Сурат 7 Аль-аIраф (АIраф)

  1. إِنَّ الَّذِينَ اتَّقَوْا إِذَا مَسَّهُمْ طَائِفٌ مِنَ الشَّيْطَانِ تَذَكَّرُوا فَإِذَا هُمْ مُبْصِرُونَ

    Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш шаьш шайтIанан балано схьалаьцча, /Дела/ хьехаво (зикр до) цара‚ уьш гуш хуьлу /нийса некъ/

    7:201
  2. وَإِخْوَانُهُمْ يَمُدُّونَهُمْ فِي الْغَيِّ ثُمَّ لَا يُقْصِرُونَ

    Амма церан вежарий (къинош деш берш) – царна-м тиларчохь гIо до хьуна цара (шайтIано а, цуьнан накъосташа а)‚ тIаккха а ледарло ца йолуьйту цара (уьш тилош къахьегарехь)

    7:202
  3. وَإِذَا لَمْ تَأْتِهِمْ بِآيَةٍ قَالُوا لَوْلَا اجْتَبَيْتَهَا ۚ قُلْ إِنَّمَا أَتَّبِعُ مَا يُوحَىٰ إِلَيَّ مِنْ رَبِّي ۚ هَٰذَا بَصَائِرُ مِنْ رَبِّكُمْ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Ахь шайга аят ца деъча‚ олура: 'Айхьа хаьржина хиллехьара ахь /аят/'. Ахь āла: 'Сайга сан Кхиош-кхобучуьнгара догIучу вехьена бен со тIаьхьахIуттуш вац. ХIара /Къуръан/ – шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонаш ю‚ нийса некъ а‚ къинхетам а бу, ша тешаш долчу къомана'

    7:203
  4. وَإِذَا قُرِئَ الْقُرْآنُ فَاسْتَمِعُوا لَهُ وَأَنْصِتُوا لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    Къуръан доьшуш долуш – ладогIа цуьнга‚ гIовгIа ма е‚ шух къинхетам бан тарло

    7:204
  5. وَاذْكُرْ رَبَّكَ فِي نَفْسِكَ تَضَرُّعًا وَخِيفَةً وَدُونَ الْجَهْرِ مِنَ الْقَوْلِ بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ وَلَا تَكُنْ مِنَ الْغَافِلِينَ

    Хьехаве хьан Кхиош-кхобург хьайгахь (меллаша), /Цуьнга/ хьасталой‚ /Цунах/ кхоьруш‚ чIогIа доцчу озаца Iуьйранна а‚ суьйранна а. Хьо ма хилалахь и тергам ца бечарах

    7:205
  6. إِنَّ الَّذِينَ عِنْدَ رَبِّكَ لَا يَسْتَكْبِرُونَ عَنْ عِبَادَتِهِ وَيُسَبِّحُونَهُ وَلَهُ يَسْجُدُونَ ۩

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучун гергахь дерш Цунна Iибадат дарна куралла еш дац‚ массо а вочух И цIанвеш ду, Цунна сужд деш ду

    7:206

Гочдар: Магомед Магомедов