Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш)
-
فَلَمَّا تَرَاءَى الْجَمْعَانِ قَالَ أَصْحَابُ مُوسَىٰ إِنَّا لَمُدْرَكُونَ
Шина тобанна вовший гича‚ Мусан накъосташа элира: “Баккъалла а, /ФирIавнан бIо/ вайна тIаьхьакхуьуш бу”
26:61 -
قَالَ كَلَّا ۖ إِنَّ مَعِيَ رَبِّي سَيَهْدِينِ
Цо (Мусас) элира: “ХIан-хIа! Баккъалла а, соьца сан Кхиош-кхобург ву‚ Цо нисвийр ву со”
26:62 -
فَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنِ اضْرِبْ بِعَصَاكَ الْبَحْرَ ۖ فَانْفَلَقَ فَكَانَ كُلُّ فِرْقٍ كَالطَّوْدِ الْعَظِيمِ
Оха вехьеца хаийтира Мусага хьан Iаса тоха хIордах‚ аьлла. ТIаккха иза бекъабелира‚ хилира хIор дāкъа боккхачу ламанах тера
26:63 -
وَأَزْلَفْنَا ثَمَّ الْآخَرِينَ
Оха гергабалира цига важаш а
26:64 -
وَأَنْجَيْنَا مُوسَىٰ وَمَنْ مَعَهُ أَجْمَعِينَ
Оха кIелхьарваьккхира Муса а‚ цуьнца верг а – берриге а
26:65 -
ثُمَّ أَغْرَقْنَا الْآخَرِينَ
ТIаккъа Оха /хIорда/ бухабахийтира важа берш
26:66 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царах дукхахберш ийман диллина
26:67 -
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву веза верг а‚ къинхетаме верг а
26:68 -
وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ إِبْرَاهِيمَ
Дийца царна ИбрахIиман хабар
26:69 -
إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ مَا تَعْبُدُونَ
Цо ма аьллера шен дега а‚ шен къоме: “Стенна Iибадат деш ду шу?”
26:70 -
قَالُوا نَعْبُدُ أَصْنَامًا فَنَظَلُّ لَهَا عَاكِفِينَ
Цара элира: “Тхо Iибадат деш ду тхан жаршна (цIушна). Тхо лаьтта царна суждане дахна”
26:71 -
قَالَ هَلْ يَسْمَعُونَكُمْ إِذْ تَدْعُونَ
Цо элира: “Царна шу хозий аш кхойкхуш?
26:72 -
أَوْ يَنْفَعُونَكُمْ أَوْ يَضُرُّونَ
Я шуна пайда беш буй цара‚ я зен деш дуй?”
26:73 -
قَالُوا بَلْ وَجَدْنَا آبَاءَنَا كَذَٰلِكَ يَفْعَلُونَ
Цара элира: “Делахь а, тхуна карийра тхан дай иштта /гIуллакх/ деш”
26:74 -
قَالَ أَفَرَأَيْتُمْ مَا كُنْتُمْ تَعْبُدُونَ
Цо элира: “Шуна ца го‚ шу стенна Iибадат деш хилла‚
26:75 -
أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمُ الْأَقْدَمُونَ
Шу а шун шира дай а?
26:76 -
فَإِنَّهُمْ عَدُوٌّ لِي إِلَّا رَبَّ الْعَالَمِينَ
ТIаккха уьш мостагIий бу-кх суна‚ Iаламийн Да воцург
26:77 -
الَّذِي خَلَقَنِي فَهُوَ يَهْدِينِ
Ша со кхоьллина волу‚ Цо нисвийр ву со
26:78 -
وَالَّذِي هُوَ يُطْعِمُنِي وَيَسْقِينِ
Иза ву суна даа а‚ мала а луш верг
26:79 -
وَإِذَا مَرِضْتُ فَهُوَ يَشْفِينِ
Со цомгаш хилча‚ Цо со таво
26:80
Гочдар: Магомед Магомедов