Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш)
-
وَالَّذِي يُمِيتُنِي ثُمَّ يُحْيِينِ
Цо со волуьйтур ву‚ тIаккха денвийр ву
26:81 -
وَالَّذِي أَطْمَعُ أَنْ يَغْفِرَ لِي خَطِيئَتِي يَوْمَ الدِّينِ
Иза ву суна чIогIа лууш верг Цо сан гIалаташ гечдойла бекхаман дийнахь
26:82 -
رَبِّ هَبْ لِي حُكْمًا وَأَلْحِقْنِي بِالصَّالِحِينَ
Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ ло суна хьекъалалла‚ со кхиаве дикачарах
26:83 -
وَاجْعَلْ لِي لِسَانَ صِدْقٍ فِي الْآخِرِينَ
Хилийталахь со хаза хьехавеш тIаьхьабогчаьргахь
26:84 -
وَاجْعَلْنِي مِنْ وَرَثَةِ جَنَّةِ النَّعِيمِ
Со хилийталахь ниIматийн ялсаманин ирсоьцучарах
26:85 -
وَاغْفِرْ لِأَبِي إِنَّهُ كَانَ مِنَ الضَّالِّينَ
Ахь гечделахь сан дена‚ баккъалла а, иза хили-кх тилабеллачарах
26:86 -
وَلَا تُخْزِنِي يَوْمَ يُبْعَثُونَ
Сийсаза ма велахь со /Хьан таарца/ уьш денбийр болчу дийнахь,
26:87 -
يَوْمَ لَا يَنْفَعُ مَالٌ وَلَا بَنُونَ
Хьоло а‚ кIенташа а пайда бийр боцчу дийнахь
26:88 -
إِلَّا مَنْ أَتَى اللَّهَ بِقَلْبٍ سَلِيمٍ
Ша цIенчу дагца Далла тIе веънарг воцчунна”
26:89 -
وَأُزْلِفَتِ الْجَنَّةُ لِلْمُتَّقِينَ
Ялсамане гергаялира /Делах/ кхоьручарна
26:90 -
وَبُرِّزَتِ الْجَحِيمُ لِلْغَاوِينَ
Жоьжахати гайтира галабаьллачарна
26:91 -
وَقِيلَ لَهُمْ أَيْنَ مَا كُنْتُمْ تَعْبُدُونَ
Элира цаьрга: “Мичахь ю и шу шена Iибадат деш хилларг‚
26:92 -
مِنْ دُونِ اللَّهِ هَلْ يَنْصُرُونَكُمْ أَوْ يَنْتَصِرُونَ
Дела витина‚ шуна гIо дой цара? Я шайна гIо дой цара?”
26:93 -
فَكُبْكِبُوا فِيهَا هُمْ وَالْغَاوُونَ
Яххьашна тIе охьатухур бу цу чохь уьш а‚ галабаьлларш а‚
26:94 -
وَجُنُودُ إِبْلِيسَ أَجْمَعُونَ
Иблисан массо а эскар а
26:95 -
قَالُوا وَهُمْ فِيهَا يَخْتَصِمُونَ
Эр ду цара‚ шаьш цу чохь къуьйсуш болуш:
26:96 -
تَاللَّهِ إِنْ كُنَّا لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
“ТаллахIи‚ тхо ма дара билгалчу тилар чохь‚
26:97 -
إِذْ نُسَوِّيكُمْ بِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Оха шу нисдечу хенахь Iаламийн Деца
26:98 -
وَمَا أَضَلَّنَا إِلَّا الْمُجْرِمُونَ
Тхо тила ма ца дина къинош диначара бен
26:99 -
فَمَا لَنَا مِنْ شَافِعِينَ
Ма вац тхуна шапат дечарах цхьа а,
26:100
Гочдар: Магомед Магомедов