Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш)
-
لَا يُؤْمِنُونَ بِهِ حَتَّىٰ يَرَوُا الْعَذَابَ الْأَلِيمَ
Тешар бац уьш цунах шайна лазаме долу Iазап галц
26:201 -
فَيَأْتِيَهُمْ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Иза догIур ду царна цIеххьана‚ шайна хаа ца луш
26:202 -
فَيَقُولُوا هَلْ نَحْنُ مُنْظَرُونَ
Цара тIаккха эр ду: “Вайна цхьа /кIеззиг/ хан ца ло /Iазап ца деш/?”
26:203 -
أَفَبِعَذَابِنَا يَسْتَعْجِلُونَ
Тхан Iазапаца сихло уьш?
26:204 -
أَفَرَأَيْتَ إِنْ مَتَّعْنَاهُمْ سِنِينَ
Хьуна ца гора Оха уьш шерашкахь /дуьненахь/ бāхийтича а…
26:205 -
ثُمَّ جَاءَهُمْ مَا كَانُوا يُوعَدُونَ
ТIаккха деара цаьрга‚ шайца хир ду‚ аьлла‚ ваIда дина хилларг
26:206 -
مَا أَغْنَىٰ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يُمَتَّعُونَ
КIелхьар ца бехира уьш /Делан Iазапах/ царна белла хиллачу бахамо
26:207 -
وَمَا أَهْلَكْنَا مِنْ قَرْيَةٍ إِلَّا لَهَا مُنْذِرُونَ
Оха хIаллак ца йира цхьа а юрт шена кхерамчаш боцуш
26:208 -
ذِكْرَىٰ وَمَا كُنَّا ظَالِمِينَ
/Царна/ дагадайта. Тхо ца хилира зуламхой
26:209 -
وَمَا تَنَزَّلَتْ بِهِ الشَّيَاطِينُ
Ца доьссира цуьнца шайтIанаш (шайтIанаша ца доссина и Къуръан, цхьаболчу керстанаша ма бохху)
26:210 -
وَمَا يَنْبَغِي لَهُمْ وَمَا يَسْتَطِيعُونَ
Тарлуш дац царна (шайтIанашна вехьешца охьадисса)‚ царна ницкъ ца кхочу
26:211 -
إِنَّهُمْ عَنِ السَّمْعِ لَمَعْزُولُونَ
Уьш /шайтIанаш маликашка/ ладогIарах дIасакъастийна ду
26:212 -
فَلَا تَدْعُ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ فَتَكُونَ مِنَ الْمُعَذَّبِينَ
Ма кхайкха Делаца кхин деле - тIаккха хьо хир ву шайна Iазап дийрдолчарах
26:213 -
وَأَنْذِرْ عَشِيرَتَكَ الْأَقْرَبِينَ
Ахь хьехам бе хьуна юххера гергарчаьрга
26:214 -
وَاخْفِضْ جَنَاحَكَ لِمَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
Хьан тIам охьабахийта муъмин нахах хьайна тIехьахIоьттинчарна (кIеда-мерза хила цаьрца)
26:215 -
فَإِنْ عَصَوْكَ فَقُلْ إِنِّي بَرِيءٌ مِمَّا تَعْمَلُونَ
Цара хьуна Iесалла яхь‚ ахь āла: “Со цIена ву-кх аш дечух”
26:216 -
وَتَوَكَّلْ عَلَى الْعَزِيزِ الرَّحِيمِ
Хьо тIетовжа Ша веза волчунна а‚ къинхетаме волчунна а
26:217 -
الَّذِي يَرَاكَ حِينَ تَقُومُ
Шена хьо гуш волчунна хьо ирахIуттучу хенахь
26:218 -
وَتَقَلُّبَكَ فِي السَّاجِدِينَ
Хьан дIасаидар а ду сужуд дечеран юккъехь
26:219 -
إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Баккъалла а, Иза ву-кх хозуш верг а‚ хууш верг а
26:220
Гочдар: Магомед Магомедов