Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш)
-
فَلَمَّا جَاءَ السَّحَرَةُ قَالُوا لِفِرْعَوْنَ أَئِنَّ لَنَا لَأَجْرًا إِنْ كُنَّا نَحْنُ الْغَالِبِينَ
Бозбуунчаш баьхкича‚ цара элира ФирIавне: “Тхуна, баккъалла а, мах хир буй, тхо хилахь тоьлларш?”
26:41 -
قَالَ نَعَمْ وَإِنَّكُمْ إِذًا لَمِنَ الْمُقَرَّبِينَ
Цо (ФирIавнас) элира: “ХIаъ‚ баккъалла а, шу тIаккха /суна/ герга- далийначарах хир ду”
26:42 -
قَالَ لَهُمْ مُوسَىٰ أَلْقُوا مَا أَنْتُمْ مُلْقُونَ
Элира цаьрга Мусас: “Кхисса шаьш кхуьссуш ерг”
26:43 -
فَأَلْقَوْا حِبَالَهُمْ وَعِصِيَّهُمْ وَقَالُوا بِعِزَّةِ فِرْعَوْنَ إِنَّا لَنَحْنُ الْغَالِبُونَ
Цара кхиссира шайн мушаш а‚ Iáсанаш а‚ элира: “ФирIавнан воззалица‚ баккъалла а, вай тоьлур ма ду”
26:44 -
فَأَلْقَىٰ مُوسَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ
ТIаккха кхоьссира Мусас шен Iáса - цо юду (кхоллу) цара мел кхуллург
26:45 -
فَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سَاجِدِينَ
Охьабигира бозбуунчаш, сужуд деш
26:46 -
قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Цара элира: “Оха диллина Iаламийн Кхиош-кхобучуьнга‚
26:47 -
رَبِّ مُوسَىٰ وَهَارُونَ
Мусан а‚ ХIарунан Кхиош-кхобучуьнга”
26:48 -
قَالَ آمَنْتُمْ لَهُ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّهُ لَكَبِيرُكُمُ الَّذِي عَلَّمَكُمُ السِّحْرَ فَلَسَوْفَ تَعْلَمُونَ ۚ لَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ مِنْ خِلَافٍ وَلَأُصَلِّبَنَّكُمْ أَجْمَعِينَ
Цо (ФирIавнас) элира: “Аш дилли ас шайна пурба далале? Баккъалла а, иза (Муса) шун воккханиг ву‚ ша шуна бозбуунчалла Iамийнарг‚ тIаьхьа хуур ду шуна. Ас хаддане а дхадор ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ ас ирх- ухкур ма ду шу дерриге а”
26:49 -
قَالُوا لَا ضَيْرَ ۖ إِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا مُنْقَلِبُونَ
Цара элира: “Зен дац. Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дIадоьрзур ду
26:50 -
إِنَّا نَطْمَعُ أَنْ يَغْفِرَ لَنَا رَبُّنَا خَطَايَانَا أَنْ كُنَّا أَوَّلَ الْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, тхо /чIогIа/ лууш ду тхан Кхиош–кхобучо (Дала) гечдан тхан гIалаташ тхаш хиларна дуьххьашхалгIа ийман диллинарш”
26:51 -
وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنْ أَسْرِ بِعِبَادِي إِنَّكُمْ مُتَّبَعُونَ
Оха Мусага хаам бира вехьеца: “Сан лешца буьйсана аравала‚ аьлла‚ баккъалла а, /ФирIавнан нах/ шуна тIаьхьабовлур болуш ма бу”
26:52 -
فَأَرْسَلَ فِرْعَوْنُ فِي الْمَدَائِنِ حَاشِرِينَ
Бахийтира ФирIавно гIалашкахала гуламчаш
26:53 -
إِنَّ هَٰؤُلَاءِ لَشِرْذِمَةٌ قَلِيلُونَ
/Олуш/: “ХIорш-м (Исраилан кIентий) кIеззиг йолу цхьа ледара тоба яра
26:54 -
وَإِنَّهُمْ لَنَا لَغَائِظُونَ
Баккъалла а, цара вайн дегнаш ма этIо
26:55 -
وَإِنَّا لَجَمِيعٌ حَاذِرُونَ
Баккъалла а, вай дерриге а сема хила дезаш ма ду”
26:56 -
فَأَخْرَجْنَاهُمْ مِنْ جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ
Оха арабехира уьш бошмашкара а‚ шовданашкара а
26:57 -
وَكُنُوزٍ وَمَقَامٍ كَرِيمٍ
Хазнашкара а‚ сийлахьчу меттигера а
26:58 -
كَذَٰلِكَ وَأَوْرَثْنَاهَا بَنِي إِسْرَائِيلَ
Иштта Оха уьш ирсана делира Исраилан кIенташна
26:59 -
فَأَتْبَعُوهُمْ مُشْرِقِينَ
Уьш царна тIаьхьабевлира малх кхеташ
26:60
Гочдар: Магомед Магомедов