَدْخَلْنَاهُمْ جَنَّاتِ النَّعِيمِ

    Жайнан охIлано ийман диллина хиллехьара‚ /Делах/ кхоьруш хиллехьара‚ церан вонаш (къинош) дIадохур дара Оха царах‚ ниIматан ялсаманичу бохийтур бара уьш

    5:65
  6. وَلَوْ أَنَّهُمْ أَقَامُوا التَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْهِمْ مِنْ رَبِّهِمْ لَأَكَلُوا مِنْ فَوْقِهِمْ وَمِنْ تَحْتِ أَرْجُلِهِمْ ۚ مِنْهُمْ أُمَّةٌ مُقْتَصِدَةٌ ۖ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ سَاءَ مَا يَعْمَلُونَ

    Таврат а‚ Инжил а‚ /кхин/ шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга охьадоссийнарг (хра сийлахь долу Къуръан) хIоттадеш уьш белахьара‚ шайна лакхахь а‚ когий бухахь а дерг дуур дара цара. Царах нийса уммат а ду. Царах дукхаберш вон хилла шаьш дечуьнца

    5:66
  7. يَا أَيُّهَا الرَّسُولُ بَلِّغْ مَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ ۖ وَإِنْ لَمْ تَفْعَلْ فَمَا بَلَّغْتَ رِسَالَتَهُ ۚ وَاللَّهُ يَعْصِمُكَ مِنَ النَّاسِ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ

    ХIай элча! ДIакхачаде хьайга хьан Кхиош-кхобучуьнгара охьадоссийнарг. Ахь и ца дахь – ахь кхочуш ца дина Цуьнан элчалла. Дала ларвийр ву хьо нахах. Баккъалла а, Дала ца нисдо керста къам

    5:67
  8. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لَسْتُمْ عَلَىٰ شَيْءٍ حَتَّىٰ تُقِيمُوا التَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْكُمْ مِنْ رَبِّكُمْ ۗ وَلَيَزِيدَنَّ كَثِيرًا مِنْهُمْ مَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ طُغْيَانًا وَكُفْرًا ۖ فَلَا تَأْسَ عَلَى الْقَوْمِ الْكَافِرِينَ

    Ахь āла: 'ХIай жайнан охIла! Шу цхьанна а хIуманна декъахь дац аш Таврат а‚ Инжил а‚ кхин шайн Кхиош-кхобучуьнгара шайга доссинарг а хIоттадалц'. Хьоьга хьан Кхиош-кхобучуьнгара доьссинчо алсамбахаза буьтур ма бац царах дукхаберш /Делан / дозанех бовларехь а, керстаналлехь а. Хьо сингаттаме ма хила керста къам бахьанехь

    5:68
  9. إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَادُوا وَالصَّابِئُونَ وَالنَّصَارَىٰ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَعَمِلَ صَالِحًا فَلَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ

    Баккъалла а, ийман диллинарш (бусалбанаш) а‚ жуьгтий а‚ сабиунаш а‚ насараш а – /царах/ Деле а‚ тIаьхьарчу дийне а ийман а диллинарш‚ дика Iамал а йинарш /муьлш белахь а/ –/къематдийнан ирчаллин/ кхерам а хир ма бац царна‚ уьш /дуьненахь бухадиснарг бахьанехь/ сингаттаме а хир ма бац

    5:69
  10. لَقَدْ أَخَذْنَا مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَأَرْسَلْنَا إِلَيْهِمْ رُسُلًا ۖ كُلَّمَا جَاءَهُمْ رَسُولٌ بِمَا لَا تَهْوَىٰ أَنْفُسُهُمْ فَرِيقًا كَذَّبُوا وَفَرِيقًا يَقْتُلُونَ

    Исраилан кIенташца барт бира Оха /цара Деле а‚ цуьнан элчанашка а ийман дуьллур ду, аьлла/‚ цаьрга элчанаш а бахкийтира. Шайга элча мосазза веъча а‚ шайн синошна дезарг ца дохьуш‚ цхьаберш харцбора цара‚ цхьаберш бойу цара

    5:70
  11. وَحَسِبُوا أَلَّا تَكُونَ فِتْنَةٌ فَعَمُوا وَصَمُّوا ثُمَّ تَابَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ ثُمَّ عَمُوا وَصَمُّوا كَثِيرٌ مِنْهُمْ ۚ وَاللَّهُ بَصِيرٌ بِمَا يَعْمَلُونَ

    Царна моьтттура питана хир дац‚ бIаьрзе а‚ къора а хилира уьш‚ тIаккха Дала царна гечдира. ТIаккха царах дукхаберш /юха а/ бIаьрзе а‚ къора а хилира. Дела гуш ма ву цара дийриг

    5:71
  12. لَقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ هُوَ الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ ۖ وَقَالَ الْمَسِيحُ يَا بَنِي إِسْرَائِيلَ اعْبُدُوا اللَّهَ رَبِّي وَرَبَّكُمْ ۖ إِنَّهُ مَنْ يُشْرِكْ بِاللَّهِ فَقَدْ حَرَّمَ اللَّهُ عَلَيْهِ الْجَنَّةَ وَمَأْوَاهُ النَّارُ ۖ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ أَنْصَارٍ

    Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: 'Баккъалла а, Дела – Марьяман кIант Масūхь ву' (Iийса). Масūхьа аьлла: 'ХIай Исраилан кIентий! АллахIана Iибадат де – сан Далла а‚ шайн Далла а. Баккъалла а, милла велахь а, Делаца накъост лаьцна‚ Дала цунна хьарам йина ялсамани‚ цуьнан чугIойла (жоьжахатин) цIе ю. Зуламхошна гIоьнчий ма бац”

    5:72
  13. لَقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ ثَالِثُ ثَلَاثَةٍ ۘ وَمَا مِنْ إِلَٰهٍ إِلَّا إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۚ وَإِنْ لَمْ يَنْتَهُوا عَمَّا يَقُولُونَ لَيَمَسَّنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    Керстаналла дина шаьш аьлла болчара: 'Баккъалла а, Дела ву кхааннах кхоалгIаниг'. Цхьа а кхин Дела вац И Ша цхьа Дела воцург. Шаьш олучух уьш ца совцахь – царах шаьш керстанаш хиллачарах лазош долу Iазап хьакхалур ма ду

    5:73
  14. أَفَلَا يَتُوبُونَ إِلَى اللَّهِ وَيَسْتَغْفِرُونَهُ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Деле тōба хIунда ца до цара‚ Цуьнга гечдар а хIунда ца доьху? И Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву

    5:74
  15. مَا الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ إِلَّا رَسُولٌ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِ الرُّسُلُ وَأُمُّهُ صِدِّيقَةٌ ۖ كَانَا يَأْكُلَانِ الطَّعَامَ ۗ انْظُرْ كَيْفَ نُبَيِّنُ لَهُمُ الْآيَاتِ ثُمَّ انْظُرْ أَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ

    Марьяман кIант Масūхь ма вац элча бен‚ цул хьалха а дIабахана элчанаш‚ цуьнан нана ю уггар бакълуьйш ерг. Уьш ший а хилла кхача бууш. Хьажал‚ муха билгалдеш ду Тхо царна аяташ‚ тIаккха а хьажал‚ муха Iехийна уьш (шайтIано)

    5:75
  16. قُلْ أَتَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَمْلِكُ لَكُمْ ضَرًّا وَلَا نَفْعًا ۚ وَاللَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ

    Ахь āла: 'Аш Iибадат до ткъа, Дела а вуьтий, шен долахь шайна зен а‚ я пайда а боцучунна? И Дела Ша хезаш а‚ хууш а ма ву'

    5:76
  17. قُلْ يَا أَهْلَ الْكِتَابِ لَا تَغْلُوا فِي دِينِكُمْ غَيْرَ الْحَقِّ وَلَا تَتَّبِعُوا أَهْوَاءَ قَوْمٍ قَدْ ضَلُّوا مِنْ قَبْلُ وَأَضَلُّوا كَثِيرًا وَضَلُّوا عَنْ سَوَاءِ السَّبِيلِ

    Ахь āла: 'ХIай жайнан охIла‚ шайн динехь дукха тIех ма довла бакъдерг доцучохь‚ шу тIаьхьа ма хIитта цхьана къоман дезаршна‚ ша хьалха тиладелла долчу къоманна‚ цо дукхаберш тилийна‚ нийсачу новкъах ша а тиладелла'

    5:77
  18. لُعِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ بَنِي إِسْرَائِيلَ عَلَىٰ لِسَانِ دَاوُودَ وَعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ ۚ ذَٰلِكَ بِمَا عَصَوْا وَكَانُوا يَعْتَدُونَ

    Исраилан кIентех керстаналла диначарна неIалт аьлла Давудан а‚ Марьяман кIентан Iийсан а багахула. И – цара йинчу Iесаллина а‚ уьш дозанех бовлуш хиларна а ду

    5:78
  19. كَانُوا لَا يَتَنَاهَوْنَ عَنْ مُنْكَرٍ فَعَلُوهُ ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُوا يَفْعَلُونَ

    Уьш хилла шаьш динчу вочунна вовшашка нехIи ца деш. Ма вон ду-кх цара деш хилларг!

    5:79
  20. تَرَىٰ كَثِيرًا مِنْهُمْ يَتَوَلَّوْنَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ لَبِئْسَ مَا قَدَّمَتْ لَهُمْ أَنْفُسُهُمْ أَنْ سَخِطَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ وَفِي الْعَذَابِ هُمْ خَالِدُونَ

    Хьуна го царах (жуьгтех) дукхаберш бу керстаналла диначарах доттагIий беш. Ма вон ду-кх цара шайна хьалхадаьккхинарг – Дела шайна оьгIазвахийтар. Iазабехь уьш гуттар буьсур ма бу

    5:80

Гочдар: Магомед Магомедов