Сурат 7 Аль-аIраф (АIраф)

  1. وَإِذْ أَنْجَيْنَاكُمْ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ ۖ يُقَتِّلُونَ أَبْنَاءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءَكُمْ ۚ وَفِي ذَٰلِكُمْ بَلَاءٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَظِيمٌ

    Дагадайта /хй Исраилан кнтий/: Цо клхьар ма дехира шу ФирIавнан доьзалх‚ шуна боьха Iазап латтош хилла болчу. Цара бойура шун кIентий‚ дийна буьтура /шайна бацо/ шун зударий. Шуна цу чохь шун сийлахь-веза волчу Кхиош-кхобучуьнгара зер ма ду

    7:141
  2. وَوَاعَدْنَا مُوسَىٰ ثَلَاثِينَ لَيْلَةً وَأَتْمَمْنَاهَا بِعَشْرٍ فَتَمَّ مِيقَاتُ رَبِّهِ أَرْبَعِينَ لَيْلَةً ۚ وَقَالَ مُوسَىٰ لِأَخِيهِ هَارُونَ اخْلُفْنِي فِي قَوْمِي وَأَصْلِحْ وَلَا تَتَّبِعْ سَبِيلَ الْمُفْسِدِينَ

    ТIаккха Оха Мусаца ваIда йира ткъе итт буьйсанца‚ уьш кхочушхилийтира Оха иттанца. Цуьнан Кхиош-кхобучун тоьхна хан кхочушхилира шовзткъа буьйсанца. ТIаккха Мусас элира шен вешига ХIаруне: 'Сан метта виса сан къомаца‚ маслахьат (диканиг) де‚ боьханиг дечеран новкъа ма хIотталахь'

    7:142
  3. وَلَمَّا جَاءَ مُوسَىٰ لِمِيقَاتِنَا وَكَلَّمَهُ رَبُّهُ قَالَ رَبِّ أَرِنِي أَنْظُرْ إِلَيْكَ ۚ قَالَ لَنْ تَرَانِي وَلَٰكِنِ انْظُرْ إِلَى الْجَبَلِ فَإِنِ اسْتَقَرَّ مَكَانَهُ فَسَوْفَ تَرَانِي ۚ فَلَمَّا تَجَلَّىٰ رَبُّهُ لِلْجَبَلِ جَعَلَهُ دَكًّا وَخَرَّ مُوسَىٰ صَعِقًا ۚ فَلَمَّا أَفَاقَ قَالَ سُبْحَانَكَ تُبْتُ إِلَيْكَ وَأَنَا أَوَّلُ الْمُؤْمِنِينَ

    Оха билгалъяьккхинчу меттиге веъча‚ шен Кхиош-кхобучо шеца къамел дича‚ Мусас элира: 'Сан Кхиош-кхобург‚ суна Хьуо гайтахь – Хьоьга хьожур вара со!'. Цо элира: 'Со ганне а гур вац хьуна‚ делахь а, хьажахь дIо ламане‚ цуьнан меттиг чIагIлахь – тIаккха Со гур ву хьуна'. Цуьнан Кхиош-кхобург ламанна гучуваьлча‚ Цо и аьтта дIабахийтира‚ Муса, эсах а ваьлла, вуьйжира. ТIаккха ша меттавеъча‚ цо элира: 'Хьо вонах цIанво ас‚ ас тōба ди Хьоьга‚ со ву-кх тешачарех хьалхарниг'

    7:143
  4. قَالَ يَا مُوسَىٰ إِنِّي اصْطَفَيْتُكَ عَلَى النَّاسِ بِرِسَالَاتِي وَبِكَلَامِي فَخُذْ مَا آتَيْتُكَ وَكُنْ مِنَ الشَّاكِرِينَ

    Цо (Дала) элира: 'ХIай Муса! Баккъалла а, Ас хьо хаьржина нахал Сан элчаллица‚ Сан къамелаца‚ дIалаца Ас хьайга делларг‚ хьо хила шукр дечарех'

    7:144
  5. وَكَتَبْنَا لَهُ فِي الْأَلْوَاحِ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ مَوْعِظَةً وَتَفْصِيلًا لِكُلِّ شَيْءٍ فَخُذْهَا بِقُوَّةٍ وَأْمُرْ قَوْمَكَ يَأْخُذُوا بِأَحْسَنِهَا ۚ سَأُرِيكُمْ دَارَ الْفَاسِقِينَ

    Оха яздира цунна ардахий (аьнний) чохь хIор хIуманах хьехам а‚ хIор хIуманна къастор а, /олуш/: 'ДIаэца и ницкъица‚ хьан къоме а омра де, дIалаца алий цуьнан уггар хазаниг. Ас тIаьхьа гойтур ду шуьга песакъ нехан цIа'

    7:145
  6. سَأَصْرِفُ عَنْ آيَاتِيَ الَّذِينَ يَتَكَبَّرُونَ فِي الْأَرْضِ بِغَيْرِ الْحَقِّ وَإِنْ يَرَوْا كُلَّ آيَةٍ لَا يُؤْمِنُوا بِهَا وَإِنْ يَرَوْا سَبِيلَ الرُّشْدِ لَا يَتَّخِذُوهُ سَبِيلًا وَإِنْ يَرَوْا سَبِيلَ الْغَيِّ يَتَّخِذُوهُ سَبِيلًا ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَكَانُوا عَنْهَا غَافِلِينَ

    ТIаьхьа Ас Сан аятех дберзор бу лаьттахь, бовла хьакъ боцуш, курабевлла хилларш. Муьлхха а делил гича а – цунах ца теша уьш‚ нийсонан некъ гича а – и некъ бой тIе ца лоцу цара‚ тиларан некъ гича – и некъ бой тIелоцу цара‚ иза цара Тхан аяташ харцдина дела ду‚ уьш царах гIовпал хилла дела ду

    7:146
  7. وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا وَلِقَاءِ الْآخِرَةِ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ ۚ هَلْ يُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Тхан аяташ а‚ эхартаца цхьанакхетар а харцдинарш – церан Iамалш хIаллакхилла. Шаьш еш хиллачу Iамалашца а бен бекхам хир буй царна?!

    7:147
  8. وَاتَّخَذَ قَوْمُ مُوسَىٰ مِنْ بَعْدِهِ مِنْ حُلِيِّهِمْ عِجْلًا جَسَدًا لَهُ خُوَارٌ ۚ أَلَمْ يَرَوْا أَنَّهُ لَا يُكَلِّمُهُمْ وَلَا يَهْدِيهِمْ سَبِيلًا ۘ اتَّخَذُوهُ وَكَانُوا ظَالِمِينَ

    Мусан къомо и /Делаца хабар дийца/ ваханчул тIаьхьа гIозарех а‚ мухIарех эса дира шен дегI а‚ аз а долуш. Царна ца го техьа‚ цо цаьрца къамел ма ца дой‚ /нийсачу/ новкъа а нис ма ца бо цо уьш? Цара и лецира / Дела а витина, Iибадат дан/, – уьш зуламхой хилира

    7:148
  9. وَلَمَّا سُقِطَ فِي أَيْدِيهِمْ وَرَأَوْا أَنَّهُمْ قَدْ ضَلُّوا قَالُوا لَئِنْ لَمْ يَرْحَمْنَا رَبُّنَا وَيَغْفِرْ لَنَا لَنَكُونَنَّ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    ТIаккха уьш дохкобевлла‚ хIун дийр ду ца хууш болуш‚ царна гича шаьш тиладелла хилар‚ цара элира: 'Вай Кхиош-кхобучо вайх къинхетам ца бахь‚ Цо вайна геч ца дахь – вай хиланне а хир ма ду эшначарах'

    7:149
  10. وَلَمَّا رَجَعَ مُوسَىٰ إِلَىٰ قَوْمِهِ غَضْبَانَ أَسِفًا قَالَ بِئْسَمَا خَلَفْتُمُونِي مِنْ بَعْدِي ۖ أَعَجِلْتُمْ أَمْرَ رَبِّكُمْ ۖ وَأَلْقَى الْأَلْوَاحَ وَأَخَذَ بِرَأْسِ أَخِيهِ يَجُرُّهُ إِلَيْهِ ۚ قَالَ ابْنَ أُمَّ إِنَّ الْقَوْمَ اسْتَضْعَفُونِي وَكَادُوا يَقْتُلُونَنِي فَلَا تُشْمِتْ بِيَ الْأَعْدَاءَ وَلَا تَجْعَلْنِي مَعَ الْقَوْمِ الظَّالِمِينَ

    Муса шен къомана тIе юхавирзича‚ ша оьгIазвахана‚ чIогIа пошме хилла‚ элира: 'Ма вон хIума ду-кх аш суна кхоьллинарг сол тIаьхьа (со воцуш). Сихлой ткъа шайн Кхиош-кхобучун гIуллакхехь?' Шегара аннаш охьакхиссира цо‚ шен вешин корта (-н месаш) шена тIе озийра цо. Элира /ХIаруна/: 'ХIай сан ненан кIант! Цу къомо со заьIап ма ви‚ со вен герга ма хилла уьш‚ мостагIий баккхий ма белахь суна‚ зуламе къомаца ма хилийталахь со'

    7:150
  11. قَالَ رَبِّ اغْفِرْ لِي وَلِأَخِي وَأَدْخِلْنَا فِي رَحْمَتِكَ ۖ وَأَنْتَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ

    Элира /Мусас/: 'Со Кхиош-кхобург! Гечделахь суна а‚ сан вешина а‚ Хьан къинхетамна чудохкалахь тхо. Хьо ву-кх уггар къинхетаме верг'

    7:151
  12. إِنَّ الَّذِينَ اتَّخَذُوا الْعِجْلَ سَيَنَالُهُمْ غَضَبٌ مِنْ رَبِّهِمْ وَذِلَّةٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَكَذَٰلِكَ نَجْزِي الْمُفْتَرِينَ

    Баккъалла а, эса лаьцнарш /шайн дела вина/ – шайн Кхиош-кхобучуьнгара оьгIазло кхуьур ма ю царах‚ сийсазалла а /ю царна/ дуьненан дахарехь. Иштта бекхам бо Оха харцдерг кхуллучарна

    7:152
  13. وَالَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ ثُمَّ تَابُوا مِنْ بَعْدِهَا وَآمَنُوا إِنَّ رَبَّكَ مِنْ بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَحِيمٌ

    Вониг (къинош) динарш‚ тIаккха цул тIаьхьа тōба а дина, иман диллинарш, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тIаьхьа /царна/ гечдеш верг ма ву‚ къинхетам беш верг ма ву

    7:153
  14. وَلَمَّا سَكَتَ عَنْ مُوسَى الْغَضَبُ أَخَذَ الْأَلْوَاحَ ۖ وَفِي نُسْخَتِهَا هُدًى وَرَحْمَةٌ لِلَّذِينَ هُمْ لِرَبِّهِمْ يَرْهَبُونَ

    Муса оьгIазаллах ваставелча, аннаш схьаийцира цо‚ церан йозаний чохь бара нийса некъ а‚ къинхетам а шен Кхиош-кхобучух кхоьруш болчарна

    7:154
  15. وَاخْتَارَ مُوسَىٰ قَوْمَهُ سَبْعِينَ رَجُلًا لِمِيقَاتِنَا ۖ فَلَمَّا أَخَذَتْهُمُ الرَّجْفَةُ قَالَ رَبِّ لَوْ شِئْتَ أَهْلَكْتَهُمْ مِنْ قَبْلُ وَإِيَّايَ ۖ أَتُهْلِكُنَا بِمَا فَعَلَ السُّفَهَاءُ مِنَّا ۖ إِنْ هِيَ إِلَّا فِتْنَتُكَ تُضِلُّ بِهَا مَنْ تَشَاءُ وَتَهْدِي مَنْ تَشَاءُ ۖ أَنْتَ وَلِيُّنَا فَاغْفِرْ لَنَا وَارْحَمْنَا ۖ وَأَنْتَ خَيْرُ الْغَافِرِينَ

    Мусас шен къомах кхузткъе итт стаг хаьржира Тхьоца цхьанакхетарна. ТIаккха чIогIачу латталастаро уьш схьалецча‚ цо элира: 'Со Кхиошкхобург‚ Хьайна лиъна хиллехьара, Ахь хьалха хIаллакбина хир бара уьш а‚ со а. Тхо хIаллакдо Ахь тхох /цхьаболчу/ Iовдалша лелийначуьнца? Иза хьан питана ма дуй‚ Ахь шеца Хьайна луург тилош‚ Хьайна луург нисвеш долу. Хьо ву-кх тхан доладийриг (вали)‚ гечдехьа тхуна‚ къинхетам бехьа тхох‚ Хьо ву-кх уггар дика гечдийриг

    7:155
  16. وَاكْتُبْ لَنَا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةً وَفِي الْآخِرَةِ إِنَّا هُدْنَا إِلَيْكَ ۚ قَالَ عَذَابِي أُصِيبُ بِهِ مَنْ أَشَاءُ ۖ وَرَحْمَتِي وَسِعَتْ كُلَّ شَيْءٍ ۚ فَسَأَكْتُبُهَا لِلَّذِينَ يَتَّقُونَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَالَّذِينَ هُمْ بِآيَاتِنَا يُؤْمِنُونَ

    Яздехьа тхуна хIокху дуьненахь диканиг‚ эхартахь а /диканиг/‚ баккъалла а, тхо нисделла-кх Хьоьга'. Цо /Дала/ элира: 'Сан Iазап Ас кхиор ду Сайна луучух‚ Сан къинхетамо массо а хIума шена чулаьцна – тIаьхьа Ас дIаязбийр бу и /къинхетам/ шаьш /къинах/ кхоьруш болчарна‚ закат луш болчарна‚ шаьш Тхан аятех тешаш болчарна

    7:156
  17. الَّذِينَ يَتَّبِعُونَ الرَّسُولَ النَّبِيَّ الْأُمِّيَّ الَّذِي يَجِدُونَهُ مَكْتُوبًا عِنْدَهُمْ فِي التَّوْرَاةِ وَالْإِنْجِيلِ يَأْمُرُهُمْ بِالْمَعْرُوفِ وَيَنْهَاهُمْ عَنِ الْمُنْكَرِ وَيُحِلُّ لَهُمُ الطَّيِّبَاتِ وَيُحَرِّمُ عَلَيْهِمُ الْخَبَائِثَ وَيَضَعُ عَنْهُمْ إِصْرَهُمْ وَالْأَغْلَالَ الَّتِي كَانَتْ عَلَيْهِمْ ۚ فَالَّذِينَ آمَنُوا بِهِ وَعَزَّرُوهُ وَنَصَرُوهُ وَاتَّبَعُوا النُّورَ الَّذِي أُنْزِلَ مَعَهُ ۙ أُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Ишттанаш бу уьш шаьш тIаьхьахIуьттуш элчанна-пайхамарна йоза-дешар ца хууш волчу‚ шех лаьцна яздина шайна карош шайн гергахь Таврата чохь‚ Инжила чохь‚ ша царна 'Диканиг де!' олуш волу‚ вочух уьш духатухуш волу‚ цIена дерг царна хьанал деш волу‚ боьханиг шайна хьарам деш волу‚ царна тIера деза хIуманаш а‚ буржолаш а ша дIадохуш волу. Цунах тешнарш‚ и лийринарш‚ цунна гIо динарш‚ цуьнца доссийна долчу нуьрана (Къуръанна) тIаьхьахIиттинарш – уьш бу баккхийбуьйр берш

    7:157
  18. قُلْ يَا أَيُّهَا النَّاسُ إِنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكُمْ جَمِيعًا الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ ۖ فَآمِنُوا بِاللَّهِ وَرَسُولِهِ النَّبِيِّ الْأُمِّيِّ الَّذِي يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَكَلِمَاتِهِ وَاتَّبِعُوهُ لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    Ахь āла: 'ХIай нах! Баккъалла а, со Делан элча ву шуьга массаьрга а‚ Иза ву стигланийн а‚ лаьттан а паччахьлла Шен долахь дерг. Кхин дела вац И воцург ‚ /массо са долу хма а, нах а/ денбо Цо‚ болуьйту Цо. Теша шу Делах а‚ Цуьнан элча-пайхамарах а‚ йоза-дешар ца хууш волчу‚ ша тешаш волчу Делах а‚ цуьнан дешнех а. ТIаьхьахIитта цунна – шу нийсачу новкъа довла там бара'

    7:158
  19. وَمِنْ قَوْمِ مُوسَىٰ أُمَّةٌ يَهْدُونَ بِالْحَقِّ وَبِهِ يَعْدِلُونَ

    Мусан къомах а ду цхьа уммат‚ ша бакъдолчунна тIе нисделла долу‚ ша цуьнца нийсо еш долу

    7:159
  20. وَقَطَّعْنَاهُمُ اثْنَتَيْ عَشْرَةَ أَسْبَاطًا أُمَمًا ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ إِذِ اسْتَسْقَاهُ قَوْمُهُ أَنِ اضْرِبْ بِعَصَاكَ الْحَجَرَ ۖ فَانْبَجَسَتْ مِنْهُ اثْنَتَا عَشْرَةَ عَيْنًا ۖ قَدْ عَلِمَ كُلُّ أُنَاسٍ مَشْرَبَهُمْ ۚ وَظَلَّلْنَا عَلَيْهِمُ الْغَمَامَ وَأَنْزَلْنَا عَلَيْهِمُ الْمَنَّ وَالسَّلْوَىٰ ۖ كُلُوا مِنْ طَيِّبَاتِ مَا رَزَقْنَاكُمْ ۚ وَمَا ظَلَمُونَا وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Оха уьш (Исраилан кIентий) бийкъира шийтта некъене. Мусага хаийтира Оха, иза шен къомана хи доьхуш волчу хенахь, 'хьан Iаса тоха тIулгах'‚ аьлла. ТIаккха шийтта хьоста схьаделира цунах. ХIор некъенна (тобанна) шен хи молу меттиг хиира. Оха царна IиндагI (салкха) дира мархаца‚ доссийра царна Манна а‚ Салва а – даа Оха шайна деллачу рицкъих цIенадерг. Тхуна зулам ца дина цара – уьш хилла-кх шаьш шайна зулам деш

    7:160

Гочдар: Магомед Магомедов