Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш)
-
فَفَرَرْتُ مِنْكُمْ لَمَّا خِفْتُكُمْ فَوَهَبَ لِي رَبِّي حُكْمًا وَجَعَلَنِي مِنَ الْمُرْسَلِينَ
Со дIаведира шух‚ суо шух кхеравеллачул тIаьхьа. ТIаккха делира суна сан Кхиош-кхобучо хьукам‚ Цо хилийтира со элчанех
26:21 -
وَتِلْكَ نِعْمَةٌ تَمُنُّهَا عَلَيَّ أَنْ عَبَّدْتَ بَنِي إِسْرَائِيلَ
ХIара ниIмат ду ахь суна ша тIехдетташ айхьа Исраилан кIентех леш барна” (уьш бацорна)
26:22 -
قَالَ فِرْعَوْنُ وَمَا رَبُّ الْعَالَمِينَ
ФирIавнас элира: “Мила ву Iаламийн да?”
26:23 -
قَالَ رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِنْ كُنْتُمْ مُوقِنِينَ
Цо (Мусас) элира: “Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шинна юккъехь мел долчун а Да ву-кх‚ шу /бакъдолчух/ тешаш хиллехь”
26:24 -
قَالَ لِمَنْ حَوْلَهُ أَلَا تَسْتَمِعُونَ
Цо (ФирIавнас) элира шена гонахь болчаьрга: “Шу ладугIуш дац?”
26:25 -
قَالَ رَبُّكُمْ وَرَبُّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ
Цо (Мусас) элира: “Шун Дела а ву И‚ шун хьалхалерчу дайн а Дела а ву”
26:26 -
قَالَ إِنَّ رَسُولَكُمُ الَّذِي أُرْسِلَ إِلَيْكُمْ لَمَجْنُونٌ
Цо (ФирIавнас) элира: “Баккъалла а, /хIара/ шун элча‚ шуьга ваитина волу‚ жинийх ма ву”
26:27 -
قَالَ رَبُّ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْقِلُونَ
Цо (Мусас) элира: “Малхбален а‚ малхбузен а цу шинна юккъехь долчун а Дела ву Иза‚ шу хиллехь хьекъале”
26:28 -
قَالَ لَئِنِ اتَّخَذْتَ إِلَٰهًا غَيْرِي لَأَجْعَلَنَّكَ مِنَ الْمَسْجُونِينَ
Цо (ФирIавнас) элира: “Ахь со воцург дела лацахь‚ ас хьо набахти чохь болчарах хуьлуьйтур ма ву”. (“Ас хьо набахти чу вуьллур ма ву”)
26:29 -
قَالَ أَوَلَوْ جِئْتُكَ بِشَيْءٍ مُبِينٍ
Цо (Мусас) элира: “Со хьайга цхьана кхаьсташ хIуманца веънехь а‚ э?”
26:30 -
قَالَ فَأْتِ بِهِ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Элира /ФирIавнас/: “Схьало и /айхьа деънарг/, хьуо хиллехь бакълуьйчарах”
26:31 -
فَأَلْقَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ ثُعْبَانٌ مُبِينٌ
ТIаккха цо (Мусас) шен Iаса кхоьссира - цунах къегна лехь хилира
26:32 -
وَنَزَعَ يَدَهُ فَإِذَا هِيَ بَيْضَاءُ لِلنَّاظِرِينَ
Цо арадаьккхира шен куьг /чоьхьара/ - иза шурул кIайн хилира хьоьжучарна
26:33 -
قَالَ لِلْمَلَإِ حَوْلَهُ إِنَّ هَٰذَا لَسَاحِرٌ عَلِيمٌ
Цо (ФирIавнас) элира шен гонахь болчу элашка: “Баккъалла а, хIара говза волу бозбуунча ву
26:34 -
يُرِيدُ أَنْ يُخْرِجَكُمْ مِنْ أَرْضِكُمْ بِسِحْرِهِ فَمَاذَا تَأْمُرُونَ
Лууш ву и шу арадаха шун лаьттара шен бозбуунчаллица - аш хIун омра до?”
26:35 -
قَالُوا أَرْجِهْ وَأَخَاهُ وَابْعَثْ فِي الْمَدَائِنِ حَاشِرِينَ
Цара элира: “Хан ло цунна а‚ цуьнан вешина а‚ бахийта гIаланашка /нах/ гулбийраш
26:36 -
يَأْتُوكَ بِكُلِّ سَحَّارٍ عَلِيمٍ
Хьуна тIе богIийла уьш массо а говза волчу бозбуунчица”
26:37 -
فَجُمِعَ السَّحَرَةُ لِمِيقَاتِ يَوْمٍ مَعْلُومٍ
ТIаккха гулбийра бозбуунчаш билгалчу дийнахь /тоьхначу/ хенахь
26:38 -
وَقِيلَ لِلنَّاسِ هَلْ أَنْتُمْ مُجْتَمِعُونَ
Элира нахе: “Шу гулделлий?
26:39 -
لَعَلَّنَا نَتَّبِعُ السَّحَرَةَ إِنْ كَانُوا هُمُ الْغَالِبِينَ
Вай тIехьадаза мега бозбуунчашна, нагахь уьш хилахь тоьлларш”
26:40
Гочдар: Магомед Магомедов