Сурат 7 Аль-аIраф (АIраф)

  1. تِلْكَ الْقُرَىٰ نَقُصُّ عَلَيْكَ مِنْ أَنْبَائِهَا ۚ وَلَقَدْ جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا بِمَا كَذَّبُوا مِنْ قَبْلُ ۚ كَذَٰلِكَ يَطْبَعُ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِ الْكَافِرِينَ

    Оцу яртийн хабарех дуьйцу Оха хьоьга. Цаьрга баьхкира Тхан элчанаш билгалонашца‚ уьш ца хилира тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар туху Дала цатешачеран дегнашна тIе

    7:101
  2. وَمَا وَجَدْنَا لِأَكْثَرِهِمْ مِنْ عَهْدٍ ۖ وَإِنْ وَجَدْنَا أَكْثَرَهُمْ لَفَاسِقِينَ

    Царах дукхахболчеран Тхуна ца карийра ваIда кхочушъяр‚ Тхуна ма карийра царах дукхахберш песакъ нах

    7:102
  3. ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ فَظَلَمُوا بِهَا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ

    ТIаккха царал тIаьхьа ФирIавна а‚ цуьнан элашна а тIе Муса вахийтира Оха Тхан аяташца – цаьрца зулам дира цара. Хьажал‚ муха хилла боьханиг дечеран тьхье!

    7:103
  4. وَقَالَ مُوسَىٰ يَا فِرْعَوْنُ إِنِّي رَسُولٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Мусас элира: 'ХIай ФирIавн! Баккъалла а, со ву Iаламийн Кхиош-кхобучуьнгара элча

    7:104
  5. حَقِيقٌ عَلَىٰ أَنْ لَا أَقُولَ عَلَى اللَّهِ إِلَّا الْحَقَّ ۚ قَدْ جِئْتُكُمْ بِبَيِّنَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ فَأَرْسِلْ مَعِيَ بَنِي إِسْرَائِيلَ

    Хьакъ ву со Далла тIехь бакъдерг бен ца āла. Со веана шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонца‚ соьца дбахкийта Исраилан кIентий'

    7:105
  6. قَالَ إِنْ كُنْتَ جِئْتَ بِآيَةٍ فَأْتِ بِهَا إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Цо элира: 'Хьо веана хиллехь делилаца‚ схьало и, хьо бакълуьйчарех хиллехь'

    7:106
  7. فَأَلْقَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ ثُعْبَانٌ مُبِينٌ

    ТIаккха /Мусас/ шен Iаса кхоьссира – цунах билггала текхарг хилира

    7:107
  8. وَنَزَعَ يَدَهُ فَإِذَا هِيَ بَيْضَاءُ لِلنَّاظِرِينَ

    ТIаккха цо шен /кисанара/ куьг схьадаьккхира– и хьоьжучарна шурул- кIайн хилира

    7:108
  9. قَالَ الْمَلَأُ مِنْ قَوْمِ فِرْعَوْنَ إِنَّ هَٰذَا لَسَاحِرٌ عَلِيمٌ

    ФирIавнан къоман элаша элира: 'Баккъалла а, хIара ву говза бозбуунча

    7:109
  10. يُرِيدُ أَنْ يُخْرِجَكُمْ مِنْ أَرْضِكُمْ ۖ فَمَاذَا تَأْمُرُونَ

    Шу шайн лаьттара арадāха лууш ву иза – хIун омра до аш?'

    7:110
  11. قَالُوا أَرْجِهْ وَأَخَاهُ وَأَرْسِلْ فِي الْمَدَائِنِ حَاشِرِينَ

    Цара элира: 'Бухасацаве иза а‚ цуьнан ваша а (цхьа жимма)‚ бахийта гIаланашка гуламхой

    7:111
  12. يَأْتُوكَ بِكُلِّ سَاحِرٍ عَلِيمٍ

    Хьуна тIе валойла цара массо а говза бозбуунча'

    7:112
  13. وَجَاءَ السَّحَرَةُ فِرْعَوْنَ قَالُوا إِنَّ لَنَا لَأَجْرًا إِنْ كُنَّا نَحْنُ الْغَالِبِينَ

    ФирIавнан бозбуунчаш баьхкира‚ цара элира: 'Баккъалла а, тхуна мах хир буй, тхо хиллехь тоьлларш?'

    7:113
  14. قَالَ نَعَمْ وَإِنَّكُمْ لَمِنَ الْمُقَرَّبِينَ

    Цо (ФирIавнас) элира: 'ХIаъ‚ баккъалла а, шу хир ду-кх (суна) гергарчарах'

    7:114
  15. قَالُوا يَا مُوسَىٰ إِمَّا أَنْ تُلْقِيَ وَإِمَّا أَنْ نَكُونَ نَحْنُ الْمُلْقِينَ

    Цара элира: 'ХIай Муса! Ахь кхуссу (хьалха)‚ я тхо хир ду кхуссурш (хьалха)?'

    7:115
  16. قَالَ أَلْقُوا ۖ فَلَمَّا أَلْقَوْا سَحَرُوا أَعْيُنَ النَّاسِ وَاسْتَرْهَبُوهُمْ وَجَاءُوا بِسِحْرٍ عَظِيمٍ

    Цо элира: 'Аш кхосса'. Цара кхоьссича, нехан бIаьргашна бозбуунчалла хилира‚ чIогIа кхерийра цара уьш‚ деза доккха бозбуунчалла деара цара'

    7:116
  17. وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنْ أَلْقِ عَصَاكَ ۖ فَإِذَا هِيَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ

    Мусага хаийтира Оха хьайн Iаса кхосса‚ аьлла. ТIаккха цо сихха кхаьллина дIаяхийтира цара сурт хIоттийнарг

    7:117
  18. فَوَقَعَ الْحَقُّ وَبَطَلَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Гучуделира бакъдерг‚ харц хилира цара деш хилларг

    7:118
  19. فَغُلِبُوا هُنَالِكَ وَانْقَلَبُوا صَاغِرِينَ

    Цигахь эшийра уьш‚ сийсазхилла дIахььвзира уьш

    7:119
  20. وَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سَاجِدِينَ

    Бозбуунчаш суждане охьабахийтира

    7:120

Гочдар: Магомед Магомедов