Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш)

  1. هَلْ أُنَبِّئُكُمْ عَلَىٰ مَنْ تَنَزَّلُ الشَّيَاطِينُ

    Ас дуьйций шуна /хIай Маккан керстанаш/‚ шена тIе шайтIанаш дуссучух?

    26:221
  2. تَنَزَّلُ عَلَىٰ كُلِّ أَفَّاكٍ أَثِيمٍ

    Уьш дуьссу хIор харцлуьчунна а‚ къинош дечунна а тIе

    26:222
  3. يُلْقُونَ السَّمْعَ وَأَكْثَرُهُمْ كَاذِبُونَ

    Цара /шайтIанаша маликашкара къайленаш/ хазар бозбуунчашка кхуьссу‚ царах дукхах берш харцлуьйш бу

    26:223
  4. وَالشُّعَرَاءُ يَتَّبِعُهُمُ الْغَاوُونَ

    Назманчаш - царна тIаьхьахIуьтту тилабелларш

    26:224
  5. أَلَمْ تَرَ أَنَّهُمْ فِي كُلِّ وَادٍ يَهِيمُونَ

    Хьуна ца го уьш массо а буьйрахь дIасауьйдуш?

    26:225
  6. وَأَنَّهُمْ يَقُولُونَ مَا لَا يَفْعَلُونَ

    Цара дуьйцу шаьш ца дийриг

    26:226
  7. إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَذَكَرُوا اللَّهَ كَثِيرًا وَانْتَصَرُوا مِنْ بَعْدِ مَا ظُلِمُوا ۗ وَسَيَعْلَمُ الَّذِينَ ظَلَمُوا أَيَّ مُنْقَلَبٍ يَنْقَلِبُونَ

    Ийман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш‚ дуккха Дела хьехийнарш боцурш - царна гIо хилира шайна зулам динчул тIаьхьа. ТIаьхьа хуур ду зулам диначарна‚ муьлхачу хьовзарна шаьш тIехьовзур ду

    26:227

Гочдар: Магомед Магомедов